Нохчийчохь лаьцна 53 шо долу меттигера яхархо. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Талламхоша бехке йина иза шен майрачуьнан кIентан ши бер хьийзорна. Зуда къера хилла ша берийн могашаллина зен дина хиларна, цу шингазхь цабезам хиларна.
Кхечуьнца цхьана цо молханаш мелош хилла берашна, царна уьш вуно зене дуй а хууш, аьлла ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу талламан урхаллан сайта тIехь.
Зудчунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Талламан комитетан Грозненски олучу кIоштийн юкъарчу талламан декъо. Юьйцург ю "кхиаза ши бер хьийзор" криминалан кодексан артикл.
- 2018-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу цхьана берийн бешахь жимачу кIантана йиттинера цунна тIехь Iуналла дан хIоттийначу хьехархочо. Прокуратурно бинчу хамца, хIиттийначу видеокамераша дIаяздина хиллера, берана зудчо еттар. Иштта гучудаьлла, хьехархочун говзалла а йоцуш иза болх беш хиллийла цу берийн бешахь.
- Кхин а цхьа шо хьалха Нохчийчохь 51 шо долу Невран кIоштара Новотерски эвлара яхархо бехке йинера 5 шо долчу йоIана еттарна. Цу зудчо, коьртах а, дегIах а хIума етташ, хьийзош хилла бер масийтта баттахь. Талламхоша бинчу хаамца, йоIан да-нана дIасадаьллачул тIаьхьа йоI деца йисина хилла, амма 2017-чу шарахь Товбеца-баттахь иза цIераваьлла, шен бер гергарчу зудчун тергонехь а дитина. ЙоIанна етташ хиларх лаьцна полице хаам бина лулахоша. Цул тIаьхьа сихха дарбанан хIусаме охьайиллина дегIа тIехь еттаран ларш йолу йоI.