ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шейх Мансуран батальонан хилла тIемало СИЗО-ра араваьккхина Украинан кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Киев гIаларчу Шевченковскан кIоштан кхело чохь латточу шейх Мансуран цIарахчу батальонан тIемалочун Вутсаев Iаьлвин хьокъехь сацам хийцина. Электронан хIоз когах а тоьхна, дийнахь-буса цIахь ларвийр волуш ву иза. Цуьнах лаьцна талламан суьдхочо Антонюк Еленас куьйгъяздинчу кхелан сацаман копи Кавказ.Реалии редакцехь ю.

Кхело дихкина Вутсаевна ша вехачу меттигера дIасала, оцу гIуллакхна тIехула юкъаозийначу нахаца а, тешашца а къамелаш дар, тIедожийна Украинан территори тIера аравала бакъо лун кехаташ прокуратуре дIакховдор а, электронан хIоз лелор а.

Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Вутсаевс билгалдаьккхина, низамо ша чохь латто магочу заманчохь шена бехкбуьллу кехаташ довза талламхой цакхиарна араваьккхина ша СИЗО-ра аьлла.

"Оцу гIуллакхан 46 том ю, ас гочдархочуьнца юкъахь цхьана дийнахь йоьшу 200 агIо, цундела со аравоккхуш сацамбина. Бехкехетачун статусехь вуьсуш ву со", - аьлла Вутсаевс.

Цуьнан адвокато Левадный Александра хьалхо дIахьедира, шен клиент ша цхьаъ камера чохь "гIело латточу хьелашкахь ву" аьлла.

Вутсаевна дуьхьалдаьхначу гIуллакхашлахь – стаг лачкъош дакъалацар, талораш лелор, машен ядор ду. Цуьнца декъах хилла ву Украинан вахархо а, Нрохчийчоьнан ши вахархо а.

Донецкан а, Луганскан а дозанаш тIехь Оьрсийчоьнан сеператисташна дуьхьал украинхошца тIемаш бина ву Вутсаев. Шейх Мансуран цIарахчу батальонера дIавелира иза, Украинан Къоман кхерамзаллин Кхеташоно Кавказера схьабевллачаьрца цхьана санкцийн тептаре ша ваккхале хьалха.

Стохка стигалкъекъа-беттан 14-хь Украинан президента Зеленский Владимира шен омрица тIечIагIдина къоман кхерамзаллан Кхеташоно хIоттийна санкцийн тептар. Цуьнан могIаршкахь ву Ушармин батальонан буьйранча ЧIебарлойн Муслим а, оцу тобанера масех стаг а.

Шайхан Мансуран цIарахчу батальонна гIортор йина АТО-хь (антитерроран операцехь) дакъалоцуш тIом бинчу шайн лаамечерах лаьттачу тIеман дакъойн куьйгалхоша а, ткъа иштта цхьаболчу политикаша а, юкъараллин жигархоша а. 50-а гергга юкъараллин вовшахтохаралло кхайкхам бина президентан Офисе, санкцеш кхайкхийначу нахана юкъара нохчийн тIемалой дIабаха аьлла. Ткъа "Правый секторан" векалша дIахьедина, нагахь нохчийн тIемалошна депортаци ян гIортахь, шаьш цунна, герз а карахь, дуьхьало йийр ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG