ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен да верна бехке хила тарло Кадыров аьлла Ичкерин президентан кIанта Масхадов Анзора


Кадыров Ахьмад а, Рамзан а
Кадыров Ахьмад а, Рамзан а

Къобалъязчу Ичкерин хаьржинчу президентан Масхадов Асланан воIа Масхадов Анзора дIахьедина, шен да – Нохчийчоьнан хилла президент Кадыров Ахьмад, верна бехке хила тарло Кадыров Рамзан аьлла.

Шен да вуьйш Кадыровс дакъалаьцна бохучу хабарех лаций комментари яр дехначу украинхойн "5-чу каналан "Час: online" телевизионан программин эфирехь Масхадовс аьлла, ша цунах "теша", иштта тIетоьхна, изза ойла йолуш бу биссина махкара бахархой а аьлла.

"Нохчий теша…оцу версих… Цуьнан ямартло, мекарло йолуш хилар, къомаца бала цахилар, ахчане а, Iедале а гIертар гуш, цундела теша со, иза цунна гунахь хир ву аьлла. ТIехула тIе [Рамзан Кадыров] Кадыров Ахьмадан хадархойн куьйгаллехь вара оцу заманчохь, амма оцу дийнахь стенна делахь а, Москвахь хиллера иза. Ма-дарра дуьйцийла ю сан, иза стенгахь хилла – цхьана дика евзачу ресторанехь. Ша толамбаккхар даздеш иза хилла аьлла, хета суна", - дерзийра къамел Масхадовс.

Кадыров Рамзан а, Ахьмад а "нохчийн къоман мостагиI а, ямартхой а бу" аьлла цо.

  • 2004-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Соьлжа-ГIаларчу "Динамо" стадионехь Толаман денна хIоттийначу концертехь бомба а эккхийтина, вийра Кадыров Ахьмад. Цуьнца цхьана вийра хIетахь масех стаг, шайлахь Пачхьалкхан кхеташонан куьйгалхо Исаев Хьусейн а волуш. 80 гергга стаг лазийнера – доккхачу декъанна, Къилбаседа Кавказехь Вовшахтоьхначу эскарийн тобанан буьйралла ден Баранов Валерий а, МВД-н министр Алханов Алу а, мехкан комендант Фоменко Григорий а.
  • 2005-чу шарахь "Московский комсомеолец" газетана еллачу интервьюхь, хIетахь Нохчийчоьнан хьалхара вице-премьер хиллачу Кадыров Рамзана, чIагIо йира, гIаттамхойн хьалханча Басаев Шемал вен. Цо кхетийра, Басаев шен чIиран мостагIалла ву аьлла.
  • Диъ шо даьллачул тIаьхьа "Восток" ГРУ-н спецназан хиллачу командиран Ямадаев Сулимин жимахволчу вашас Ямадаев Iийсас хаамбира, Кадыров Рамзана "нохчийн гонехь" дийцира, Оьрсийчоьнан ФСБ-н говзанчаша дакъалацарх шен да вуьйш. Массарна а хезаш, Кадыров Рамзана шен да верна Ямадаев Сулима бехке ву аьлла, дIахьединчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG