Кху деношкахь, сан накъостан кхиина вогIучу кIанта хаьттира соьга, Шейх Мансурах лаьцна интернетехь дешнера ша, иза вуно сий долуш турпалхо хилла нохчийн къомах схьаваьлла волу, амма Нохчийчохь хьахош а ма вац иза аьлла? ХIун эр дара ас цуьнга?..
Шейх Мансур воцург тахана нохчашна Iамочу историн агIонашна тIехь хьахош боцуш а, хьахийча мостагIий санна буьйцуш а дуккха а бу нохчийн турпалхой.
И кхачамбацар дIадаккха дагахь, йолайо оха нохчийн историн агIонаш толлуш а, нохчийн цIе йокхуш хиллачу нехан кхолламех лаьцна дуьйцуш а йолу хIара проект.
Историн Iилманчо Вачагаев Майрбека тахана дуьйцур ду Шейх Мансуран кхолламах лаьцна.