ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн ярташкара дIабахначу божарийн тептарш хIиттадо Нохчийчохь


"Нохчийчоьнан дог" маьждиг, Соьлжа-ГIала
"Нохчийчоьнан дог" маьждиг, Соьлжа-ГIала

Шайн ярташкара дIабахначу нехан тептарш кхуллуш ду Нохчийн республикехь. Иштта тIедиллар деш аудиохаам меттигерчу мессенджерашкахь дIасакхуьйсуш бу.

Юкъараллин "Вайфонд" ассоциацина хетарехь, аудиохаам дуьххьара юьртдайн чаташкахь баржийнера. Цуьнан авторо шен цIе ца йоккху. Дозанал, пачхьалкхал арахьа болчу бахархойх юьззина информаци схьакхачор тIедожадо цо юьртдайшна. Церан долара хаамаш хила беза тептарехь базбина. Бауди цIе йолчу стаге дIакхехьийта деза тептарш, бахарехь. Цуьнан дарж дуьйцуш дац.

Оцу хааман бакъхиларх цхьа а комментари ца йина Нохчийчуьрчу Iедало.

  • Гезгмашин-беттан 22-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "лерринчу тIеман операцин" оперативан штабаца хиллачу кхеташонехь республикехь мобилизаци хир яц, алла дIахьедира. Украинехь тIом боьдучу юкъанна республико "тIех сов кхочушйина" шен план, аьлла кхетийна цо. Цунах лаьцна репортаж меттигерчу телехьожийлехь арахийцира. Масех де даьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Вахидов Iилмана дIахьедина, Нохчийчохь мобилизаци юхаяьккхина боху хаамаш баржийнарг "Оьрсийчоьнан а, йа махкара вайн зорбанан гIирсаш бацара", "оппозицигахьа бирзина гIирсаш а, телеграм-каналаш а яра" аьлла.
  • Мобилизацих къехкаш берш лоьху Нохчийчохь: оцу категори юкъахь бу, дукха хан йоццуш арахьарчу мехкашкахь лела паспорт даккха кехаташ чуделларш а, шаьш бехачу меттиган адрес хийца гIертарш а, иштта мобилизацина дуьхьалболчийн гергарнаш а. Уггар хьалха дIахьийсабо и бахархой – дукха хьолахь буьйцурш бу тIекхайкха хан йоцу нах.
  • Хьалх-Мартанерчу кIоштан дарбан цIийнерчу лакхарчу лоьре гуш-хезаш шена бехк ца биллар дехийтина гIадужу-беттан 5-гIа де тIекхачалц тIеман билеташ схьа ца деанчу лоьрашна Украинерчу тIаме мобилизаци йийр ю, аьлла аудио арахецарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG