ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн биткоинех лаьцна дийцар тIедожийна Кадыровс нохчийн хьаькамашна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Курхаллина дуьхьало лелоран таханлерчу низамна хийцамаш а деш, республикан парламенто тIеэцначу низамна кIел куьйг яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Республикера пачхьалкхан а, муниципалан а белхахой хIинца дийца декхаре бу, муьлхачу ахчанех оьцу биткоинаш а, кхиндолу криптовалюта а.

ТIеэцначу низамо № 36-P3 "Нохчийн Республикехь курхалла лелорна дуьхьало" олучу низаман 8.1-чу артиклан, 4-гIа дакъа шордо. ТIейогIучу хенара декларацешкахь нохчийн хьаькамийн дийца дезар ду "латан дакъа, хIусам, транспорт, мехала кехаташ, терахьийн финансийн активаш, терахьийн валюта а оьцуш кховдийна ахчан даьлла меттиг".

2022-чу шеран Охан-баттахь иштта тIетохар дира "Курхаллина духьало латтор" федералан низамна.

  • Хьалхо хаам бора, гIалгIайн бусулбачу нехан хьукмато дихкина бусулбачу наханна криптовалюта лело.
  • Криптовалюта даккхарх майнинг олу. Цуьнан арахецар цхьамма а лардеш ца хиларна, биткоинаш а, кхинйолу криптовалюта а яккха аьтто бу муьлхачунна а. Майнерша шайн гIирсийн чIагIаллех пайда эца аьтто ло транзакцийн машанийн болх латторхьама, цунна дуьхьала ял кхочу царна криптовалютехь. Цара доккхачу декъанна дойу ахча – иза беза гIирс эцар а, тоьках ахча дIадалар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG