ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена дуьхьал политикан репрессеш лелийна аьлла кхелехула статус йаьккхина Нохчийчуьрчу йахархочо


Иллюстративное фото
Иллюстративное фото

Соьлжа-ГIалин Заводскойн кхело къобалдина Радуева Малкана Нохчийчоьнан МВД-н хаамийн сервисана дуьхьал чуделла административан арз, хьалхо цунна дуьхьал политикан репрессеш лелийнера аьлла кехат дала дуьхьал хилира хьукмат. Шен доьзал депортацехь болчу йукъанна Казахстанерчу Адыр эвлахь дуьненчу йаьлла Соьлжа-ГIалара йахархо.

Кхелехь Радуева Малкана (маре йахале Дидиева фамили йара цуьнан) дийцира, шен да-нана Дидиев Абумуслим а, Аюла а 1944-чу шарахь Казахстанехь даха декхаре хилла бохуш. Нохчийчоьнан МВД-но дуьхьало йира арзхочунна реабилитацин кехат дала, хIунда аьлча, Нохч-ГIалгIайн республика меттахIотторан омра арахецначул тIаьхьа дуьненчу йаьлла йу Радуева. Хьукматана хетарехь, цунна дуьхьал политикан репрессеш лелийна йац боху маьIна ду цуьнан.

Амма Радуевас чIагIдора, ур-атталла омра арахецначул тIаьхьа а цуьнан ден-ненан аьтто бацара Казахстанера дIабаха, цигахь уьш леррина дIатарбина нах санна бехара, буьззинчу барамехь маьрша а баьхна, даймахка йухаберза бакъо йаллалц.

  • 1944-чу шеран чиллан-беттан 21-хь чоьхьарчу гIуллакхийн къоман комиссар волчу Берия Лаврентийс Сталин Иосифан куьйгаллица омра арахийцира, нохчашна а, гIалгIашна а Къилбаседа Кавказера Казахстане депортаци йар тIедуьллуш, тIаккха ши де даьлча "Чечевица" олу операци йолийра. Шайн хIусамаш дIатаса дийзира ах миллион бахархойн.
  • Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира 11 къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш.
  • Къаьмнашна депортаци йарна кеп-кепара мах хадабо Оьрсийчохь а, Малхбузехь а. Нийса дуй-те депортацех дийцар, нуьйцкъаша махках бахарх а ца дуьйцуш, боху Москварчу Iилманчаша. Амма Европера Iилманчаша "депортаци" термин лелайе олу. Масала, вевзаш волчу францхойн историко Куртуа Стефана чIагIдо, Сталинан депортацийн "геноцидан хатI" дара бохуш. Нохчий а, гIалгIай а махках бахаран "Чечевица" олу НКВД-н операци исторехь уггар а йоккха къаьмнийн депортаци лору цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG