ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена тIехь ницкъбарх дийцинчу нохчочунна Швецера Оьрсийчу депортаци йийр ю


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчо Ш.Артур Оьрсийчу дIавала кечвеш ву Швецино (карарчу хенахь иза ларвархьама цуьнан цIе йоккхуш яц". "Вайфонд" бакъонашляръяран организацехь хьалхо дийцира, Iазап хьегначу мухIажаран Нохчийчуьра "вада аьтто" баларх.

Швецин миграцин Iедалша хIинцале а билеташ эцна, Ш.Артур, транзитан хила реза хиллачу кхозлагIчу пачхьалкхехула даймахка дIахьажон, аьлла ду НКО-н хаамехь. ХIинца Нохчийчуьрчу вахархочунна кхерам лаьтта.

МухIажаран статус яла масийттазза дуьхьало йира цунна. Миграцин хьукматан векалийн шеко кхоллаелира, шена тIехь ницкъбарх лаьцна кега-мерса хIуманаш цунна дагадогIуш цахиларна. Нохчийн ницкъахойн карахь волчу хенахь, цуьнан коьртах хIума йеттарна дага ца догIуш хиларца дуьйзира иза Вайфондо".

  • Оцу юкъанна ЦIечу жIаран векалша экспертиза а йина, кехаташ хIиттийра мухIажаран дегIа тIехь муонаш хиларх, хила тарло уьш тIехь ницкъбина йиссина ларраш. ООН-н Iазапашна дуьхьалояран Комитето Швецера депортаци яр сацон дуьхьало йира.
  • Стигалкъекъа-беттан 20-чохь шведахойн Векше гIалахь митинг хIоттийра Ш.Арутрна Оьрсийчу экстрадици ярна дуьхьал. Нохчийн диаспорера 50 сов векало дакъалецира цигахь. Артур дIа ма ло бохуш, кхайкхамаш тIеязбина плакаташ деанера гулбеллачара, цунна тIехь кхел йоцуш таIзар дан кхерам латтарна, дIахьедора бакъонашларъярхоша.
  • Стингалкъекъа-беттан 4-чохь нохчочунна Гериханова Аминина Оьрсийчу экстрдици йечу сацамна бина латкъам Румынин Лакхарчу кассацин кхело юхатеттира. Иза лаьцнера шен жимачу кIантаца цхьаьна, тIаьххьарчу масех шарахь яьхначу Украинера дIайоьдучу хенахь. Оьрсийчохь лехамашка еллера иза Интерполехула, терроризмана бехкейина.
  • Оьрсийчоьнан дехарца Польшехь лецира Украинерчу тIамах ведда 30 шо долу Зубагиров Мохьмад. Карарчу хенахь Москварчу "Медведь" олучу номер 4 йолчу СИЗО-хь латтош ву иза. Цкъачунна къаьстина дац, стенна бехкево Зубагиров.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG