ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шейх Мансуран нохчийн батальонан цIарах урам биллина Украинехь


Украина – "Ичкери дийна ю!" акци дIахьочу хенахь. Киев, 2017 шо
Украина – "Ичкери дийна ю!" акци дIахьочу хенахь. Киев, 2017 шо

Украинан Днепропетровскан кIоштарчу Карнауховка эвлахь урам гучубаьлла Оьрсийчоьнан чугIортарна дуьхьал тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн лаамхойн батальонан цIарах. ГIишлойн цIерийн "дерусификацин" гурашкахь хийцина ураман цIе, яздо украинхойн "Наш репортер" гIирсо.

Шира (Пушкин Александран цIе) хийцина Каменск гIалин кхеташонан 23-чу сессихь. Карнауховкехь цIераш хийцина 16 ураман а, урамалган а.

Хьалхо Киевехь урам гучубелира къобалъязчу Нохчийчоьнан Ичкерия республикан хиллачу президентан Дудаев Джохаран цIарах. И сацам тIеэцнера гIалин советан пленаран кхеташонехь. Украинхойн шахьаран Соломенскан кIоштахь бу урам.

  • Дудаев Джохаран цIарах урамаш гойла ду тахана Боснихь а, Герцеговинехь а, Литвахь а, Латвихь а, Эстонихь а, Польшехь а, Туркойчохь а, Урдунехь а.
  • Киев гIалин Iедалхойн сацамца хийцина Грозненская урам Ичкерин цIарах. Хьалхо хаамбора, украинхойн Днепрехь лоьран, лаамхочун Окуева Аминин цIарах урам хир бу аьлла. Цунах лаьцна мангал-беттан 24-чохь Днепровскан гIалин кхеташонан пресс-гIуллакххоша хаамбира.
  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь.
  • Иштта товбеца-баттахь Украинан байракхна кIелахь тIомбеш йолчу батальонашкара эскархоша дIахьедира, Нохчийчуьрчу Кадыровн ражна дуьхьал герзаца болу къайлаха болам кхолла кийча ду шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG