ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена тIехь ницкъбарх дIахьединчу нохчочунна дина таIзар хийцаза дитина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело хийцам боцуш дитина дуьненаюкъарчу террорхойн ДаIиш организацина гIо латтийна аьлла, Нохчийчуьрчу Правобережное эвларчу вахархочунна Ахмадов Сулейманна дина таIзар.

Талламан а, кхелан а версица а догIуш, Нохчийчуьра вахархочо 2018-чу шарахь ахча а гулдеш, Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн организацица боьзначу гIаттамхойн чоьташ тIе дохуш хилла.

"Теллинчу тоьшаллийн анализера нийса хьесап дина кхело, Ахмадовс ахчанаш дехьадохуш хилла чоьташ, гIоьналлин Iалашонна кхоьллина ца хилл, леррина терроризмана ахчанаш латторхьама кхоьллина хилар къаьстина. ТаIзаре хIоттийначунна а билггал цунах лаьцна хууш хиллера", - аьлла ду Лакхарчу кхелан билгалдаккхарехь.

Оцу юкъанна бехкехетачо а, цуьнан адвокато а чIагIонаш йо: таIзаро низаман барамаш талхош бу, ткъа Ахмадовс террорхошна гIо латтийна бохург цхьана а хIуманца тIечIагIдина дац аьлла. Доккхачу декъанна, цара чIагIдо, юьхьанца дуьйна ницкъахоша Iазап хьегийтина тIелацийтинера бехк, ткъа цо гулдеш хилла ахчанаш Шемарчу тIамехь зенаш хиллачу маьршачу нахана аьлла вовшахтухуш дара – цунах оьцура бедарш, юург, молханаш. Кассацин латкъамехь адвокато дийхира, таIзар малдар, ткъа ша кхеле хIоттийначо – таIзар юхадаккхар.

Хьалхо 2-чу Малхбузен тIеман кхело 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь Нохчийчуьрчу вахархочунна шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха бархI шо хан туьйхира. Апелляцин латкъамо а, кассацино а таIзар хийцаза дитира Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехь.

Ша Ахмадов Сулейман террорхойн а, экстремистех а хIоттийначу федералан тептаре язвина ву 1553 номерца.

  • Дагестанан Лакхарчу кхело хийцаза бийтира ХIинжа-ГIаларчу Кировн кIошто Исаев Арсеналин хьокъехь бина сацам, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанехь дакъалацарна иза бехкехилар тIе а чIагIдеш. ТаIзар кхайкхийра цунна кхозлагIа хIоттийначу кхелан кхеташонехь, ша Исаевс тIе ца дуьту дохку бехкаш, дIахьедо, ницкъахоша бертаза тIелацийтина шега бохуш.
  • Гуьмса кIоштара шина вахархочунна кхел йира Нохчийчохь, Шема а вахна, бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхойх дIакхета Iалашо хилла аьлла, бехкевина. Мутаев Исламна а, Альбеков Тамерланна а ши шой, бархI буттий хенаш кхайкхийра шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха, цхьа шо набахтехь а доккхуьйтуш.
  • Товбеца-баттахь бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхошлахь дакъалацарна а, террорхойн юкъараллехь гIуллакх дарна а Ростов-ГIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело Ставрополера яхархо Гардалоева Разет бехкейина, пхи шо хан кхайкхийра цунна.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга Iазапца дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG