ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критикаш "шайтIанийн парти" ю аьлла Нохчийчуьрчу зорбанан министро


Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

Инстаграмерчу шен аккаунтехь видео зорбане яьккхина Нохчийчуьрчу зорбанан министро Дудаев Ахьмада, "провокаторшка", буьйцурш бу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан режимна критика еш болу нах.

Дудаевс бахарехь, Кадыровн критикаш Iоттар ян, тIехтоха гIерта "Ахьмадан некъа тIехь болчу накъосташна": "Рамзана дIавада аьлча дIавадар, схьавада аьлча - схьавадар бен кхин шун карахь хIуммаъ дац, боху. Цхьанхьа Рамзанна тIера нех йа мачи тIера хат боккхуш гахь а, шина-кхаа стага Iиттарш йо. Цо дIавада аьлча дIавадар-м стенна дуьйцура, цо дIадовда эр дац-те бохуш, са а туьйсуш лаьтташ ду тхо, цо тIедиллина муьлхха а декхар кхочушдархьама. Иштта ю хIораннан а позици. ТIера нех яккхар а, мачаш тIера хат дIабаккхар а стенна дуьйцура, Рамзан-Хьаьжа гихь лело а эхь хетар долуш дац тхо. ХIунда аьлча, Кадыров - бакъволу нохчо ву бийца орам а болуш, къоман дуьхьа вецаш волу. Цундела тхуна иза дозалла хета. Амма шуна ца хаьа нохчо лара".

Цул совнах, Дудаевс Кадыровн оппоненташ "Делан мостагIий" бу, "нохчи бац", "къонахий бац", "шайтIанийн парти ю" аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо бекхам бийр бу "бага оьзда йоцчу" наха мел дуьйцучунна бохуш, кхерамаш тийсира праламентехь хIоттийначу кхеташонехь. Инстаграмерчу шен агIонехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада зорбане яьккхинчу видео тIехь Кадыровс чIагIонаш йо, шен критикийн йисина хан "кIезиг ю" бохуш.

"Делаца дуй боу ас, хьаштдоцург дуьйцучийн, хIара дуьне духур делахь а, церан кIезиг хан йисина, царна тIе тхо кхочур ду", - боху регионан урхалхочо.

ТIаьххьарчу шина дийнахь Нохчийчуьра дIавахначу пхеа оппозиционеро дIахьедира, даймахкахь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх. Ву царлахь - Швецехь вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон исс гергара стаг (цхьаберш тIаьхьо дIахийцира, амма лачкъийна Тумсон стуннана а, стунйиша а). Германехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан цIийнах болу нах а бигина, билггал хууш дац маса стаг вигина, Европехь болх бечу бакъонашларъяран "Вайфондан" куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергара кхо стаг, Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ворхI герагара стаг, Германи дIавахначу Ичкерин адамийн бакъонийн Центран куьйгалхочун Арцуев Асланан цIийнах виъ стаг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG