ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен цIахь санна хета: диктаторан Кадыровн республика?


Соьлжа-ГIала, Нохчийн республика
Соьлжа-ГIала, Нохчийн республика

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Соьлжа-ГIалин урхаллица къамел деш дIахьедира, шен долара дакъош а, хIусамаш а ша цкъа мацха пачхьалкхана дIаелла. Цул сов, оцу къамелехь цо тIедиллина, зорбанан ЦIийнан уллера кIошта а, гIалин юккъера меттигаш а куьце ялор. Амма тIедогIучу иттанаш шерашна хIоттийначу гIалин кхиаран коьртачу плана тIехь иза хьахийна дац.

Иштта тIедилларш Кадыровс дуьххьара луш дац. ЛартIахь хIума а дац иза, хета "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочунна Кутаев Русланна.

"Регинан куьйгалхочун, йа президентан йиш яц оцу тайпана хийцамаш бан гIалин коьртачу планехь. Шайн хIусамехь цхьа хийцамаш дан йиш ю. Бахархой биссалц, кхин цхьанне долахь яц Соьлжа-ГIала. ЛартIахь болчу кхетамна дуьхьала ду Кадыровс дина тIедахкарш, амма Iедал веккъа цхьана стеган карахь долчу регионашна карадирзина а, доьлла а хIума ду иза", - билгалдаьккхина юкъараллин гIуллакххочо.

Цо бохучунна реза ву блогер, кадыровхойн рожан критик Абдурахманов Тумсо. Цунна хетарехь, республикан куьйгалхочун аьтто бу иштта проекташ кхийдо, амма шен долахь йоцу гIишлош йоттарехь, йохорехь меттахIотторехь аппеляци йоцу тIедахкарш дан йиш яц.

Цхьаъ дIаяздо, шиъ коьртехь дуьту

Кадыровн таронаш ю шен долара бахам "дIасабекъа", хIунда аьлча, ур-атталла официалан хаамашца а, оьрсийн регионийн куьйгалхошлахь уггара дукха бахам болучех цхьаъ ву иза. Амма официалехь боцучу хаамашца, цуьнан доьзалан, юххерчу накъостийн а, цуьнан шен а Соьлжа-ГIалахь, кхечу меттигашкахь а, шортта долара гIишлош ю.

ТIаьххьарчу шарера Кадыровн деклараци шена чохь кIезга хаамаш долуш ю. Дайначу шарахь цо даьккхина ахча 14-зза лагIделла. 2020-чу шарахь цо 381 миллион соьманна деклараци йинехь, 2021-чу шарахь – 26 а, ах бен ца йина.

Кадыровн цхьаволчу кхиазхочо 210 эзар сом "даьккхина"

"Путинан гIашсалтичо" доккхучу ахчан барам оцу тайпа "кхийсабалар" – тIаьххьарчу пхеа шарахь хуьлург ду. Иштта, 2017-чу шарахь цо 11,5 миллион сом бен ца даьккхира, тIаккха 2018-чу шарахь иза кхин а "къевелира" – цуьнан долара ахча 7,5 миллион сом дара, ткъа цуьнан хIусамненан – 60 эзар. Оцу хеначохь Кадыровн цхьаволчу кхиазхочо 210 эзар гергга сом "даьккхина".

2019-чу шарахь Кадыровс цIаьххьана дебийна шен хьал 148 эзар гергга соьманна тIе кхаччалц. Цуьнан официалера зуда а декхарехь ца йиссина, 2,4 миллион сом даьккхина цо. Оцу шарахь церан бераш тIедолу ахча доцуш диссина.

2020-чу шарахь дерриг дуьне ковидца къийсам латточу хенахь, инзаре ахчан зенаш хуьлучу хенахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша а тIаьхь кхоьссира, официалехь 381 миллион сов ахча а доккхуш. Амма цуьнан хIусамнана дуьненаюкъарчу трендаца дIатаръелла – цуьнан тIедолу ахча 1,6 миллионе охьадаьлла.

Кадыровн долахь формалехь шиъ латтанийн дакъа ду, 3 668 а, 28 361 йиъкIов метр йолуш, иштта хIусам ю 2 344,3 йиъкIов метр.Нохчийчоьнан куьйгалхочун зудчун долахь, официалан хаамашца, 209,8 йиъкIов метр петар ю. КадыровгIеран доьзалехь кхобуш 11 кхиазхо ву. Кхин а кхоъ – кхиъна нах бу.

Нохчийн Рублевка

2021-чу шеран Охан-баттахь "Проект" гIирсано шен талламехь билгалдоккхура, республикан куьйгалхочун шолгIачу зудчун Хазуева Фатиман долахь Кадыровн Соьлжа-ГIалара официалан резиденцина дуьхьала йолу йоккха хIусам ю. Цул сов, цунна тIеязйина ю Москвара масех петар, церан вовшахтоьхна мах 400 млн сом бу. ГIардаьлла арахецар дича, Соьлжа-ГIаларчу оцу доккхачу цIийнан долахо хийцира Росреестрехь: Хазуева хIинца "Оьрсийн Федераци" аьлла дIаязйина ю.

Москвара Рублевка – иза цуьнан агIо ялахь, нохчийн Рублевка Соьлжа-ГIалин историкан центрехь ю. Тахана иза дIакъевлина кIошт ю, рогIера нах ца хууш меттигерчу элито садоIучу меттиге ца бахийта, цуьнан гонаха дийнахь-буса гIарол деш посташ ю.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун ненан Кадырова Айманин, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан (хIинца Кадыровн цхьайолчу йоьIан марда ву иза), Нохчийчоьнан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан, республикан куьйгалхочун уллера кхинболчу хьаькамийн а яккхийра хIусамаш ю кхузахь.

2019-чу шарахь оцу кварталана цхьанне агIор дегабааме йоцу видео яккхарна меттигера вахархочунна Нуханов Исламна Iедал тIаьхьа делира, Iазапехь латтийра иза цара, колонехь даккха диъ шо а туьйхира…

ХIинццалц "Грозный-сити" гIишлойн тхов тIехь низамхой хадеш хьийзара, бIаьрг тухучу майданера туристашка Кадыровн резеденцина а, цуьнан доьзалхой бехачу кIоштанна а суьрташ ца дахийта.

"Москвара бен"

Республикан куьйгалхочун доьзална безаме ерг еккъа цхьа Нохчийчоь хилла ца Iа. 2004-чу шарахь шен да вийча, Москвахь Веерная 30 урамехь, 2-чу номерца йолу петар кхечира цуьнан дола.

ХIора шарахь цунна "дицло" деклараци йан, шен вешин-губернаторан гIоьнча болх беш хиларна, иза декхаре яра иза дан

Росреестрерчу хаамашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхачу йишин Кадырова Зарганан (Нохчийчоьнан транспортан а, зIенийн а министран Черхигов Рамзанан зуда, республикан ГИБДД-н куьйгалхочун Черхигов Идрисан нана а) 2004-чу шарахь дуьйна долахь ю "Соколиное гнездо" нах бехачу комплексера 131,7 йиъкIов метр йолу петар. ХIора шарахь цунна "дицло" деклараци йан, шен вешин-губернаторан гIоьнча болх беш хиларна, иза декхаре яра иза дан.

Делахь а, Кадыров Рамзанан шолгIа йишас – республикан куьйгалхочун администрацин хьалханчан гIовс йолчу Зулайс – ца дуьйцу шен ахчах, шен доларчу хьолах а лаьцна. Цунах лаьцна хаа йиш ю церан цIийндайн декларацешка хьаьжча.

Кадыровн уллера гергарнах Москвахь вовшашна лулахь бу. Кадыров Зулайн кIант, Нохчийчоьнан юьртбахаман министр Закриев Якъуб-ИбрахIиман долахь 122,6 йиъкIов метр йолу петар ю оцу "Соколиное гнездо" комплексехь. Кадыровн ненан агIонехула шича Ибрагимов Турпал-Iела а ву юьйцу комплексехь Iаш.

"Проектан" хаамашца а догIуш, лекхахь хьахийна Хазуеван 19 шо кхаьчначу хенахь дуьйна долахь 130 метр йолу петар ю Москварчу Шаболовкехь йолчу комплексехь. 2013-чу шарахь цуьнан дола яьлла оцу гIишло чуьра нах бехаш йоцу 600 йиъкIов метр йолу чоь. Цул сов, Хамовникашкахь 200 метр йолу петар а ю цуьнан.

Москван малхбузехь Iаламан ларъен меттигерчу комплексехь Хазуевас шен 20 шо долчу хенахь 290 метр йолу петар ийцира, Кадыровн официалан хIусамненан цIийнан дуьхьала.

"Нохчийн Дубай"

Еза хIусамаш ю КадыровгIеран Юххерчу Малхбалехь а. Американ санкцеш бахьанехь Кадыровн ваха аьтто болучу кIезгачу меттигех цхьаъ ю иза.

Лоьрийн дарбан декхаренан страхованин территориалан фондан директоран гIовс, жимачу говзанча Алханов Адаман долахь Дубайхь йолу "Пальма Джумейра" гIайренна тIера "Аль-Дабас" комплесера 700 эзар доллар мах болу петар ю. Алханов – Нохчийчухула йолчу МВД-н куьйгалхочун Алханов Русланан кIант а, республикан куьйгалхочун юьртахо а, цуьнан йоьIан хIусамда а ву.

"Важные истории" хьостан хаамца, 2020-чу шарахь нохчех волу оьрсийн бизнесхочун, евзаш йолчу йиш лакхархочун Пугачева Аллин йоьIан майрчун, масех шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллера хеташ хилла волчу Байсаров Русланан долахь пхи петар а, йоккха вилла а яра, дуьненахь евзаш йолчу, адамаша йоьттинчу "Пальма Джумейра" гIайренахь.

Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь Нохчийн республикан векал хилла волчу Сабсаби Зиядан кIентан Сабсаби Мохьмадан долара бахам а бу кхузахь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча Ясаев Ахьмад – Дубайн тептарера кхин а цхьаъ ву. 800 эзар доллар мах болчу "Аль-Халлави" гIишло чуьра петаран долахо лоруш вара иза.

Геремеев Русланан мобилан телефон еххачу хенахь Дубайхь гучуюьйлуш яра

Цул сов, "Важные истории" хьостан талламца а догIуш, оьрсийн оппозицин политик Немцов Борис верна шеконашка а лаьцна, лехамашка велла хилла волу, дуккха хан йоцуш Украинерчу тийсдаларшкахь лазийна волчу Геремеев Русланан мобилан телефон еххачу хенахь Дубайхь гучуюьйлуш яра.

Санкцешна тIехула а вуьйлуш

2014-чу шарахь дуьйна Кадыровна дуьхьал масийттаза Малхбузерчу махкаша санкцеш ехира - кхелан сацам а боцуш нах байъарна, Iазапехь латторна бехкевора иза. ТIаьххьара Кадыровна дуьхьал дозанаш диттира Японино – Оьрсийчоьнан Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъа лацарна.

The International Institute for Strategic Studies хьукматан лакхарчу Iилманан белхахочунна, Парижера Sciences Po политикан Iилманийн институтан хьехархочунна Гордадзе Торникона хетарехь, диктаторшна дуьхьала йоху санкцеш сих-сиха кхиам боцуш хуьлу. Масех бахьана оцу гIуллакхан.

Цкъа-далахь, европхойн пачхьалкхаша а, Америко масех шарахь шайна юккъехь барт лоьху, цхьа муьлхха диктаторна дуьхьала санкцеш яха сацам бича. Оцу хенахь цо ша а юхаваларан некъаш лоьху, тIаккха ЕС-н а, Американ а гIулчаш ма-моттара кхиаме ца хуьлу тIаккха.

Цул тIаьхьа диктаторо шен ахчаш оффшорашка доккху, санкцех кхералой. Системе уьш гучу ца дахало бохург дац иза, амма цунна хан еза. Дукхачу хьолехь масех шо деза иза дан, боху Гордадзес. Оцу ханечохь диктаторо лецна адвокатийн тоба и ахча низамца догIучу кепе даккха гIерташ хьийза.

"Диктаторийн бахам схьабаккхаран практика яц Европехь, аьлча а, иза гучудаьлча а, цуна блок тоьхча а, иза пачхьалкхан дола дерзон йиш яц", - билгалдоккху экперта.

КхозлагIа-далахь, политолога бахарехь, диктаторийн аьтто хуьлу, Европан а, Американ а санкцеш кхочуш ца еш, йа тIе ца лоцуш йолчу пачхьалкхашкахь шен бахам юха а дIалачкъо – масала, оцу Iарбойн Эмираташкахь.

***

ХIинца Нохчийчохь истори "харц яккхаран" болх бу дIахьош. Кадыров Рамзана ша Кремлана муьтIахь волчу кепара шен политика кхуллуш хиларна, XVIII–XX бIешершкара динан а, политикан а гIуллакххой буьйцуш, меттигерчу историкийн хIинца хьехон йиш яц, масала, царах муьлхха а Оьрсийн империна дуьхьала тIамехь кхелхина хилар, йа церан биографера бIегIийла йоцу факташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG