ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терактех пайда хуьлуш ницкъаш бу Оьрсийчохь боху политикан говзанчо Петров Николайс


Оьрсийчоь - Николай Петров, политолог, эксперт.
Оьрсийчоь - Николай Петров, политолог, эксперт.

Сочера Олимпан ловзарш герга гIерташ хIора а ладоьгIуш ву, кхин хIун хуьлу те и бахьана долуш бохуш. ДIадахана шо чекхдолуш дуккха а адамаш а дойуш цхьамогIа терроран тIелатарш хилира Оьрсийчохь, къаьсттина Волгоградехь динарг. Уьш даран хан ларамаза хаьржина яцара зуламхоша аьлла хета Оьрсийчохь вевзаш волчу политологана Петров Николайна.

Кху деношкахь The Moscow Times олучу хIора денна ингалс маттахь Оьрсийчохь арадолучу газетехь артикл арахецна вевзаш волчу политолого, дуккха а шерашкахь Карнеги-центрехь болх бинчу, Петров Николайс. «Хьанна пайда боху терроризмо?» аьлла ю цуьнан цIе. Кхеташ ду юьйцург Оьрсийчура терроризм хилар.

Волгоградехь, троллейбус чохь а, цIерпоштан тIехь а лелхийтарш а дина, вийра 34 стаг. Иза цу гIалахь а ца хуьлуш, Къилбаседа Кавказехь йолчу муьлхха а галахь, масала, Ставрополехь а цхьаьна хиллехьара, оццул боккха тидам цунна тIе ца баха а мегар аьлла хета Петров Николайна. Цуьнан бахьана иштта дуьйцу цо.

Петров Николай: "Аса ойла ярехь, Волгоградехь хиллачу терактийн масштаб йоьккха ю, ткъа иза Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь хиллехь а, цо шена тIеозор бара онда тидам. Амма, халахеташ делахь а, Оьрсийчурча бахархойн менталитето дукха са ца гатдарца тIеоьцу Къилбаседа Кавказехь хуьлуш теракташ, иза ца хилча ца долу дакъа ду аьлла хеташ, цуьнах шаьш доьлла хиларна".

Петров Николайс дийцарехь, стохка шо чекхдолуш дина тIелатарш дика кечдина а дара, уьш динчара алссам шаьш юьхьарлацнарг кхочуш хилийта Iалашо йолуш дина а дара. Царна тIехьа лаьтташ Умаров Докка ву аьлла ца хета шена бохуш вара иза.

Петров Николай: «Суна иза Умаров Докке далур дара аьлла ца хета. Я иза цуьнга шега цхьаьнга далур дацара, кхин хIума ца хилча а, цуьнан аьттонаш болчу меттигана дукха генахь иза дина хиларна. Дерриге а тероран лелхийтарш дIанисйина яьлла бизнес а хилла дIахIоттина ду. Цуьнах пайда хуьлуш нах бу.

Терроран тIелетарш дан деза олий арабовлуш нах а бу. Суна хетарехь, дукхачу хьолахь наха тIе тидам бохуьйту хьа дина эккхийтар бохучунна, цу хеннахь вайна ца хууш дуьсу, я вайн бала а ца хуьлу иза дайта лууш верг мила ву бохучуьн. Ткъа цу хаттарехь йоккха башхалла ю».

Ткъа мила ву те иза динарг аьлла, хаттар хIоттийча, цунна бехке леррина сервисийн белхахой хила мега бохург хила дезаш санна тIеоьцуш ду бохуш, дуьйцу Петров Николайс.

Петров Николай: «"Шена тIе тидам бохуьйтуш ду, эксперташа я юкъаралло мила ву цунна тIехьа лаьттарг боху хаттар дийцаре деш, уьш леррина сервисаш я царца боьзна нах хила мегара бохург дIатоттуш ца хилар. Уьш хила мегар аьлча санна а, хила богIуш болуш санна а хьехош хуьлу. Иза уггаре а вочу агIор хиллачу жамIех цхьа тIаьхьа хета суна, кху тIаьхьарчу 25 шарахь Оьрсийчохь хуьлучуьнан».

Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчура а тIамца доьзна хьал хийца кхин некъаш оьшу аьлла хета Петров Николайна.

Петров Николай: "Тероризамаца кIийсам латто, вайна гуш ма хиллара, хIинца деш ма хиллара, ницкъах пайда а оьцуш, аьтто ца болу. Ткъа и кеп муха йохалур яра те бохучунна вай тIаьхьа ца кхиахь (терроризм бизнесан а, политикан а дакъа санна ехаш а йолуш) вай даиман а дехар ду карарчу хенахь вайгахь болу бала ловш".

Сочехь Олимпиада йолуш Волгоградехь санна долу даккхийн телетарш юхатоха аьтто хир бу аьлла хета Петров Николайна.

Петров Николай: "Олимпан ловзаршкахь кхерамазалла латторах лаьцна аьлча, суна хетарехь, Iедалша инзаре боккха тидам тIебахийтина цунна. Цундела ловзарш дIахьочу зонехь, хетарехь, вайна ца ган а мега кхераме теракташ яр. Кхин ду цунна дукха тидам а, ницкъ а тIехьажийна хилар. Цу Олимпиадера атмосферах хила мега дуьненна а масал санна гайта кечйина йолу чубоьхкина нах латторан колони".

Маршо Радионна ша еллачу интервьхь цхьа хIума диканиг дохIур ду Олимпиадо бохуш вара политолог Петров Николай. Иза чекхяьлча, хьа хIун эр ду бохучуьнга а ца хьоьжуш, Къиллбаседа Кавказера хьал хийца керла гIулчаш яха аьтто хир болуш хир ду Оьрсийчура Iедалш. И гIулчаш ницкъ барца йоьзна хир яц аьлла сатуьйсийла а ду элира цо.
XS
SM
MD
LG