Швейцарин Берн гIалахь марсхьокху-беттан 18-чохь митинг дIайаьхьира Оьрсийчоьне дIахьовсон кхерам лаьттачу нохчийн мухIажаршна тIехIуттуш. Цигахь дакъалецира нохчийн диаспоран векалша а, бакъонашларйархоша Гашаева Зайнапа а, Газиева Фатимас а, Дунаева Розас а.
Тхан редакцига бакъонашларйархочо Дунаева Розас дийцарехь, митинган декъашхой гулбеллера Германин векалтана хьалха, цара тIедожийра Алхазов Муслиман а, ишта АбуевгIеран а, МуртазовгIеран а, ШахбиевгIеран а, УмаровгIеран, кхинболчийн а хьокъехь гIуллакхаш бакъонца нийса листар.
Хьалхо хаамбора, уьш берриш а Нохчийчоьнан рожах бевдда баьхкина бу, нагахь санна, уьш Оьрсийчу йуха хьовсабахь, царна кхерам лаьтта бохуш. Дуьйцура, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме бахийта тарло, йа уьш леца а, царна тIехь ницкъбан а мега бохуш. Амма Германин Iедалхошна тоаме ца хийтира цара чукхачийна тоьшаллаш, тховкIело ца йаларна дуьхьал масех гIуллакх Нохчийчуьра бахархоша къуьйсуш ду кхелашкахь.
- Алхазов Муслим (Мубарик) кест-кеста лачкъийна дIавуьгура, цунна тIехь Iазапаш а хьоьгура ницкъаллин структурийн белхахоша. Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманчохь Ичкерина гIо латтийна аьлла, бехкевинера иза йуьхьанца. 2018-чу шарахь Алхазовна кхин керла бехк тIебожийра, магийна йоцчу "Исламан пачхьалкхан" байракх цо эвлахь дIатоьхнера аьлла. Масех де полицин декъехь даккхийтира цуьнга. Цига схьадалийнера цуьнан да-нана а, хIусамнана Тазабаева Хьава а. ХIусамнанна йиттина а хиллера, бакъо йоцуш чохь лаьцна а йитинера. Алхазовс бехк шена тIелаьцначул тIаьхьа, берриш а дIахийцира.
- Цул тIаьхьа доьзал Оьрсийчуьра дIабахара Германи. 2022-чу шеран йуьххьехь Тазабаева Хьавас нахаладаьккхира, Нохчийчохь шена тIехь къизаллаш лелор. Цул тIаьхьа цуьнан да, Тазабаев Рамзан, кадыровхоша лачкъийна дIавигинера. Полицин декъере дарбанан цIийне кхачийра иза, цигахь кхалхар а нисделира цуьнан.
- Оцу нахана тIехь оццул Iазапаш хьегнашехь, царна кхерам а лаьтташехь, Германин Iедалхоша тховкIело ца ло царна. Немцойн хьаькамашна хетарехь, шаьш бертаза Гуьмсера полицин декъехь латтийна хиларх тоьшаллаш дан ницкъ ца кхаьчна цу шиннан.