ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайлахь бераш а долуш, 40 сов стаг ваьгна автобусчохь Болгарехь


Бохам хилла меттиг
Бохам хилла меттиг

Болгарин малхбузехь мел кIезиг а 46 стаг велла пассажираш дIасалело автобус а яьгна. Беллачарлахь бераш а ду. Вагийна ворхI стаг дарбан цIийне охьавиллина. Некъан бохам хилла меттигерчу хенаца яхначу буса ши сахьт долучу заманчохь Боснек эвлана уллорчу некъа тIехь. Болчу хаамашца, некъан кертах а кхетта, цул тIаьхьа цIеяьлла автобусах.

Къилбаседан Македонин номерш хилла автобусан. Оцу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Османи Буяра хаамбина, мукъаденошна Туркойчу бахана хилла нах Скопье гIала юхабогIуш хиллера автобусахь. Стамбулех лелла хиллера туристаш.

Некъан хьовзам хиллачу меттиге вахначу Болгарин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Рашков Бойкос дийцина, пассажирийн декъий "даьгна" аьлла.

Хиллачу бохамна тIехула Къилбаседа Македонин премьер-министр Заев Зоран Болгарин Iедалшца зIенехь ву, яздо Би-би-си-но.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG