ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь 60 шо кхаьчна Малхбалерчу Германехь оьрсийн "Запорожец" машенан масалица еш хиллачу "Трабант" цIе йолчу жимчу машенан. Советан пачхьалкхехь "Запорожец" санна дуккхаъчу шерашкахь рогIехь а лаьттинчул тIаьхьа, балха тIехь дикчех тоьшаллаш долчу нахана бен кхочуш яцара и суьрка машенаш. Юкъарчу хьесапехь, 12 шарахь собар дан дезаш дара иза эца рогIе язвеллачо.

Нагахь санна тIулган пенаца а, дозанашца а екъначу луларчу Малхбузерчу Германехь дуьненчохь тоьллачех машенаш ларалуш йолу "Мерседес" а, "БМВ" а, "Ауди" а еш, юхкуш, хоьхкуш хиллехь, Советийн тIеIаткъамехь йолчу ГДР шех доцца олуш хиллачу Малхбалерчу Германехь "Трабант" цхьаъ бен боцу автомобилийн индустрияно арахоьцу хохку гIирс бара, кхоъ я шиъ чIуьрг йолу мотоциклаш ца йийцича.

Мотоциклал башха совтIех еза а "Трабант" ца хиларна, ткъа Советашкара оьцучу "Запорожецал" иза дикка йорахох хиларна иза эца луучийн терахьаш пачхьалкхан иза арахеца йолчу таронел дуккха а алсамдара.

"Трабант" арахецар 1991-чу шарахь сацийра немцойн Цвиккау олучу гIаларчу машений заводо – Германи вовшахкхеттачул тIаьхьа цIоьмалг машен цхьана муьрана забаречу дийцарийн а, кхардамийн а турпалхо хилира, ткъа эххар а тоьллачех машенаш эца аьтто баьллачу Малхбалерчу немцоша тессина йитира шерашкахь шайн сатийсамийн лакхе хилла йолу, шаьш безамца "Траби" олуш хилла йолу "Трабанташ".

Цу машенан ша тракторо санна гIовгIа еш хилла болу мотор а, иза 90 км сохьтехь бен чехкаяла ца луш хилар а, иза картонах пайда а оьцуш еш хилар а дара анекдоташкахь дуьйцуш.

Бакъдолчехь ян а яра "Трабант" цхьана декъана кехатах еш. Цуьнан каркас эчигах йина елахь а, амма доккхах долу дакъа шех дуропласт олучу пластиках а, макулатура чекх а йоккхуш кхоьллинчу картонан экъанех а еш деш дара. Цундела вуно яй яра иза хьалаайъа.

Бакъду, Малхбалера а, Малхбузера а Германи вовшашкхеттачул тIаьхьа иттех шо даьллачул тIаьхьа "Трабантан" сий юха а дол-долуш лакхаделира.

ДIаяьллачу заманца йолу носталги цуьнан бахьана делахь а, я "Трабанто" боккъал а кIеззиг бензин дайъарна иза вуно эвсаре хилар делахь а, машенийн дукхалло урамашкахь уьш дIахIиттон паркплатц ца карйойтуш бахьачу баланехь "Траби" дIатарйа цхьа цуьрг а меттиг тоьуш хиларна делахь а, и машен юха а йицлуш лаьттачуьра долахоша хьала а яьккхина, дийна цхьа култ кхоллаелира цунна гонахьа, "Трабантан" фан-клубаш а схьайоьллуш, хIора шарахь цу машенийн долахой цхьаьнакхетарш дIа а хьош, ур-атталла "Трабанташ" чехкахахкарехь къийсамаш а беш.

Карарчу хенахь 30 эзар сов "Трабант" ю Германийн некъаш тIехула хоьхкуш. Церан долахоша вуно кхоаме, жима бер санна лелайо и жима машенаш. Берлинерчу Бранденбургийн кевнашна хьалха туристаш мехах хохкуш ю масех "Траби".

Ур-атталла Голливуде а кхаьчна и суьрка машен – вевзаш волчу Iамеркахойн актеро Хэнкс Тома хьастагIа шен рогIерчу интервьюхь дозаллийца дийцира, шен хиллачу машенашна юккъехь уггаре а тамашийнарг а, ша доккхачу хазхетарца эцнарг а "Трабант" яра бохуш.

XS
SM
MD
LG