ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена гергахь бехкала бахначаьрга горгамаш хьоькхуьйтур ю Кадыровс


Кадыров Рамзан

Республикал арахьа бехаш болуш, "шен къам юьхьIаьржа хIитточу" нохчашка юкъараллин белхаш бойтур бу ша аьлла, кхерам тесна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан парламентан депутатаца Делимханов Адамца дечу къамелехь, цо тIедиллина, "лела ца хуу" махкахой цIабалор.

"Яхь, доьналла доцчу наха бойу вай мел бен болх. Тоххара цу тIехь вай дукха болх бина, цIа балабора уьш. Вешан цIе ларъян еза вай, забарш цхьаьнгге а йойтур яц, уьш миччахь хиларх, мел чIогIа беза нах уьш хиларх. Лела ца хаахь, цIа а балийна, горгамаш хьоькхуьйтур ю вай цаьрга", - кхерам тесна Кадыровс.

Хьалхо ша Нохчийчу дIавигарна кхерам латтарх дийцира Нижневартовскехь лаьцначу Дагестанерчу вахархочо Ильясханов Артура. Цо хаамбира, нохчийн диаспоро шена кхерамаш тийсарх. Чохь даккха 15 дей-буьйсий туьйхира Ильясхановна, цхьахйолчу меттигерчу туьканахь харцахьа леларна, ша нохчо ву а олуш. Зорбане яьккхинчу видео тIехь Украинехьа ша хилар дIахоуьйту цо.

ТIаьхьо Ильясхановс шена гечдар дийхира, "эшахь, хьалхарчу могIаршкахь даймохк Iалашбан" кийча ву ша аьлла.

Хьокху хиллачунна комментарий йира иштта Нохчийчоьнан ХМАО-хь волчу векало Абдулхаджиев Iаббаза – цо хаамбира, гIуллакх "Нохчийчоьне даьлла, цара шайн тергоне эцна", тIетуьйхира, Ильясхановга гечдар доьхуьйтур ду аьлла.

Цул совнах, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь Делимхановс хьахийра дукха хан йоццуш хиллачу шина эпизодах а, цо бахарехь, нохчашца доьзна. "Сургутерчу инцидентан" декъахо карийна, даймахка схьавалийна, вукхаьрца болх кхин дIа хьош бу, дIахьедира, арахьа бехачу махкахошца цхьаьна бечу балхана тIехь Iуналла латточу Делимхановс.

  • Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста видеорепортажаш гучуюьйлу гечдар доьхуш. Нохчийчуьрчу бахархошкара "сийсазечу видеон" тергойина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино, дуьненаюкъарчу динан маршонах 202I-чу шарахь хIоттийначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна Нохчийчуьрчу зорбанан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш кхайкхор.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG