Нохчийчоьнан урхаллан комитето 2022-гIа шо доладелчхьана республикан куьйгалхочунна а, урхаллина лерина зезагийн курсаш эца йиъ тендер хIоттийна. Карарчу хенара тIаьххьара тендер - 2,5 млн соьманна ю – товбеца-беттан 15-хь хIоттийна.
2,5 миллион соьманна йолчу дуьххьарчу тендерехула чиллан-баттахь туьйлира Коьрте-эвлара Батукаев Рахьман, иштта чиллан-беттахь 3 млн соьманна йолчу тендерехь толам баьккхира Аьхкин-Борзерчу Джабраилова Дагмарас. Иза стигалкъекъа-баттахь а туьйлира 2,5 миллионна йолчу тендерехь.
ТIаьххьаре хIинца республикан куьйгалло 2,55 млн соьманна хIоттийна ишта тендер. Техническан тIедилларца а догIуш, цхьана курсан мах 3 эзар сом хир бу. Уьш 35 курсийн гаьннех а, цхьацца долчу зезагех а лаьтташ хила деза. ЧIогIа долу декоран флористикан кехатца, йа цIенчу хьесах йина сеткаца кечйина хила еза курс, билгалдоккху кехаташкахь. Тендерехула барт шо чекдаллалц беш бу.
Республикан коьртачу хьаькамаша, Кадыров Рамзана а цхьана, официалехь йолчу даздаран мероприятешкахь дакъа лоцучарна лерина ду зезагаш. РогIерчу хьолехь курсаш баркал олучу кехаташца, сийсаллин грамоташца, йа пачхьалкхан а, хьукматан а совгIаташца цхьаьна дIакхачайо.
- Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбора, Нохчийчуьрчу Iедалхоша тIехьарчу терахьца I4 млн соьманна "Ахмат Арена" спортан комплес ларъяран а, иштта 3,5 млн соьманна стадионан VIP-хьешашна шун хIоттон а тендераш хIиттон сацамбарх лаьцна. Цул сов, "адмийн бакъонехула йолчу агIора бакъонийн тIекхиорна" тендерна хьажийра I,9 млн сом, иштта 4 млн сом – зезагийн курсашна а, VIP-совгIаташна а.
- Дагестанан прокуратурано республикан хьукматан къайлах йолчу чоьнашна, кIошташкарчу дакъошна а лерина ремонтана 12 тендер хIоттийнера. Церан цхьанатоьхна мах 4,5 млн сом бара.
- Соьлжа-ГIаларчу "Северный" аэропортана реконструкцина хьажийна йолчу I5 млрд соьманна тендерехь толам баьккхина Нохчийчоьнан куьйгаллица, къаьсттина, пачхьалкхан думан депутатаца Делимханов Адамца йоьзначу "Смарт Констракшн" компанино. Аукционехь и цхьаъ бен декъашхо ца хилла.
- Гражданскан кхерамазаллин гIишлонна капиталан ремонт яран проектан-сметан кехат кхолларан тендер юха а хIотто езна "Ростован транспортан компанин" – иза Милиновскан урамера бомбех лочкъийла ю.