Нохчийчуьра дукхахболу дукхахболу мурдаш Накъшбандин я Къадирин тIарикъатехь бу. Накъшбандин тIарикъат Нохчийчу деана 1830-чу шерашкахь. И Нохчийчохь даржо волавелларг лору шайх Ташу-хьаьжа. Ткъа Къадирин (зикр ден) болам Нохчийчохь 19-чу бIешерашкахь баржо волавелира Кишин Кунта-хьажа.
Нохчийн шайхаш
Маршо Радионо шун тидаме дохку Нохчийчохь тIарикъаташ даржийнчу устазийн сурташ. Цу вирдийн мурдаш бу тахана Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Гуьржийчохь а.

1
Нохчийн шайхаш 19-чу а, 20-чу а бIешерашкахь

2
Дийцарехь, хIара гоьваьллачу нохчийн эвлияан Кишин Кунта-Хьаьжин сурт ду (цIера Илсхан-юьртара).

3
Митаев Бамат-Гира-хьаьжа, Эвтарара къадирин тIарикъатан устаз.

4
Шайх Iела, Митаев Бамат-Гира-хьаьжин воI. 1925-чу шарахь болшвекаш цунна тоьпаш туьйхира Ростоверчу набахтехь.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832