ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йоьIарийн кхиамех массарна а хьалха дозалла дина Кадыровс: совгIаташ дина царна


Устрада-ГIалара дешаран Центр, Нохчийчоь (гайтаман сурт)
Устрада-ГIалара дешаран Центр, Нохчийчоь (гайтаман сурт)

ШолгIачу классехь йолчу шен йоьIан Эсетан толамах лаьцна шен телеграм-каналехь хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Мотт – халкъан са" йерриг Оьрсийчоьнна юкъахь хиллачу къовсамехь тоьлла иза.

ХIоттийначу видео тIехь дийцарехь, "Декламация" номинацихь гран-при йелла Кадырова Эсетана. Иштта Нохчийчоьнан дешаран министраллин цIарах грамота регионан куьйгалхочун шолгIачу йоIана, пхоьалгIачу классехь доьшуш йолчу Кадырова Iашурина йелла "классан а, школан а дахарехь жигара дакъалацарна" аьлла.

Соьлжа-ГIалара дешаран центрехь хIоттийнера совгIаташ доькъуш церемони, оцу дешаран хьукматан гимнан автор ю, видеоролик тIехь бахарехь, школазхойн дешаран департаментан хьаькам Кадырова Хадижат.

"Мотт – халкъан са" ерриг Оьрсийчоьнна юкъахь дIахьочу конкурсах лаьцна йиллинчу хьасташкахь информаци ца карийра. Оцу йукъанна, кеп-кепарчу регионашкахь дешаран хьукматан а, муниципалитетан йа регионан тIегIанехь дIахьош ю дуккха а конкурсаш а, фестивалаш а цуьнах тера йолчу цIерашца.

Кадыровн публикацихь билгалдаьккхина, цуьнан йоIа толам баьккхина конкурс дIахьуриг АНО "Центр развития проектов в сфере образования "Точка роста" ю аьлла. Иштта цIе йолчу организацина ГIажарийчуьра Менделеевск гIалахь регистраци йина стохка товбеца-баттахь дуьйна, болчу хаамашца, юридикан "Спарк Интерфакс" базехь долу зерашца, цуьнан коьрта болх бу рынкан коньюнктура таллар а, юкъараллан хетарг зер а, организацин сайтах информаци йац.

  • Хьалхо хаам бора, Соьлжа-гIалара номер 4 йолчу поликлиникина "Оьрсийчоьнан тоьлла могушалла Iалашйаран хьукматаш" категорехь совгIат дарх – цуьнан гурашкахь цара шаьш "хьалхататтарна" а, цунах "социал-зерийн НИИ-на" богIу мах дIабаларна а. Амма иза ишта доллушехь, Нохчийчоьнан Iедалхоша дукха сиха меттигерчу лоьрийн а, республикерчу могушаллин урхаллийн а "белхан лаккхара тIегIа" гойтуш хилам бу иза аьлла, дIахьедан.
  • Оьрсийчоьнан бахархошна а, компанешна а дуьхьал рогIера санкцеш йохуш Украинан президенто Зеленский Владимира омрана куьйг йаздина. Тептарехь нисйелла Нохчийчоьнан урхалхочун йоьалгIа йоI Кадырова Табарик а. Кадыров Рамзанан гонехь и хаам тIеийцира Зеленский сийсазвеш.
  • Зазадокху-баттахь Кадыровн воIаршна, 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 долчу Адамна а некха тIехь лело билгалонаш йелира "Терроримзаца къийсам латторна" аьлла. ХIун динчунна дина и совгIаташ, хууш дац.
  • Иштта зазадокху-баттахь Кадырова Хутмат, Нохчийчоьнан куьйгалхочун 20 шо долу кхозлагIа йоI, цуьнан секретариатан куьйгалхочун гIовс йолу, регионерчу могушалла Iалашйаран куратор хIоттийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG