ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскарехь волчу шайн накъостана къиза йиттина Дагестанерчу бахархоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Армин казармехь къизаллица Дагестанерчу вахархочунна етташ, видео яржийна телеграм-каналаша. Дийцарехь, эскаран гIуллакх дечунна тIелеттарш бу цуьнан махкахой. Цкъачунна хууш дац, билггал муьлхачу Оьрсийчоьнан декъехь хилла ю инцидент. Видео тIехь дерг толлуш бу бакъоларъяран органаш, чIагIдо Mash ресурсо. Информаци бух болуш хиларх дина тоьшаллаш дац.

Билггал мича бахьанашца иккхина казармехь конфликт цкъачунна дуьйцуш дац ишта. Видео тIехь долчу суьртаца, салташа 20 эзар сом а, телефон йоьху юкъаверзийначуьнгара.

Mash гIирсо иштта яздо, йиттина эскархо армехь магийна йоцучу препаратех пайдаоьцуш хилла, накъосташа иза кхетош болх хилла дIахьошберг бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG