ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йоIана орденца совгIат дина Кадыровс

Кадыров Рамзан а, Табарик а совгIат лучу хенахь. Соьлжа-ГIалин мэрин сурт
Кадыров Рамзан а, Табарик а совгIат лучу хенахь. Соьлжа-ГIалин мэрин сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йоIана Табарикана совгIатна мехкан лаккхара орден йелла. Кадырова Табарик декъалйечу хенахь гучудаьлла, компанийн йоккхачу тобанца йоьзна ца Iаш, цунна тIе йазйиина хилар коммерцица йоьзна йоцу бизнесхойн центр а.

Соьлжа-ГIалин мэрин дIахьедарца, официалан бахьана ду – шен деден, Нохчийчоьнан хиллачу президентан некъа тIехь "доккха дакъалацар" а, иштта "хьанал, ала хIума доцуш бина болх" а. Цул совнах Кадыровн йоIа дакъалоцу боху республикехь бизнес кхиорехь а.

Кадырова Табарикан долахь йу масех фирма йукъайогIу, шайлахь корейхойн стритфудан ресторан а, "Соьлжа-ГIалин такси" а йолуш лелош йолу "Ирс Групп" компани. Оцу бизнесо пайда ца бира Табарикана, цунна бехкаш дехкира йохка-эцарна монополизаци йина аьлла. Иза ишта йузу, шайна конкуренци латтош хилла 53 аптека дIа а къевлина, Кадыровс а, цуьнан гоно а реклама йеш хиллачу Darba Pharmacy цIарца арахецначу аптекашца а.

Табарикана орден йаларца иза декъалйечу заманчохь гучудаьлла, коммерцица йоьзна йоцчу "Цхьаалла" центран а цо куьйгалла деш хилар. СПАРК системин зерашца, 2023-чу шарахь Нохчийчохь регистраци йина цунна, цуьнан коьрта директор а, коьрта бухгалтер а ву Бисултанов Ислам. Табарикан цIе йоккхуш йац документаш тIехь, иза доьзна хила тарло Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарнаш йоллу реестраш тIехь къайлабаьхьна хиларца.

Оцу центро хIун хьашташ кхочушдо, хууш дац. Билгалйаьхначу кепашлахь хьахийна ду – дешар. 2025-чу шеран хаамашца, организацин балансехь 475 эзар сом ду.

  • Цхьа могIа пачхаьлкхаша шайн санкцийн тептаршка йазйина а йу иза, доккхачу декъана Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Японино а, Украино а. Кадыров Рамзанан доьзалхойх иза цхьаъ йу пачхьалкхан даржехь йоцург. Амма хIетте а 2024-чу щарахь цунна совгIат дира "Нохчийн Республикана гIуллакхаш дарна" а, "совдегаралла а, регион инвесторшна хазъйеш къахьегарна" а мидалца. Цуьнан хIусамдас Висмурадов Рамзана урхалло до кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин.
  • Тхан редакцино зорбане даьккхира Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан Iедалехь болчу гергарчех хIоттийна карладаьккхина тептар. И зорбане даьккхина ши шо даьллачул тIаьхьа дуккха а хIума хийцаделла, цу тIехь хIинца дукха бац Кадыровн чоьхьара гергарнаш. Амма алсам бу цу тIехь кхинболу гергара нах а, церан доьзалхой а.
​
XS
SM
MD
LG