ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецехь тховкIело елла оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона


Блогер Абдурахманов Тумсо

Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона мухIажаран статус елла Швецехь. Шен телеграм-каналехь бина цунах лаьцна хаам цо ша.

"Европан шина пачхьалкхо суна дуьхьало йинашшехь, Швецин Iедалхоша сацамбина суна тховкIело яла, сайн цаьрга болу ларам дIахаийта лаьа суна", - аьлла Абдурахмановс.

Блогеро бахарехь, ялх шо а дара иза Iедалхойн сацаме ладоьгIуш Iен. Швеци кхачале хьалха политикан мухIажаран статус яла дуьхьал хилира цунна Польшехь а, Германехь а, оцу шина а пачхьалкхерчу къайлахчу сервисийн бехк лору цо цунна.

Гоьваьлла нохчийн оппозицин блогер ву Абдурахманов Тумсо.
Ша дIаязъечу видеошкахь цо дуьйцу Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах а, меттигерчу Iедало лелочу кхечу харцонех а. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна йина критика бахьана долуш тIелатар дира Абдурахмановна. Кхелан коьрта процесс йоьдучу юкъанна цунах лаьцна дIахьедира шведахойн прокурора Линдквист Пера, "ерриг а ларш Соьлжа-ГIала кхочуш ю" аьлла, билгалдоккхуш.

  • Байначу беттан 27-чохь Абдурахманов Тумсон Йоккхачу АтагIахь бехачу гергарнаш болчу 30 гергга герзашца стаг веънера кIиранан дийнахь. Ша Абдурахмановс дийцарехь, цара, кхерамаш а туьйсуш, Iаткъам бе баьхна блогеран леларна. И акци хилла Абдурахмановн телеграм-каналан озан чатехь Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад ву ша аьлла, вевзаш воцу стаг гучуваьллачул тIаьхьа. Оцу стага Абдурахмановна кхерамаш а тийсина, дIахьединера, ша цуьнан гергарчу нахе дуьйцуьтур ду шайна цуьнах лаьцна хетарг а, цунах лаьцна компромат зорбане а йоккхур ю ша аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тIелетира стохка Чиллан-баттахь. Иза шен цIахь вара, цуьнан хIусам чу а кхаьчна, тIелеттачо коьртах жIов тоьхча. Блогеран аьтто баьллера зуламхо сацо а, цуьнгара жIов дIаяккха а, полици кхайкха а.
  • Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мохьаммадна вен Iалашонца дан лерина хилла тIелатар юкъахдаьккхира Германехь кху шеран Зазадокху-баттахь. Жимчу стага дийцарехь, Кадыров Рамзанан шича ву бохучу Эдельгериев Паруддина тIедиллина хиллера иза вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG