ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

50 шарахь Оьрсийчу вуьтур вац оьрсий сийсазбина Азербайджанан хилла векал


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 50 шарна пачхьалкхе ван дихкина Азербайджанан цIарах Беларусехь векал лаьттинчу Вагабзаде Исфандиярна а, Казахстанан вахархочунна Ахметов Куатна а, "къаьмнашна юкъахь гамо тосуш", интернетехь дIахьедарш дарна. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам.

Урхалло яздарца, кхин дIа а арахьарчу пачхьалкхийн бахархошна дуьхьал барамаш бохуш бу цара, "оьрсийн матте а, Оьрсийчоьнан бахархошка а, дозанал арахьа бехачу шайн махкахошка а цаларарца хьежарна а, иштта агрессица царех лаьцна къамелаш дарна а".

Хьалхо KANAL13 телехьожийлан эфирехь, ша Азербайджанан Беларусехь, Молдавехь, Пакистанехь хилла посол Вагабзаде ву аьлла вовзийтинчо лидер-демократин партин хьалханча Жириновский Владимир "къена вир" а, "хьакха" а ю аьллера.

"Хьакхех санна хьожа оьху хьоьх, хьожа оьху хьан къомах а. Доллу дуьненахь дIасаяьржина шун хьожа, садоIийла а йоцуш", - аьллера посол лаьттинчо.

Цо динчу къамелах бистхила дуьхьал хилла Азербайджанан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь, балхаца ледарлонаш лелорна иза даржера ваьккхина ву 2016-чу шарахь дуьйна аьлла.

Блогера Ахметовс видеороликаш йохура Казахстанерчу туьканашкахь, йохкархошка шеца казахийн маттахь бен къамел ма де а бохуш.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, Оьрсийчоьнна дуьхьал "деструктиве хIуманаш лелош, кхайкхамаш бен" арахьарчу пачхьалкхийн бахархой Оьрсийчу буьтур бац, уьш юкъарчу къепена а кхерамзаллина а тешаме цахиларна аьлла.

  • Оьрсийчоьнан либерал-демократин партин (ЛДПР) лидеро Жириновский Владимира тIедожийна Азербайджанан президентна Алиев Ильхамна, боллу Оьрсийчоьнан бахархой сийсазбинчу азербайджанхойн дипломатана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха аьлла. СоловьёвLive YouTube-каналехь дина цо ишта дIахьедар, яздо Новости агенталло.
  • 2013-чу шарахь Жириновскийс кавказхошка доьзалш ца дебабойтуш дуьхьало ян а еза, Кавказ аьчка серашца Оьрсийчоьнах дIахьулъян а еза, бохуш, рогIехь кхайкхамаш баржийра. Оцу хьокъехь "Яблоко" партин лидер хиллачу Митрохин Сергейс кхерам тесира цунна, цуьнан кхайкхамаш нацистийн а бу, ша иза кхеле а лур ву аьлла. Цуьнан претензеш абсурде ю, пачхьалкхехь дешан маршо ю лелаш аьалла, жоп хазийра цунна Жириновскийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG