ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шениг йа неханиг? Украинера нохчийн барт бохар


Нохчийн батальонийн ичкерин тIеман гIирс

Чилаан-беттан 24-хь оьрсийн эскарш Украинана чугIоьртира. Сингаттаме хиламаш хIуьттучу юкъанна, нохчаша тIеман тийсадаларшкахь дакъа лацар къаьсттина билгалдоккхуш ду. Буьйцурш оьрсийн байракхна бухахь тIом бийраш хилла а ца Iаш, Украинан суверенитет ларйийраш а бу.

Оьрсийн барзакъца нохчий

ТIом болабелчхьана дукхачу нохчаша хоуьйту шайн дехьарчу йа сехьарчу агIоне болу безам.

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь Оьрсийчоьнехьа бусулбачара тIом бар къобалдан гIоьртира, цигахь велларг шахIид ву элира цо, вуьшта аьлча, динан дуьхьа кхелхинарг.

Радикалан хьехамчаш аьттехьа реза бац бусулбачаьрга оцу тIамехь дакъа лацийта

Цунна дуьхьала доккху шайн къамел радикалан хьехамчаша, уьш аьттехьа реза бац бусулбачаьрга оцу тIамехь дакъа лацийта. Къилбаседа Кавказера исламан радикализман апологет Костекский Iабдуллас билгалдаьккхира, бусулбачара оцу тIамехь дакъа лацаро исламан низамаш хедадо аьлла.

Нохчийн къомах болу Оьрсийчоьнан бахархой

Доккхачу декъана оьрсийн армин Нохчийчуьра салташа а, эпсарша а тIеман тийсадаларшкахь дакъа лоцу Росгвардин белхахоша санна. Биссинчара – Оьрсийчоьнан тIеман Министраллин тIемалоша санна.

Росгвардин Нохчийчухула йолчу Урхаллера дакъалаьцнарг яра 41-ра Оьрсийчоьнан МВД чоьхьарчу тIемалойн лерина полк – "Север" батальон (Соьлжа-ГIалахь ю иза Тушаев Мохьмадан куьйгалла деш), иштта 249-гIа къастийначу леринчу "Юг" батальонан Къилбаседа Кавказан тIеман гонан Оьрсичоьнан Къоман гвардин маса дIасахьежоран 46-гIа лерина бригада (Веданахь ю иза Межидов Хьуьсейнан куьйгакIел).

Нохчийчуьра тIемалой 18-гIа лерина гвардин бригадан декъехь бу (Соьлжа-ГIалин йистера Ханкалахь ю церан база).

Росгвардин республикера тIемалой Украинана чубаьхкира къилбаседахь Iуьллу Белорусера, цигахь меттигаш дIалецнера цара тIеман агресси йолаялале де хьалха

Нохчаша шина кIирнах гойтура шаьш Украинан дозанехьа новкъадевлла бохуш. Росгвардин республикера тIемалой Украинана чубаьхкира къилбаседанехь Iуьллу Белорусера, цигахь меттигаш дIалецнера цара тIеман агресси йолаяла де дисча. ТIемалой чубахка буьйлабелира Украине Чиллан-беттан 24-25-чу деношкахь Чернобылан кIоштехула. Видео тIехь гуш ду "Припять" гайтаман билгалонна тIехбоьвлла уьш дIабоьлхуш, тIелатархьама Белорусин латтех пайда а оьцуш.

Ши де даьлча, Чиллан-беттан 26-хь нохчаша Киевн къилбаседа-малхбузера Гостомель тIеман базан уллохь яьхна видеош гIараехира. "Юг" батальонан тIемалоша дIаязйина яра уьш.

Украинехь нохчех лаьцна дуьйцу иза Оьрсийчоьнна луург хиларна, аьлла хета Американ Къилбаседа Кавказехула йолчу The Jamestown Foundation-ан аналитикна Дзуцати Валерийна.

"Цхьана агIор, нохчий кхелхаш хилахь, Москвахь цхьаммо а тергал дийр дац – дIа балийтахь. Кхечу агIор, оьрсашца буьстича, нохчашна атта ду украинхошца тIом бан. Оьрсашна украинхой юххера бу, царах дукхачара оьрсийн мотт а буьйцу. Мухха делахь а, уьш а, вуьш а шайн схьабовларца славянаш бу. Нохчашлахь и дехкарш дац. Цул сов, Кадыров шен ма-хуьллу шена реклама еш ву. Путинна хьалха шен муьтIахь хилар гучудаккха гIерта иза", - билгалдоккху Дзуцатис.

Украинана ца беза нохчий

Нохчий Украинехь беха 80-чу шерийн чакхенера дуьйна схьа. Дуьххьарнаш бара кхузахь тIеман декхар дIа а даьхьна, тIаьхьо кхузахь бисса сацам бинарш. Цул тIаьхьа и республика талла буьйлабелира Одессера а, Харьковера а студенташ.

1991-чу шарахь Советан пачхьалкх вовшахъяьлча Нохчийчуьра Украине леррина миграци яцара йоьдуш – махкара экономикан хьоло аьтто ца бора цунна.

Керла нохчийн тулгIенаш лестира цига Шемахь долу хьал телхича. Оьрсийчуьра а, Европан пачхьалкхашкара а Асад Башарна дуьхьала тIом бан арабевлла хилла нохчийн аьтто ца хуьлура юханехьа цIаберза, цундела чуван виза ца оьшу транзитан мохк хоржура цара – Украина.

2014-чу шарахь Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси а йина, Донбассехь сепаратисташ бахьанехь кхачамбацарш хила доладелча, "ДНР", "ЛНР" шайха олучу мехкашкара оьрсийн армина дуьхьала а летта, Нохчийчоьнна дIадекха луурш а бевлира. Оцу хеначохь Донбассерчу фронташкахь шиъ нохчех лаьтташ долу декъаш кхоьллира: Дудаев ДжовхIаран цIарах батальон (хьалханча Мунаев Iийса вара, иза вийра 2015-чу шарахь Дебальцево гIалахь хиллачу тIемашкахь), шейх Мансуран цIарах а (хьалханча - ЧIебирлойн Муслим).

2021-чу шарахь Украинан Iедалхой, АТО-н (Украино оьрсийн Донбассерчу ницкъашна дуьхьала яьккхина антитерроран операци) ветеранаш цецбохуш, шейх Мансуран цIарахчу батальонна дуьхьала бевлира, пачхьалкхера арабовлар тIедожийра царна.

Тахана оцу шина тIеман декъех биснарш юха кийча бу гулбелла Украинан гIоьнна дIахIотта

Тахана оцу шина тIеман декъех биснарш юха а кийча бу гулбелла, Украинан гIоьнна дIахIотта. Дудаев ДжовхIаран цIарахчу батальонан куьйгалле хIоьттина Осмаев Адам вистхилира Мунаев Iийса веллачул тIаьхьа, цо кхайкхам бира оьрсийн эскаршка герз охьадилла бохуш, ткъа салтийн дай-наношка дийхира шайн бераш хIуъа дай Украине тIом бан ца дахийтар.

Ичкерин шайн лаамернаш

Чиллан-беттан 26-хь Бельгера Брюсселехь пачхьалкхан комитетан кхеташо дIаяьхьира Нохчийн республика Ичкерин деоккупацина тIехула, цигахь дакъа лоцуш бара Германера, Францера, Швецера, Австрера, Польшера, Великобританера, кхечу пачхьалкхашкара нохчийн диаспорийн векалш.

Нохчийн политико, 1990-чу шерашкахь тIе ца эцначу Ичкерин цхьахволу хьалханча Закаев Ахьмад тIетайра украинхошна, Европехь бехачу нохчех шайн лаамера отряд вовшахтохар а хьийхира цо.

Иштта кхайкхам бира пачхьалкхан бух ларбаран "Толам" комитето а.

Иштта делахь а, тIамехь дакъалаца луурш шеконехь бу, иза низамца догIуш гIуллакх хиларна, цундела цара Украинан Iедалхошка гарантеш йоьху.

Европера нохчийн Ассамблейн координаторна Муртазалиев Асланна хетарехь, украинхойн тийсадаларо иркарахIиттабо нохчий: "Дуьненна гуш ду оьрсийн империн малх дIабузар, ткъа цо тхан даймоке болу сайтийсам юхаберзабо тхуна. Цо шовкъ ло тхуна марсболучу оцу кховсамехь дакъа лаца".

Тайп-тайпана политикан ойланаш йолчу нохчийн диаспорийн юккъера цхьа ойла яц иза. Нохчех доккха дакъа кхетамца тIетов украинхошна, Европа мел-ю протестан гуламашкахь дакъа а лоцуш. Амма Европехь карон хала ду Оьрсийчоьнехьа ваьлла оцу тIамехь дакъалоцурш къобалбийраш.

Украинан декъий

Чиллан-беттан 26-хь официалехь боцу хаам кхечира, меттигера кхоъ вахархо вийна, аьлла. ТIаьхьо хиира уьш Гуьмсара а, Курчлой-эвлара Украинехь байъинарш хилар

Беллачарех дуьххьара дийцира Шелара бахархоша. Кавкавз.Реалиино яздора, Чиллан-беттан 26-хь шайга хаам кхачарх лаьцна, меттигера кхоъ вахархо вийна, аьлла. ТIаьхьо хиира Гуьмсера а, Курчлой-эвлара хилар Украинехь байъинарш. Беллачарах лаьцна дуьйцура социалан машанашкахь а: "ХIаъ, Зарганан кIант ву хIара (видео тIехь гуш жимастаг ву тIеман машенийн колоннина хьалха – ред.), вийна боху хIара Американ, йа Турцин кеманаша… Оцу колонера вайн дуккха а бераш дайъина бохуш дуьйцу. Уьш Белорусера моргашка дIадигина", - дуьйцу цхьана зудчо аудио тIехь.

Чиллан-беттан 26-хь Кадыровс тIечIагIдора, Украинехь нохчочун "коьртара цхьа мас ца йоьжна". Амма Зазадоккху-беттан 1-хь шена муьтIахь болу, Украине тIом бан хьажийначарах дуьххьара белларш хилар тIелецира цо.

"Халахеташ делахь а, Нохчийн республикера бахархошлахь хIинцале а эшамаш бу. Шиъ велла, ялханна тайп-тайпана чевнаш йина", - аьлла Кадыровс.

Оьрсийчуьра эскархошлахь бийъинарш бу бохуш, нохчийн маттахь дуьйцуш дуккха а аудиош яьржинчул тIаьхьа дира цо и дIахьедар.

"Мохьмад, суна ца хаьа, хьалхара а, шолгIа а роташ хIаллакъйина, дийна виснарг бархI стаг бен вац. Ерриг хIаллакйина шолгIа батальон. Яккхийра тоьпаш бен тха диссина хIумма а дац. Дуьхьало ян хIумма ца йиссина тхоьгахь. Тхо ден дакъе дохуьйтур ду. ШолгIачу ротера Джебир а, цуьнца бархI стаг юхавирзина… Суна ца хаьа, тхо гуо бина латтош ду, мича ваха веза а ца хаьа…", - дуьйцу аудион автора. Иза хилла меттиг а, муьлхачу оьрсийн тIеман декъахь хилла ду и зен – хууш дац.

Чиллан-беттан 26-хь Украинан зорбанаша хаамбира 35 шо долу командир Тушаев Мохьмад вийна бохуш, амма нохчийн зорбанаша а, Кадыров Рамзана а бакъ дац иза элира сихонца.

Нохчийчохь гIаттийна пропаганда Советан Iедалехь хиллачун кепехь ю. Телехьожийлехь тIом къобалбарца къамелаш до хьаькамаша а, царна дукхабеза интеллигенцера наха а, политикаша а, иштта, оьрсийн байракхна кIел Украине тIом бан бахначийн дай-наноша а. ЧIогIа даьржина ду нохчийн "Грозный" телеканалехь немцойн "Германин альтернатива" партин политикийн дIахьедарш. Оьрсийн Iедалша лелориг немцоша къобалдеш санна гойту цара уьш.

Iедалхоша гойту беллачу тIемалойн дай-наношна миллион сом доькъуш - даьллачу тезета юккъахь, пачхьалкхан каналан камерашна хьалха.

ХIунда нохчий?

Чехера политолог, Прагера дуьненаюкъара юкъаметтигийн Институтан Iилманан директор, дукха хеначохь нохчийн проблематика теллина волу Кавказан эксперт Аслан Эмиляс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, нохчашна тIе тидам бахийтар Нохчийчоьнан Iедалхоша йинчу пиарца доьзна ду.

Кадыров Рамзана масийттаза дIахьадира, нохчийн нуьцкъахой Шема, Украине, муьлххачу метте хьовсон ша кийча хилар гойтуш, Путинан омра ма-кхаччара

"Интернете яьхначу видеошкара вайна хаьа кадыровцаш Украине хьовсийна хилар оьрсийн оккупацин ницкъийн декъехь. Кадыров Рамзана масийттаза дIахьадира, нохчийн ницкъахой Шема, Украине, муьлххачу метте хьовсон ша кийча хилар гойтуш, Путинан омра ма-кхаччара", - боху Iеламчас.

Амма Украинаца дерг вай схьалаьцча, кадыровцаш цига хьовсор психологин маьIна долуш ду, хета Асланна.

"Психологин Iаткъам боккха бара ишттачу гайтамийн. Делахь а, оьрсийн ницкъахошна а, кадыровцашна а юккъера юкъаметтигаш атта яц, хIетте а, хетарехь, оьрсийн тIемалой теша, Нохчийчуьра ницкъахоша кхин а сов Iаткъам бийр хиларх украинхошна тIе", - билгадоккху эксперта.

Цо бахарехь, "тIемаш лаьттина иттанаш шерахь дIадевлча буьрса нохчийн тIемалочун куц кхолладелла. Цара цигахь дакъа лацаро боккха тидам бахийтина оцу гIуллакхна тIе, кхаьсттина, нохчашца дузу доьналло а, тIамах боьлла хиларо а".

Стратегин анализан Центран а, Централан Европан институтан а эксперта Баранец Томаша бахарехь, шина билламна тIе тидам бахийта беза, нохчий оцу тIамехь хьалхататтаран бахьанаш толлуш. Дуьххьара, иза царна тIехьа лаьтта, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарца вевзаш волу Кадыров Рамзанан васт ду, хIунда аьлча, цунах лаьцна кIезиг ца яздо Малхбузенан Европан пачхьалкхашкахь, цуьнан Къилбаседа Кавказера лулахошца вуьстича.

"И дов Европан дозанна улло гIоьртина хиларна нах сингаттаме бу оцу гIуллакхна. Толам баккхалц Украинаца къийсам латтабе бохуш, кхойкхучу цхьаннан цIе бен ца евза царна", - боху Баринеца.

ШолгIа биллам визуалан бу, цунна хетарехь,

"Аналитикаца догIуш ца хила а тарло хIара, амма нохчий къаьсташ бу шайн леларца – цара ламазаш, зуькарш до. Оцу къастамо билгалбоху уьш, цхьана а хIуманца къаьсташ боцчу, амма дуккхаъчу нахана хьалха", - дуьйцу эксперта.

***

Украине гIоьртинчу заманчохь оьрсийн тIеман гIуллакхдархой байъарх дIахьедира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс а, ГIалмакхойчоьнан урхалхочо Хасиков Батус а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а, Краснодаран мехкан губернаторо Кондратьев Вениамина а, Астраханан кIоштан губернаторо Бабушкин Игоря а.

Оьрсийчоьнан тIеман Министралло бакъдина, Чиллан-беттан 27-чохь Украинехь шайн эскархой хIаллакбарх, амма маса ву уьш, ца дуьйцу.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG