Нохчийчуьрчу Гуьмсан гIалин кхело зуламах лаьцна мотт ца тохарна бехкевина меттигера вахархо Капланов Нурсаит. Нохчийчоьнан вахархочо низам лардаран органше ца хаийтина Шемарчу тIеман конфликтехь шена вевзаш волчу стага Оьрсийчохь магийна боцу даIишхойн агIонехь дакъа лаьцна хиларх.
Бехктакхаман гIуллакхан материалашца а догIуш (Кавказ.Реалиигахь ю уьш), Анвар цIе йолу Каплановн вевзаш верг Шема вахана хилла 2016-чу шарахь. Цунна дуьхьа кхин бехктакхаман гIуллакх даьккхина, террористашна гIо дарал совнах, "дуьненаюкъарчу аренехь президентана Путинна дискредитаци йарна", иштта "пачхьалкхашна юккъехь лартIахь йолу юкъаметтигаш а, дуьненаюкъара машар а ларбарна новкъарлонаш йарна".
Кхело билгалдаьккхина, Охан-беттан 2017-хь Каплановца мессенджехула зIене ваьлла хиллера Анвар, ша волу меттиг а хоуьйтуш, амма вукхо низам лардаран органашка хаам ца бина цунах лаьцна.
Кхелехь Каплановс дийцира, ша Анварца Каирерчу Аль-Азхар университетехь вевзина аьлла, амма юххера гергарло дацара. Анвара тIамехь ша дакъа лацарх дийцича, Каплановс кхин шега телефон ца еттар дехна, шена халонаш ца эшаре терра, ур-атталла шен телефонан номер а хийцина.
ТIаьхьо экстремизмана дуьхьало латточу Центрехь республикерчу МВД главкехь цо ша дийцина шега телефон тохарх лаьцна.
Кхелехь бехкевечо уггара кIезга таIзар дар дехна, бехк тIелацар а, дохкохвалар а тидаме а оьцуш, иштта шен кегийра бераш а. Кхело уггара кIезга 20 эзар сом гIуда тоьхна цунна.
- Охан-беттан 18-хь Дагестанера Таймазханова Амнат бехкейира, шен вевза стаг даIишхойн декъехь хиларна мотт ца тохарна. Кхелан сацамца а догIуш, 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь мессенджерехула къамел деш цунна хиина, шена вевза стаг ИГИЛ-на куьйгкIелахь долчу латтанаш тIехь царна кхача кечбеш гIо латтош хилар. Оьрсийн низамашца дуьстича, цо дIадийца дезара цунах лаьцна низам лардечу органашка, амма цо иза ца дира.
- Карабудахкентскан кIоштан Агачаул-эвлан вахархо бехкевора, шен вевзачу стагна мотт ца тохарна, хаамбора 2018-чу шарахь Дагестанан прокуратурано. Iедалхоша бахарехь, бехкевечунна хууш хиллера шен вевза стаг низамехь йоцу герзаца йолу вовшахтохараллехь дакъа лаца гIерташ хилар, амма хаам ца бинера низам лардаран органашка.
- 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалин вахархо бехкевина кечдечу терроризмана юкъадогIу зуламах лаьцна мотт ца тохарна. Заводскойн кIоштан кхело билгалдаьккхина, 2017-чу шарахь Г. Мовсаран бевзачу наха дийцина цуьнга, шаьш Шема даха новкъа довлуш хиларх лаьцна, "оцу пачхьалкхан Iедалан эскарна дуьхьала" лаьттачу НВФ-хь дакъа лаца дагахь. Цо мотт ца тоьхначу цунна бевзачу наханна дуьхьала бехктакхаман гIуллакхаш даьхна низамехь йоцу герзаца йолу вовшахкхеталлехь дакъа лаца кечам барна.