ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг а вуьйш, тутмакхаш вовшахлетта Хабаровскан махкарчу колонехь


Ангарскера колони (архивера сурт)
Ангарскера колони (архивера сурт)

Ши стаг а вуьйш, вовшахлетта тутмакхаш Хабаровскан махкарчу колонехь, кIиранан дийнахь, хаам бо "Интерфаксо", Оьрсийчоьнан Талламан комитетан меттигерчу Талламан урхаллин зорбан сервисна тIе а тевжаш. Болчу хаамца, талла долийна бехктакхаман гIуллакх.

Зобан сервсисан векалша дийцарехь, №14 йолчу колонехь латар хилла дуккха а чубоьхкинчу наха дакъа а лоцуш. И бахьана долуш ши стаг вийна, 4 тутмакх госпитале кхачийна. Юьйцуш йолу колони ю Амурск гIалахь.

"Интерфаксо" бинчу хаамца, вовшахлеттарг ю колонехь йолчу административан кепана реза йолу а, йоцу а чубоьхкинчу нехан ши тоба.

Администрацин аьтто баьлла карзахдаьлла хьал шен Iуналле эца. Тасадлар хиллачу секторна го а бина, хьал шен куьйгакIел эцна цу чуяханчу лерринчу полицин тобано.

Къепедацарш хиллачу колоне леррина комисси хьажийна, цо къастор ду хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG