ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха дагахь хиларна набахте хьажийна Нохчийчуьрчу кхело ши вахархо


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Гуьмса кIоштара шина вахархочунна кхел йина, Шема а вахна, бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхойх дIакхета Iалашо хилла аьлла, бехкевина. Мутаев Исламна а, Альбеков Тамерланна а ши шой, бархI буттий хенаш кхайкхийна шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха, цхьа шо набахтехь а доккхуьйтуш.

Бехктакхаман гIуллакхан материалашкахь ма-хиллара (Кавказ.Реалиин редакцехь кехаташ долуш ду), царах доьзна доцчу бахьанашца ваханза виссира Нохчийчуьра ши вахархо Шема.

Кхелехь Альбеков а, Мутаев а шайна бехкана къера хилира, амма мукIарло дан дуьхьал хилира, шайна а, шайн гергарчарна а дуьхьал тоьшаллаш ца дан бакъо лучу Оьрсийчоьнан Конституцин номер 51 йолчу Iедалан къепенна тIетевжина. 2021-чу шеран Зазадокху-баттахь дуьйна лаьцна вара и шиъ.

Дина таIзар бакъоне даьлла.

  • 25 шо долу Волгоградера яхархо бехкейира Ростов гIаларчу Къилбан тIеман кхело Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" террорхойн организацехь дакъалацарна, юкъарчу хьелашкахь йолчу колонихь даккха диъ шо хан тоьхна цунна.
  • Дагестанан Лакхарчу кхело хийцаза бийтира ХIинжа-ГIаларчу Кировн кIошто Исаев Арсеналин хьокъехь бина сацам, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанехь дакъалацарна иза бехкехилар тIе а чIагIдеш. ТаIзар кхайкхийра цунна кхозлагIа хIоттийначу кхелан кхеташонехь, ша Исаевс тIе ца дуьту дохку бехкаш, дIахьедо, ницкъахоша бертаза тIелацийтина шега бохуш.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга 1азапца дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG