ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен цIарах зудаберашна шантаж лелош хиларх латкъамбина Даудовс


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Шен цIарах инстаграмехь яздечу нахах лаьцна дийцина Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

"Бакъонна дуьхьала инстаграмехь лелаш цхьа стаг ву. Социалан машанашкахь йозанаш леладо цо, шех тешон гIерташ, Iехалур болчу зудаберашкара суьрташ доьхуш, тIаккха шантаж лелайо ахчанаш дохуш. Iаткъам беш, виртуалан системашкахула ахчанаш даьхна меттигаш бу", - далийна Даудовн дешнаш "Грозный-Информ" агенталло.

Иштта цо билгалдаьккхина, "лерринчу гIуллакхадархошка царна дуьхьал барамаш бахийта" гIуллакх ша дIаделла хилар.

Даудов Мохьмадан бакъйолчу аккаунте язвелла ву 2 миллион 600 эзар стаг.

Хьалхо Даудовс емалбира социалан машанашахула юкъарло лелош болу кегийрхой. "ГIиллакхехь йоцу" посташ билгалйохуш, ойлайн-хехой болх бан буьйлабелла Нохчийчохь, ткъа ТикТокера онлайн-трансляцешна тIехь терго ша латтор ю аьлла, дIа а хьедеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG