ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайна вевзачунна мотт ца тохарна гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу шина вахархочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Зулам дарх лаьцна хаам ца барна Нохчийчуьрчу кхело меттигерчу шина вахархочунна Тутаев Iусманна а, Амаев Мохьмадна а гIудаш йиттина – низамехь йоцуш герзаца йолчу вовшахтохаралле шаьш кхойкхуш кхаьчначу хаамах лаьцна низамхошка цара ца дийцарна.

Теркйистерчу кIоштан кхелан сацамца а догIуш, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Амаев, Тутаев шайна вевзаш хиллачу кхаа стагаца цхьанакхетта хилла. "Низам лардаран хьукматашна дуьхьало йан Iалашонца" низамехь йоцуш герзаца йолу вовшахтохар кхолла лаам хиларх лаьцна дийцина царах цхьамма, гулбелларш цига йукъа кхайкхина хилла боху цо. Низамехь йоцу вовшахтохаралла кхолларна бохучу артиклаца бехктакхаман гIуллакх долийна цунна дуьхьал.

Талламан версица, Амаевс, Тутаевс "накъосталлин маьIна харц кхетарна", шайна вевзачунна мотт ца тоьхна низам ларадаран органашка.

Мотт ца тохарх лаьцна йолчу артиклехула 100 эзар соьме кхачалц хан тоха йиш йу, йа шаре къачалц чуволла. Шайн бехк хиларан тоьшаллаш ца лоьхуш, къаьсттинчу кепехь кхел дIайахьарца ходатайство чуйелла бехкевечу шина стага. Амаевна, Тутаевна кхело уггар кIеда таIзаран барамца сацам бина, 20 а, 25 а эзар соьманна гIудаш тухуш.

  • Гуьмсан гIалин кхело бехке лаьрра меттигера вахархо Тасуев Сулим, зуламах лаьцна хаам ца барна – мессенджерашкахула шен доттагIчуьнца дечу къамелехь цунна, дийцарехь, хиина иза Афганистане ваха ойла йолуш хилар, террорхойн тобанехь дакъа лаца Iалашонца. Кхело 25 эзар сом гIуда тоьхна цунна.
  • 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалин вахархо бехкевина кечдечу терроризмана йукъадогIу зуламах лаьцна мотт ца тохарна. Заводскойн кIоштан кхело билгалдаьккхина, 2017-чу шарахь цунна бевзачу наха дийцина цуьнга, шаьш Шема даха новкъа довлуш хиларх лаьцна, "оцу пачхьалкхан Iедалан эскарна дуьхьала" лаьттачу НВФ-хь дакъа лаца дагахь, гIалара вахархочо цйунах лаьцна хаама полисхошка дIа ца кхачийна.
  • Нохчийчуьрчу Гуьмсан гIалин кхело зуламах лаьцна мотт ца тохарна бехкевина меттигера вахархо Капланов Нурсаит. Нохчийчоьнан вахархочо низам лардаран органашка ца хаийтина Шемарчу тIеман конфликтехь шена вевзаш волчу стага Оьрсийчохь магийна боцу даIишхойн агIонехь дакъа лаьцна хиларх. 20 эзар г1уда тоьхна цунна.
  • Охан-беттан 18-хь Дагестанера Таймазханова Амнат бехкейира, шен вевза стаг даIишхойн декъехь хиларна мотт ца тохарна. Кхелан сацамца а догIуш, шена вевза стаг тIемалойн куьйгкIелахь долчу латтанаш тIехь царна кхача кечбеш гIо латтош хиларх лаьцна цо ца дийцина низам лардаран органашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG