ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу нохчийн тобанан экс-командирна Украинан вахархочун паспорт делла


"Аджнад аль-Кавказ" Шемахь - Ажиев Рустам (аьрру)
"Аджнад аль-Кавказ" Шемахь - Ажиев Рустам (аьрру)

Украинан вахархочун паспорт делла Шишани Iабдул-Хьаьким цIарца дика вевзачу нохчийн командирна Ажиев Рустамна. Цхьа могIа телеграм-каналаша зорбане даьхна цуьнан идентификацин картица суьрташ. Иштта цунах лаьцна хаамбина "Рондели" (Тбилиси) фондан Iилманан белхахочо Квахадзе Алекос шен фейсбукерчу агIонехь.

Карарчу хенахь Украинан пачхьалкхийн органийн официалан сайташ тIехь цунах лаьцна бина хаам бац. Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-гIуллакххошкара а, иштта МВД-н а, миграцин сервисера а оперативан комментарий эца аьтто ца хилла Кавказ.Реалии редакцин.

Дахначу кIиранчохь дийца даьккхира, Украинехьа Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIемаш бечу отрядан куьйгалла дийриг хиларх Ажиевс. Хьалхо Шемахь "Аджнад аль-Кавказ" тобанан урхаллехь вара иза, хаамбо "Украинера нохчий" телеграм-канало. Оьрсийчохь "Аджнад аль-Кавказ" террорхойн организаци лерина ю.

Кавказ.Реалиин информацица, Ажиев а, цуьнан тоба а хир ю Украинан интернационалан легиона юкъайогIучу Ичкерин Къаьстинчу лерринчу батальонан (ОБОН)дакъа.

  • Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь къобалъязчу Ичкерин Коьртачу фронтан буйралла дина ву Ажиев Рустам. 2019-чу шарахь дуьйцура, цо ша шена эккхийтар дина бохуш, амма тIаьхьо конфликт лаьттачу зонера тIечIагIдазчу хьасташа бакъ ца дира иза. Стохка гIадужу-баттахь Туркойчохь лецира Нохчийчуьра ялх вахархо, уьш бехкебинера Ажиевна а, оппозицин блогерна Халитов Хьасанна а кIело ярна.
  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь.
  • Стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацар а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий. Цул тIаьхьа "Маьршачу Кавказехьа" вовшахкхетаралло Лакхарчу Раде проект кховдийра, Ичкерин йозуш цахилар къобалдар доьхуш.
  • Иштта товбеца-баттахь Украинан байракхна кIелахь тIомбеш йолчу батальонашкара эскархоша дIахьедира, Нохчийчуьрчу Кадыровн ражна дуьхьал герзаца болу къайлаха болам кхолла кийча ду шаьш.
  • Украинерчу тIамехь дакъалоцуш болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла кхайкхамбира хьалхо Кадыров Рамзана. И дан аьтто баьллачунна политико маршо а, хьал долу дахар а хьехна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG