ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шозза инарла, академик, лараме фермер. Кадыров Рамзанан даржаш а, совгIаташ а


Кадыров Рамзан полиции инарла-майоран барзакъ доьхна

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна кест-кеста ло керла мидалш а, еза цIерш а, ю царалахь дагахь йоццурш а. ТIаьххьара еллачех ю "Авиценна" орден – могашалла Iалашъечу урхаллина а, медицинан Iилманна а пайда барна. Ткъа оцу хьокъехь болу сацам араболлушехь елла цунна Путин Владимира шен омрица "Даймахканна хьалха хьуьнарш гайтарна" 3-чу даржан орден. Тоххара евлла бIеннал сов Кадыровна кхаьчна мидалш, орденаш, еза цIерш. Оцу совгIатех, даржех уггар бIаьрланаш довзуьйту Кавказ.Реалиино.

2004 шарахь Оьрсийчоьнан турпалхочун седа белла волу Нохийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву шозза инарла-майор. Юхьанца, 2009 шарахь, делира цунна Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан инарла-майоран дарж. Оцу хьокъехь хаам баржийра Соьлжа-ГIалахь Милицин денна леринчу даздаршкахь, амма цуьнца богIу сацам хIинца а бац бовзийтина Оьрсийчоьнан прзидентан официалерчу сайтехула. Беккъа цхьа видеогайтам арахийцира 2009 шеран ГIуран-беттан 14-чохь "Вести" программо, цо дийцарехь, хIетахьлерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нургалиев Рашидан цIарх милицин инарла-майоран погонаш елира Кадыровна.

2020 шарахь цунна Росгвардин инарла-майоран цIе елира, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера иза дехьа а воккхуш. Оцу хьокъехь арахецна буьйр шега телефонехула президента Путин Владимира ша охьадийшира, ткъа "со, цуьнан гIашсалти хиларе тера, нийсса ирахь лаьттира", яздира Кадыровс.

ДогIанахь тIеоьгу мидалш, орденаш

Ткъе иттех сов Iедалан мидаш, орденаш ю Кадыров Рамзанан. Царалахь ю "ТIеман доьналла гайтарна" 2-гIа даржера мидал (2000 шо), "Даймахканна хьалха хьуьнарш гайтарна" 4-гIачу а, 3-чу а даржашкара орденаш (2006, 2021 шераш). Шен ден, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу орден а елла цунна. И орден еш дойъу литтарца 750-гIачу тIегIане яздина долу 60 грамм деши, 500 карате кхочу бIе сов рубин, сапфир, бриллиант.

ДIабахначу Гезгмашин-баттахь "Авиценна" орден елира Кадыровна. Нохчийчохь могашалла чIагIъеш, медицинан Iилма лакхадоккхуш вуно чIогIа къахьегана цо, бохура иза цуьнга дIакхачош махкарчу могашаллин министра Сулейманов Эльхана. Инстаграм машанин нохчийн сегментехь цуьнца доьзна декъалвира мехкан куьйгалхо. Даккхийчу хабаршца вазвира Кадыров парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама а, вице-премьера Усмаев Вахитас а – цара массара а бохура, "къомо доггаха ларамбар гойту совгIато", ткъа цхьаммо а ца хьахийра и тайпа орден пачхьалкхехь йоцуш хилар. Делахь а дукха ду Кадыровн коллекцехь оцу могIарара совгIаташ а:

· Мидал "Бахархой багарбеш хьуьнар гайтарна " (2002 шо

· Мидал "Юкъараллин къеп ларъеш билгалваларна" (2004 шо),

· Орден "Аль-Фахр", хьалхара дарж, Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташо (2007 шо),

· Ларамбен билгало "Машар а, Къинхьегам а" (2007 шо),

· Оьрсийчоьнан халкъан фондан алмазан орден "Юкъараллин ларам" (2007 шо),

· Мидал "Оьрсийчоьнан бехктакхаман-набахтийн система чIагIъярна"(2007 шо),

· Ларамбен Гражданан орден Детин седа "Юкъаораллин ларам" (2009 шо),

· Охьатохарх латаран Дуьненаюкъарчу ФИЛА федерацин совгIат – дешин кочауллург (2010 шо),

· Дашо мидал "Оьрсийчоьнан юьртабахаман комплекс кхиорехь къаьегарна" (2011 шо),

· Медал "Адамийн бакъонаш ларъярна" (2011 шо),

· Мидал "Оьрсийчоьнан бепаш Iалашдарна" (2014 шо),

· Халкъан "Юкъараллин ларам" фондо юкъаяьккхина Дикаллин орден (2014 шо),

· Орден "Исламна гIуллакх дарна" 1-ра дарж.

· Н. Н. Блохинан цIарах йолу дашо мидал (онкологина дуьхьалоеш къахьегарна ло Оьрсийчоьнан Iилманийн академино (2017 шо),

· Юкъараллин совгIат – Дашо седа – Ларам а, Дикалла а;

· Палестинан лаккхара совгIат– "Къудсан седа"орден

Уьш доцуш, дуккха а ду Нохчичоьнан куьйгалхочун лараме совгIаташ – Советан пачхьалкх йоьхча шаьш евллачу пачхьалкхийн мидалш, орденаш, масала, "Астанан 10 шо" я "Петербурган 300 шо".

Юрист а, экономикан Iилманийн кандидат а

Официало бахарехь, Кадыров Рамзана 2004 шарахь чекхъяьккхина ХI]инжа-ГIалара бизнесан а, бакъонийн а институт, караерзийна "юриспруденци" говзалла. Оццу институтехь шо даьлча чекхъяьккхина "финансаш а, кредит а" факультет. Ларийна иза, оцу тIехь ца соцуш, диссертаци а язйина, 2006 шарахь экономикан Iилманийн кандидат хила.

Оццу хенахь волавелла иза цхьацца еза цIерш шена лехьо. 2007 шарахь хилла цунах "Шеран Оьрсийчоьнан вахархо". ТIаьхьо кхаьчна дуьненаюкъарчу исламан лигин карара "Исламан турпал" цIе. ТIаккха елла Мухьаммад пайхамаран хилла хIуманаш гуъечун титул. Кадыров ву бусалбанийн коьртачу хIусаман – Езачу Кхаабин – догIанаш шайгахь кхобучийн могIарахь.

ХIорш ю кхин а цхьайолу Кадыров Рамзанан цIерш:

· "Нохчийн Республикан Iилманийн Академин лараме декъашхо "

· "Нохчийн Республикан лараме вахархо" (2003 шо)

· "Нохчийн Республикан спортан лараме белхахо" (2003 шо)

· "Оьрсийчоьнан Iаламан академин лараме декъшхо" (2006 шо)

· "Кхузаманан гуманитаран академин лараме профессор" (2006 шо)

· ""Нохчийн Республикан лараме гIишлошъярхо" (2006 шо)

· "Соьлжа-ГIалин лараме мэр" (2007 шо)

· "Адамийн бакъонийн лараме гIарол" (2007 шо)

· "Къилба федералан гонан ОфхIанистанана ветеранийн боламан лараме президет" (2007 шо)

· "Футболан "Ахмат" клубан лараме президент" (2008 шо)

· "Нохчийн Республикан лараме гIишлошъярхо" (2008 шо)

· "ГIирма Республикан Iилманийн академин лараме академик" (2015 шо)

· "Кегийрхойн политикан лараме белхахо" (2016 шо)

· ГIиргIазойн охьатоахарх латаран кулутуу кепан массо а йозаллашкара чемпион (20I7 шо)

· Тхэквондо йолхалгIа дан долахьъерг

· Дипломатин тIегIанерчу "Машаран векал" премин лауреат (2017 шо)

· Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу Исламан университетан лараме профессор (2014 шо)

· "Лараме фермер" (2021 шо)

Кадыровс яьхначу титулийн, совгIатийн тIаьххьарчу могIарахь яра махкарчу телекомпанино "журналистан репортаж" ярна елла преми – тотех лаьцна видео яккхарна елира цунна иза.

XVIII–XIX бIешерашкарчу юкъараллин, политикан, динан лидерийн хилла хIуманаш Iалашъярхо а ву Кадыров Рамзан. Нохчийчоьнан исторех а, бусалба динах а йозу мехаллаш ю цуьнан долахь.

Къилбаседа Кавказ толлучу Америкерчу The Jamestown Foundation фондан тергамчас Дзуцати Валерийс бахарехь, шена цхьа хIума Кадыровгара мел оьшучо ло цунна Iедалан реестрех йоцу мидал я орден.

"Мотт хьакхар шатайпа йохк-эцар ю. Цхьаберш дика кхета адамийн психологех. Царна хаьа Кадыровн дог меттахдоккхийла ордено я мидало", – элира Кавказ.Реалиига Дзуцатис ша йинчу комментарехь.

Конфликташ талларан а, дуьхьалояран а центран директора Сокирянская Екатеринас хьахийра "КадыровгIеран доьзалан локхалла".

" Рамзан Ахматович Iедалехь ша цхьаъ бен воцу лаккхарчу дарже кхачош, гоно естон йолийра цуьнан цIе. Оцу бахьаница критика ян йолийра Кадыровна Европан Кхеташоно а тIехь – хIетахь торгалдора Европанна хетарг. И критика йолаелча, хесторца хьалхаваккха волийра Нохчийчохь Рамзанан да Кадыров Ахьмад. Тахана Нохчийчохь, кхеташ ду, гIаьттина лела Кадыровн-воккхахчун ден, Кадыров-жимахчун а сийлалла-культ. Массо а нохчашна хьалха хIиттайо, масалле а юьллуш, яз а еш, Дала йоссийначу дарже а кхачош, КадыровгIеран цIераш", – боху Сокирянскаяс.

Цуьнца доьзна цо дагадоуьйту Нохчийчохь тIаьххьарчу шерашкахь мехкан коьртачу даржашка хIиттораш дукха хьолехь КадыровгIера чуьра нах хилар, уьш кегий бара аьлла ца Iаш, даржашка хийшош хилар: мэраш, министраш, министрийн гIовсаш.

· 2020 шеран Товбецан-беттан 20-чохь Американ Цхьаьанатоьхначу Штаташа санкцийн тептара язвира Кадыров адамийн бакъонаш кIоршаме талхош хьийзарна. Санкцийн тептарахь ю мехкан куьйгалхочун зуда Кадырова Медни а, йоIарий Iайшат а, Карина а. Кадыров Рамзанна дуьхьал экономикант санкцеш йиттира Америко цул хьалха а. Язвина иза а, цуьнан гонера иттех стаг а шайн санкцийн тептаршка цхьамогIа кхечу пачхьалкхаша а.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG