ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь лоьран болх бина Кхарачой-Чергазийчуьра зуда жоьпе озийна


Шемахь йолу Кхарачой-Чергазийчуьра 30 шо долу яхархо шеконе эцна, террорхойн тобанехь хилла ю аьлла. Бехкзуламан гIуллакх айдина цунна дуьхьал, хаам бина махкарчу талламан комитетан урхаллан декъо.

Талламчийн версица, 2016-чу шарахь Марсхьокху-беттан 12-чохь Туркойчу дIаяхна шеконейиллинарг, цигара дIа Шема кхаьчна иза. Раккъерчу лазартнехь лоьран болх беш хилла цо, оцу юкъанна "экстремистийн идеологина реза а йолуш".

Оцу заманчохь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша Раккъа "халифатан" шахьар ю аьлла, дIакхайкхийнера. 2017-чу шеран ГIадужу-баттахь маьршаяьккхира гIала.

  • Мангал-беттан юьххьехь Дагестанехь бехктакхаман гIуллакх дуьхьал даьккхира 23 шо долчу Дербентан кIоштарчу вахархочунна. Террорхойн тобанех дIакхета лаам болуш хиларна а, терроризмна ахча латтарона а бехкевора иза.
  • ГIуран-баттахь ГIебарта-Балкхаройчохь бехкзуламан гIуллакх долийра терроризмна бехкевечу меттигерчу шина вахархочунна дуьхьал. Бакъоларъяран органаша хаам барехь, даIишах дIакхета Iалашонца Шема дIабахана хиллера уьш, кхин юха а ца баьхкира.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG