ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу гIалана 2019-чу шарахь бомбанаш тохар талла омра дина Американ тIеман министро


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министр Остин Ллойд
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министр Остин Ллойд

Аль-Багхуз Фавкани гIалана хIаваан тохарш дича вийра 60 сов маьрша вахархо

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министро Остин Ллойда таллам бар тIедожийна 2019-чу шарахь Зазадоккху-беттан 18-хь, 60 сов маьрша вахархо а вуьйш, Шемачу Аль-Багхуз Фавкани гIалана авиатохарш дар. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Инцидент хилира Американ Цхьаьнатохна Штаташ а, Шеман демократин ницкъаш а Шемахь "Исламан пачхьалкх" эшо гIерташ тIом беш а йолуш.

Талламан бар тIедожийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн ГIаш эскарийн буьйранчаллан куьйгалхочунна армин иналина Гарретт Майклна, хаам бина шен брифингехь Пентагонан зорбан секретара Кирби Джона. Гаррета толлур ду оцу хиллачух лаьцна хьалха таллам беш вовшахтоьхна кехаташ, ткъа иштта дIахьура бу шен таллам а.

Инарлана тIедожийна шен жамIаш министре дIадала 90 де далале, хаам бина Кирбис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG