ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь, хIаваан тохарш а дина, чевнаш йина Шишани Муслиман зудчунна а, берашна а


Шема - Шишани Муслим (Маргошвили Мурад)
Шема - Шишани Муслим (Маргошвили Мурад)

Шемахь ракеташ тоьхча чевнаш йина меттигерчу тIеман командиран Шишани Муслиман (Маргошвили Мурад) зудчунна а, берашна а, хаам бо Кавказ.Реалино, Твиттерерчу Идлиб провинцин ингалсан маттарчу официалан аккаунтана тIе а тевжаш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаменто террорхойн тептаре язвина волу Шишани эшам ца хуьлуш висна.

ТIечIагIбина боцчу хаамашца, авиатохар динарг ю Оьрсийчоьнан тIеман авиаци. Ракеташ тоьхна Идлибана малхбузехьа йолу Йакубия эвлан адамаш дехачу урамашка. Шишани хьалханча волу "Джунуд аш-Шам" тIемалойн тоба йихкина ю Оьрсийчохь.

Болчу хаамца, хIаваан тIелатарехь кхелхина Шишанин гIаролхо а, цуьнан кIант а, ткъа иштта чевнаш хилла бу цуьнан лулахой а.

  • Шишани Муслим (Маргошвили Мурад) Паьнказара нохчо ву, дакъалаьцна цо Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь. Шемахь нохчийн тIемалойн "Джунуд аш-Шам" тобан (катибан – ред.) коьрте хIоьттира иза 2013-чу шарахь. ХIинццалц реза ца хилла цхьана а китабийн дакъаваха.
  • 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа террористийн тептара язвина Маргошвили, дуьхьал санкцеш а йохуш.
  • 2018-чу шарахь Туркойчуьрчу прессо хаам баржийра, Шишани Муслим шен тобанца цхьаьна Шемарчу курдойшна дуьхьал тIем беш ву Афринехь туркойн эскаршца цхьаьна, аьлла. Амма Шишанис иза бакъ ца дира, шен Шемахь "кхин еза проблемаш ю, туркойн, курдойн къовсамна юкъа ца гIиртича а" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG