ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен вешин кIантана Нохчийчоьнан "турпалхочун" цIе йелла Кадыров Рамзана

Кадыров Хьамзат а, Кадыров Рамзан а
Кадыров Хьамзат а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана мехкан "турпалхо" цIе йелла. СовгIат цунна дIакхачийна регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIун динчунна седа белла – хууш дац.

"Хьамзат Зелимханович хьакъ волу бIанакъост ву вайн Къоман Лидеран!... Цуьнан букъа тIехьа кеп-кепарчу белхашкахь къахьегна зеделларг ду, массо а меттехь цо ша бакъонца, нийсонца, лаккхара говзалла йолуш урхалхо хилар дIагайтина", - кхетийна совгIат дарх Нохчийчоьнан къоман политикан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада.

Кадыров Хьамзат – мехкан урхалхочун ницкъалин блокехула гIоьнча а, бахаман, латтанийн меттигийн министр ву. 2018-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелира цунна, кху шарахь Росгвардин "ГIо дарна" мидал а, президентан Путин Владимиран омрица II-бараман орден йелира "Даймахкана хьалха гIуллакха дарна" аьлла.

Хьалхо, лахьан-беттан 9-чохь хааме даьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна КадыровгIеран Ахьмадна а, Элина а, Адамна а керла совгIаташ дарх - республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада орденаш йелла царна "Даймехкан Сий" аьлла.

  • Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.
  • Иттанашкахь болу республикин куьйгалхочун гергара нах Нохчийчоьнан Iедалерчу даккхийрачу даржашка дIахIиттош бу. Шен нахана карьера йеш ша гIо дар цунна хIумма доьхна ца хета. "Суо тешшарш дIахIиттабо-кх аса", – бехира Кадыровс.
  • Iедалерчу даржашка хIиттийна цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии редакцино беххачу могIанца охьабазбина Iедалан лаккхарчу даржашкахь болу Кадыровн гергарнаш.
This item is part of
XS
SM
MD
LG