ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха гIоьртинчу дагестанхочунна 7 шо хан тоьхна


Ростов-ГIалара тIеман кхел
Ростов-ГIалара тIеман кхел

2015-чу шарахь Шемахь йолчу террорхойн организацех дIакхета гIоьртинчу Дагестанерчу вахархочунна Ибрагимов Зурабана тIехь битина бехк Ростов-ГIаларчу тIеман кхело. Шогачу рожехь йолчу колонехь даккха ворхI шо хан тоьхна цунна.

Кхело тIечIагIдина, 2015-чу шеран Охан-баттахь Оьрсийчуьра Стамбуле а вахна, цигара дIа туркойн-шемахойн доза цо хадийна хилар, Туркойчоьнан бакъоларъяран органаша циггахь лаьцна в ву иза. Цул тIаьхьа Кишиневе араваьккхира иза, ткъа Молдован Iедалша оццу шеран Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчу экстрадици йира цунна, хаамбо "Интерфаксо".

Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан кхаа артиклехь бехкаш дехкина Ибрагимовна - "Террорхойн организацехь дакъалацар", "Бакъойоцучу герзашца вовшахтоьхначу тобанах дIакхета гIортар", "Терроран тохарш дан Iамар".

  • Ростов-ГIаларчу Къилбан гонан тIеман кхело кололнехь даккха 11 шо кхайкхийра 27 шо долчу Магомедов Батырна, хьалхара кхо шой, ахшой набахтехь а доккхуш, хаамбира кхелан пресс-гIуллакххоша.
  • Апелляцин тIеман кхело хийцам боцуш битина Дагестанерчу вахархочунна Абдуллагаджиев Мурадан хькокъехь бина сацам. Хьалхо 11 шо хан туьйхира цунна, Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна байIат дарна. ТаIзар тIех луьра хеттачу адвокаташа доьхура, иза малдар, хIетте а хьалхарчу инстанцин кхело бина сацам ма-барра битира.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG