ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеконаш бахьанехь Даймахкахь гIело йина нохчо Оьрсийчу дIавала тарло Эрмалойчоьно


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Эрмалойчуьра кхело луьстур ду Оьрсийчу дIавала кечвинчу нохчочун Мукаев Салманан гIуллакх - 2021-чу шеран дечкен-баттахь ницкъахоша гIело йира цунна, боьршачу нахаца уьйрашкахь хилла аьлла, шеконе лаьцна. Даймахкахь цунна гIаттийна бехктакхаман гIуллакх ду, бакъонза хIусамехь герз латторна - Мукаевна долийна гIуллакх низамца ца догIуш хета бакъонашларйархошна.

"СК SOS"кризисан-тобанан векало Мирошникова Александрас Кавказ. Реалии корреспондентана дийцира, Мукаев шина шарахь кризисан хIусамехь Iаш хиларах, амма Орсийчоьно лехамашка велла хиларна, Эрмалойчуьра Iедало Европе ваха ца магадо цунна. Цигахь нохчочунна политикин мухIажаралла дала реза бу.

"Нагахь кхело экстрадици йеш, сацам бахь, тхо кийча ду Европерчу адамийн бакъонийн кхелехь царна латкъам бан",- тIетуьйхира бакъонашларйархочо. Цхьаьнакхетараллехь болучара билгалдаьккхира, Мукаевна дохку бехкаш харц хилар, иза ЛГБТ-нахаца цхьа а уьйр йолуш вац.

2020-чу шарахь нохчийн низамхоша дIалецира Мукаев Салман. Цара цуьнан бехк леринарг гомосексуализм йара. ДIалаьцначу цунна ток йиттира, таIзарш дира, пакетаца садукъдеш, гIело йира. Iазапе лаьцначу жимачу стага ша цалелийнарш шена тIелецира, ша стагаца уьйр йолуш вара элира. Ницкъахоша шайна болх бан беза ахьа аьлла, хьовзийра иза. Кхечаьрца гергарло дIа а тосуш, шайна уьш лерринчу хIусаме дIабалош. Сацийна латточунна бехктакхаман гIуллакх долорца кхерамаш тийсира. Цуьнга цIеначу кехаташ тIехь куьг йаздайтира.

  • Шена йеттаран ларраш тоьшаллина кечйан аьтто белира цуьнан: цIаза пIелгаш тIехь чкъор дацара, коьртан кIеда чкъор, туьта йолчу агIора дестар долуш, лазийна дара. Цул тIаьхьа Талламийн комитете дIахьедар дира цо, амма, "Новая Газето" дийцарехь, цу арзан хьокъехь гIуллакх ца долийра.
  • 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Оьрсийчу дIаваларан кхерам тIехIоьттира Мукаев Салманна. Иза Эрмалойчухула Европе дIаваха вуьйлира. Амма дозанхоша Мукаев сацийра - ницкъахоша дIахьедар дира, бакъонза герз хIусамехь латторна иза федералан лехаршкахь хиларах. Эрмалойчоь Мукаев Салманна тхов-кIело йала дагахь, цуьнан гIуллакх толлуш йара.
  • Охан-баттахь Оьрсийчуьра цхьа могIа бакъонашларйархойн цхьаьнакхетараллаша Вовшахтоьхначу къаьмнийн цхьанакхетаралле дIахьедар дира, Къилбаседа Кавзазехь адамийн бакъонашна гIело йаран хьокъехь. Документ шен-шен муьрехь зераш даран гурашкахь чуделла ду. Рапортан автораш Оьрсийчуьра "Правовая инициатива", адамийн бакъонаш ларйаран центр "Мемориал", "CК SOS" тоба йара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG