ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу Идлибехь дIалаьцна нохчийн эмиран штаб-квартира


Маргошвили Мурад (Муслим Шишани)

Оьрсийчохь йихкинчу, Идлибехь (Алеппо) жигара лелачу "Хьайат Тахьрир аш-Шам" герзашца лелачу тобанан декъашхоша дIалаьцна нохчийн баьччан Шишани Муслиман (Американ Пачхьалкхан департаменто террорхойн тептаре ваьккхина иза, Интерполон лехамийн базехь а ву Маргошвили Мурад). Мангал-бутт бовш "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тобанан лидерша ультиматум хIоттийнера нохчийн командирна, шайх схьакхета, йа Шемара аравала аьлла.

ГIадужу-беттан юьххьехь цхьайолчу оьрсийн пабликаша тIечIагIбира и хаам. Офиса чу шаьш доьлхучу заманчохь яьккхина видео шайн сайташкахь гоьяьккхира шаьш тIемалоша.

OGN ресурсан корреспонденто Билал Абдул-Каримна хетарехь, "Хьайат Тахьрир аш-Шамна" луур дара Шишани Муслим лаца, амма иза тIех вевзаш хиларна, аьтто бер бац церан.

Шемахь тIемаш беш ву ПIаьнказара схьаваьлла Шишани Муслим (Маргошвили Мурад). Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь дакъалаьцна а ву иза. "Джунуд аш-Шам" тобанан урхалла деш ву. Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто 2014-чу шарахь дуьйна санкцешна буха вахийтина иза.

2018-чу шарахь Шишани Муслима кхайкхам бира Шеман оппозицига цхьанакхетар доьхуш, Туркойчоьнехьа Шемарчу курдошна дуьхьал ша тIом бина ву бохуш, яьржина информаци харц а еш. Нохчий боцурш а, кIезиг бац Шишанин тобанехь курдойн тIемлой а.

2011-чу шарахь Шемахь тIом болабелчхьана хIинцале а велла, кеп-кепарчу лараршца ах миллион гергга стаг. 11 миллион сов нах мухIажарш бевлла.

Кхаа коьртачу декъе екъна ю Шема, царех уггар а доккхахдолчу декъо шен контролехь латтош Асада Башаран Iедал а, цуьнан агIончаш а бу, уггар хьалха, Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а коьртехь а йолуш.

Хьажа комменташка (1)

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG