ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шен бераш дIадала хьанна лаьа? Амма декхаре хуьлу". БатIалхьажой тIаме боьлху


БатIалхьажойн вежараллера эскархой Нохчийчохь Украине бахийта кечбар. Севринский Владимиран фильмера кадр
БатIалхьажойн вежараллера эскархой Нохчийчохь Украине бахийта кечбар. Севринский Владимиран фильмера кадр

БатIалхьажой – Къилбаседа Кавказера бусулбачу нехан цхьа йукъаралла йу, ислам динерчу суфизман тIаьхьабаьзна бу уьш. ГIалгIайчохь уггар дукха таронаш, хьал долуш, къевлина йукъаралли йара и. Церан хьалханчан тIаьхьенах волу ши стаг республикан парламентехь вегIаш вара. Оцу йукъанна вежараллин декъашхой криминал лелорна бехкебора – Геннарчу Малхбалера деши дохкарна, машенаш лечкъорна, нах байъарна, ахча лечкъорна а.

ТIаьххьарчу шерашкахь батIалхьажошна тIаьхьбевлла хьийза ницкъахой. Вежараллин декъашхоша а, бакъонашларйархоша а бахарехь, низамаш хедорца леладо и, батIалхьажошна герз кIел кхуьйссу, тIехь ницкъбо. Шайн кхерамазалла йеха Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане бирзина батIалхьажой, хьалххе дуьйна цуьнца зIенаш йу церан. Йукъараллин декъашхочуьнца Белхороев Ахьмадца цхьаьна леррина видео дIайазйира Кадыровс, царна тIе а хIуттуш, амма цунна дуьхьал батIалхьажоша шаьш муьтIахь хилар дIагойтур ду аьлла дош делира, нохчийн хьукматашкахула Украинерчу тIаме эскархой а хьовсош.

Цунна лерина йу Радио Свободан "Признаки жизни" документалан проектан Севриновский Владимиран "БатIалхьажой тIаме боьлху" олу фильм.

Белхороев Яхья, вежараллин хьалханчан Белхороев БатIал-Хьаьжан кIентан кIант

– [Кадыров] Рамзан Ахматович вистхилча, кегийрхой лерринчу операцин дозанахь лаамхойн кепехь тIеман декхарш кхочушдан дIабазбелира.

– Аьлча а, уьш декхаре хилла лерринчу операцехь дакъалаца, хIунда аьлча, уьш ГIалгIайчуьра ара а баьхна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун куьйгкIелахь нисбаларна?

ГIантах дIа а вихкина, ток йиттира. Цо дийцарехь, вуно ирча хIума дара и

– И цхьа агIо йу. ШолгIа агIо – кегийрхоша боху: тхо тхайн пачхьалкхан бахархой бу, тхан пачхьалкх цхьа конфликтана йукъагIоьртинехь, йистахдевлла лаьттар дац тхо, дакъалаца йиш йу тхан а, бакъо йу. Сан ден-да Белхороев БатIал-хьаьжа суфизм дIакхайкхош вара, шен, БатIал-хьаьжан, цIарца вирд кхоьллира цо (суфистийн вежаралла. – Ред. билг.).

2012-13-чу шерашкахь хаамаш кхочура, [йукъаралла] цхьа хьенехан баккхийрачу наха йуьхьаралаьцна бохуш. 2015-чу шарахь сан вежарийн хIусамашка хьежа буьйлира. Сан хIусаме, хетарехь, доьазза хьаьжира, [сан] воккхахволчу вешин Мустафан хIусаме нисса цхьа бутт хьалха ворхIалгIа хьевсира. Цхьа схемаш кхоьллина цара, [йукъараллина] тIемалойн тIемаш тIеоьхкина, хIораммо цхьа зуламийн гIуллакхаш лелийна бохуш дуьйцу шайгара – йа тIемало, [йа] совдегаралла лелош хиллехь, терроризмана ахча латториг а.

ГIалгIайчоьнан Терахьийн палатан куьйгалхо Белхороев Мустафа ФСБ-н декъе дIавигира, доьалгIа хIусаме хьежначул тIаьхьа. Цо ша дийцина ма-хиллара, цара ницкъбинера, сийсазаллаш лелийра, психологин Iаткъам бинера, цуьнан бераш дойъур ду бохуш кхерамаш тийсинера. ГIантана тIе а вихкина, ток йиттинера. Цо ша дийцарехь, вуно ирча хIума дара и. ГIалгIайчоьнан республикан ФСБ-н гIишло чохь лелийна и дерриг, цо дийцарехь. Цхьа кехаташна куьйгаш йаздайтина, сан вешига кхечу наханна дуьхьал тоьшаллаш далийта.

И йерриг маьттазалла лелочу йукъанна тхуна тIехIоьттинчех цхьаъ вара Нохчийчоьнан куьйгалхо, Оьрсийчоьнан Турпалхо, инарла-полковник, динехь болу нах ларбеш волу Кадыров Рамзан Ахматович.

Картоев Ислам, батIалхьажойн вежараллин декъашхо хилла ву, тIаккха йукъараллера араваьлла ву

Ахьмадна бен дац цигахь бIе стаг лахь, йа эзар лахь а, цунна гергахь уьш уьстагIийн жа ду

– Сан стуннанас шен йоI цIа ца йоуьйту, хIунда аьлча, оха йоI гIалгIайчуьнга маре йахийтина. Керта йогIуш шен йоI гича цо аьлла: "Стенна йеана хьо кхуза? Хьо ган лаам болуш дац тхо кхузахь".

Суна хезна ма-хиллара, барт иштта бинера: цхьа бIе гергга стаг лерринчу операци а хьажийна, тIаккха Кадыров царна тIехIотта везаш вара. [Белхороев] Ахьмадна бен дац цигахь бIе стаг лахь, йа эзар лахь а, цунна гергахь уьш уьстагIийн жа ду.

Тачиев Бахум, йукъараллин декъашхо

– Массара а боху: царна тIаме баха ца лаьа. Эладиташ ду. Тхан республикехь цанхьа а йац нийсо. Суна хетарехь, со цига [тIаме] вахча, массарна а кхетар ду, тхо даймохк, Оьрсийчоь ларъеш дуйла, хIоранна хууш ду тхо муьлш ду. Луларчу республикашка девлира тхо, Нохчийчоьне, Кадыров Рамзан Ахматовиче, Оьрсийчоьнан Турпалхочуьнга. Цо тхуна гIо дора.

Тачиевн нана

Шен бераш дIадала хьанна лаьа? Амма декхаре хуьлу

– Лакхарчо тхуна хIун омра ло – тIаме, армех баха, лакхарчо ма-аллара [дан] гIерта массо а. Оха берашна омра ло, куьйгалле ладогIа бохуш, уьш муьлш балахь а. Дера кхераме ду и, амма дан дезарг – дан деза. Шен бераш дIадала хьанна лаьа? Амма декхаре хуьлу. Хьалха а ма хуьлура иштта.

Тхо махках дахар [нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йечу йукъанна] – и суна дагадогIу. Сан ши ваша балхахь вара, тхуна барамца бепиг лора. Тхо къачанах кхетара, тIаккха нанас шина вешина йуьтура йаахIума, и шиъ балхара йухавирзича. Пешана уллохь дIавуьжу меттиг бара, цига хьалаоьллинера бепиг, тхуна тIаьхьо хиина ма-хиллара, тхан йоккхахйолчу йишас и бепиг хьала а доккхуш, оцу меттиге хьала а йолуш, дууш хиллера. ЙаахIума йацара.

Сан йоккхахйолчу йишас олуш хиллера нене: "Суна тIе гуттара а тIелхигаш йуха, керла коч хир йац сан цкъа а". И кхелхича, и дага а оьхуш йоьлхура нана.

Сан 9 шо долчу хенахь со рогIехь лелара, буьйса йукъайаьлча хьала а гIоттий, бепиг а, дама а эца рогIе дIахIуттура, сан куьйгаш гIорадора. Цигахь чIогIа шийла хуьлура Iа, пешахь йаго хIума йацара, ур-атталла бежнийн [кхош] да оьхура зударий, уьш дакъа а дой, пешахь дагадора.

Йоккхахйолу ши йиша тиф уьнах леш йара, дарбан цIийнахь Iуьллура, ур-атталла нана, йа тхо цунна тIе ца дуьтура. Йишас нене мохь беттара: "Стогар дIабайъа". Лоьраша дIа ца бойъура. ДIа а йоьрзий Iуьллура иза тIаккха. Иштта дехара тхо.

  • Кеп-кепарчу лараршца, батIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. XIX–XX бIешерашкахь ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш. ГIалгIайчохь политикехь а, бизнесехь а шуьйра позицеш дIалоьцу батIалхьажоша. БелхороевгIеран доьзал бевзаш бу Нохчийчоьнан куьйгаллица доттагIаллин уьйраш хиларца. Кест-кеста меттиг нисло, оцу йукъараллица зIе хадон луучарна тIаьхьабуьйлуш.
  • Лахьан-беттан 17-чохь батIалхьажойн цхьахволчу хьалханчана Белхороев Якъубана набахтехь даккха исс шо туьйхира: кхело бехкевина иза, социалан страхованин Фондан куьйгаллехь волчу заманчохь бюджетан ахча цо дайарна а, бакъо йоцуш герз латторна а. Белхороев Якъуб лаьцначул тIаьхьа 2020-чу шарахь батIалхьажойн вежараллин 12 декъашхочунна бехкаш дехкира терроралла лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG