ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школехь герз детта воьлла кхиазхо лаьцна Пермскан кIоштахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Пермь гIалина гергарчу Сарс эвлахь таллархочун тоьпаца школе веанчу 12 шо долчу кхиазхочо шозза герз тоьхна хилла тховх а, пенах а. Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамца, иза дIалаьцна. Лазийна, вийна стаг а вац оцу инцидентехь.

Доьшийлехь урокаш йолаялале хьалха кхийсарш дуьйлалучу заманчохь 300 дешархо а, 30 хьехархо а хиллера школехь. Шайн лаамехь гIишлочуьра арабевллера уьш.

РБК-н хаамашца, школан директоран аьтто баьллера зеназа 6-чу классан дешархочуьнгара герз схьадаккха. Цо бертавалийнера кхиазхо шен кабинетчу ваийта а, герз схьадала а. Регионан Iедалхоша тIечIагIйира и информаци. Герз детта бахьана даьлла хила тарлора, школехь иза хьийзорна.

"Интерфаксан" хьастано дийцарехь, дешархо тилкхаза лелаш хиллера. Ша герз деттачу заманчохь уьйр йоцу къамел динера цо, ткъа лоцучу заманчохь мохь биттинкера "Делан пурбанца" лелаш вара ша бохуш, дийцина агенталле къамел динчо. Берийн психиатрин экспертизе хьажор ву лаьцна ялхолгIачу классан дешархо.

Таллархочун карабин шен дегара эцна хиллера кIанта. Ден цIартIехь дIаязйина ю иза официалехь. ТАСС агенталлан хьасто хаам барехь, герз диттинчу кхиазхочунна дуьхьал доккхур дац бехкзуламан гIуллакх.

  • 2018-чу шеран ГIадужу-беттан 17-чохь аннекси йинчу ГIирмин Керчь гIалахь 18 шо долчу студенто Росляков Владислава герз диттира политехникан колледжехь. 21 стаг вийра хIетахь, ша тIелеттарг а цхьаьна. Доьшийлехь дукха нах бойъуш дина зулам лоруш ду иза кху заманарчу Европан исторехь.
  • Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Казанерчу номер 175 йолчу гимназехь эккхийтар а деш, герз диттира Галявиев Ильназа. Исс стаг вийра цо, чевнаш йира 24-нна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG