ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шо карадеъчхьана Европера Оьрсийчу дIахьажийна мел лахара а 35 вахархо

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2026-гIа шо доладелчхьана Европан пачхьалкхашкара Оьрсийчу дIавахийтина мел кIезиг а Нохчийчуьра 35 стаг, хаамбина тхан редакцига бакъонашларйархочо, Австрера Ичкерин векало Дунаева Розас. Цо тIедожийна тховкIело йоьхучу нохчийн гIуллакхаш тIеххула бIаьргтоьхна а ца дуьтуш, дуьненайукъара бакъо ца йохош листа, даймахкахь уьш лаца, царна тIехь къизаллаш лело тарлуш хиларх тIечIагIдина тоьшаллаш хилча, царна мехкашкара депортаци ма йе аьлла.

Дунаевас дийцарехь, къаьсттина сингаттамехь ду Германера хьал. Официалан терахьаша гойту шо доладелчхьана Германера 246 Оьрсийчоьнан вахархо махкахваьккхина хилар. Царна йукъахь маса нохчи ву, билггал хууш дац. Амма Дунаевас чӀагӀдо, гезгамашин а, гIадужу-беттанашкахь оцу пачхьалкхера 15 нохчо араваккхар, кхин а кхоъ Австрера дIахьажийна, бохура цо. Уьш берриш а Гуьржийчухула Оьрсийчу кхачийна. Бакъонашларйархошна хууш йу Европера 2026-чу шарахь депортаци йинчу 35 нохчочун цIераш.

Дунаевас билгалдаккхарехь, царех цхьаболчийн мел оьшу кехаташ а долуш дара, 20 сов шераш дара уьш Германихь беха а, ткъа даймахкахь царна тIехь къизаллаш лелийнера, бертаза мобилизаци йарна кхоьруш, бевдда баьхкинарш а бара царлахь.

Лахьан-баттахь, хаамбира къамелдечо, Германира арадовла деза щу аьлла, тIедожийра Абуев СаьIидна а, Алхазов Муслимна а. Иза ший а тоьпаш тоьхначийн олучу тептарехь йазвина ву, махкара кхерамаш а кхочу цу шинна. Ичкерин векалш церан гIуллакхийн хьокъехь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле а бевлира.

"Кхин а нах цIа хьийсон тарлуш ду. Оха, бакъонашларйархоша, кхин дIа а тидаме оьцуш ду хуьлуш дерг, низамаш дохор а дIайаздеш ду, европахойн а, дуьненан а бакъонашларйаран институташка дехарш до, и доьзалш Iалашбархьама боллу юридикан гIирсех пайдаэцахьара бохуш", - дIахьедина Дунаевас.

  • Венерчу Германин векалтана хьалха гIадужу-беттан 21-чу дийнахь акци дIайаьхьира, Оьрсийчу дIабала хьийзочу нохчийн мухIажаршкахьа гIо доккхуш. Жигархоша тIедожийна европахойн Iедалхошна, оцу кепара гIуллакхаш леррина листар а, царна кхерам лаьттачу мехкашка и нах дIа ца хьийсор а.
  • ТховкIело йала тIелаьцначу нехан терахь лахдина шаьш аьлла, официалехь дIахьединарг цхьа Германи йу, амма бакъонашларйархоша чIагIдо, Украинехь шутйрачу барамехь тIом болийчхьана оцу сингаттамехь хилар йоллу Европера мухIажарш. Церан хаамашца, Оьрсийчу дIахьовсийначул тIаьхьа Кавказера 20 стаг вийна лоруш ву хIинцале а.
​
XS
SM
MD
LG