ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн кIентий тIаме хьийсорна дуьхьал болчу нанойн митинг кечъяр харцдо Нохчийчохь


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалахь хила езаш йолу митинг "Европехь бехачу вон болх хила луучу нехан информацин чукхоссар" ду аьлла Нохчийчуьрчу Iедало. Цунах лаьцна дIахьедина къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министро Дудаев Ахьмада.

Де хьалха нохчийн мессенджерашкахь наношка кхайкхам баржийра, меттигера бахархой Украине хьийсорна дуьхьал гезгмашин-беттан 21-хь "Сердце Чечни" маьждигна хьалха митинге арабовлар доьхуш. Масех оппозицин каналашкахь хаам баьржира, митинг хенал хьалха йолийна бохуш, амма и информаци харц хиллера.

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран зерашца, 10:00 даьлча хьехийна йолу митинг ца хилира, маьждигна хьалха йолу майда керт а хIоттийна доза тоьхна яра. 1ADAT оппозицин телеграм-канало бахарехь, Соьлжа-ГIалин центре ницкъахой баьхкинера автозакаца, иштта меттигерчу УМВД-н куьйгалхо а. Майданехь оцу хенахь 50 адам дара, амма и нах митинге баьхкина бацара.

ТIаьхьо оцу каналехь хаамаш даржийра, официалехь митинг йолаялале, 9:30 даьлча дIагулбелла зударий дIалецарх лаьцна. ХIинца уьш, дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу мэрехь латтош бу, цаьрца ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан журналисташ а бу. ДIалецначийн терахь хууш дац.

Гурахь йолчу "коьртачу а, резерверчу а арме кхайкхаран комиссин дакъойн" мобилизацин омрана Кадыровн администрацино куьйг яздича, Нохчийчохь жигара даржадо шайн бераш тIаме ма хьийсаде боху кхайкхамаш. Масала, иштта хаам арахийцира "Другой Кавказ" телеграмерчу каналехь. Вевзаш воцчу авторо Кадыров Рамзанан нене Кадырова Айманига кхайкхамбо, куьйгалхочух "лараме воккхахволу ваша, дог-майра стаг" а олуш.

"Рамзан Ахматович, тхан лераме куьйгалхо, тхан кIентий, вежарий, бераш цIахь дитар дехар ду хьоьга. Царах дукхахберш лазийна, дуккха а байъина оцу тIамехь… Вайн къоман нана Аймани, ахьа хьайн кIентана ойла йича, хьо кхетар ю тхоьх. Доьху хьоьга, ма бигийтахь тхан божарий Украине. Ма хала ду тхуна", - боху хаамехь. Иза баккъала хилар билгалдаккха аьтто бац.

  • Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хаамбира, пачхьалкхехь дIакхайкхийна юьззина йоцу мобилизаци хилар. Цунах лаьцна омрана куьйг яздина ду, элира президента Оьрсийчоьнан бахархошка гезгмашин-беттан 21-чу Iуьйранна бинчу кхайкхамехь. ТIеман декхарш кхочушдинарш а, запасера бахархой и нислур бу омрана кIел. ДIахьийсорал хьалха кхин а кечамех чекхбевр бу уьш.
  • Проектаца а догIуш, мобилизацин кампани йолалур ю гIадужу-беттан 1-чохь, дIаяхлур йолуш ю шо чекхдаллалц. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIедуьллур ду, къехкашберш гучу а бохуш, тIеман коммисариаташка уьш дIакхачон. Оцу гIуллакхна "ресурсаш кечъе" аьлла, кхаьчначу рекомедацех лаьцна хаамбина урхаллин структурашкарчу Кавказ.Реалиин хьасташа.
  • Кадыров Рамзана дIахьедира, оьрсийн регионашкарчу куьйгалхоша "самомобилизаци" кхайкхо еза, Украинерчу тIаме лаамхой а кечбеш, Кремлехь тIеман хьал хIоттолац ца Iаш. Нохйчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, хIора регионо цхьа эзар стаг мукъане кечвича - "лерринчу операцин Iалашонаш кхочушъяран хаттар уггар йоццачу хеначохь дерзо йиш хир яра".
  • Бакъоларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаре бо заьIап нах, хан тоьхнарш а. ТIаме нуьцкъаха хьийсабо аьлла духхьара хаамбинчех бара 1ADAT болам: цуьнан векалша бахарехь, Нохчийчохь кегийрхой лечкъабо, харц бехктакхаман гIуллакхашца кхерамаш а туьйсуш, Украине баха декхаре бо, йа даккхийра ахчанаш доьху маьршаваккхарна дуьхьал.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG