ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сий долу Биболат (видео)


Таймин Биболат Оьрсийчоьнан а, Кавказан а исторехь йоккха лар йитина стаг ву. Ша санна мьарша дахар дезачу нохчашна хьалха ваьлла, къийсам латтийна цо Кавказ дIалацар Iалашонца тIамца цига еанчу Оьрсийчоьнан империца.

МостагIаша а лоруш стаг хилла Таймин Биболат. «Сий долу Биболат» аьлла цуьнах шен «Путешествие в Арзрум» дийцарехь оьрсийн гоьваьллачу поэто Пушкин Александара.

Таймин Биболатан дахарх лаьцна дуьйцу историн Iилманчо Вачагаев Майрбека.

Линкана тIе

Таймин Биболат вина 1779-чу шарахь Шелана гена йоцучу цхьана билтойн кIотарахь. Цуьнан да хилла вордан чIургийн говзанча Тайми.

1802-чу шарахь шеца ялх стаг а волуш, Теркал дехьа а ваьлла, гIалгIазакхийн кардонна тIелетта Таймин Биболат. Шен доттагIан чIир оьцуш цо вийна 11 гIалгIазакхийн салти.

Цигара герз а эцна, гIалагIазакхийн кордон яга а йина, цIавеана иза. Жима воллушехь обург аьлла цIе яхана хилла Биболат.

Кхи а 5 шо даьлча, наха вуно лоруш волу Таймин Биболат шайгахьа ваккха лиина оьрсийн Кавказерчу буьйранчаллана.

1807-чу шарахь цуьнга капитанан дарж кховдийна, шарахь 250 дато сом алапа а хIоттийна. Таймин Биболат реза хилла оьрсийн капитан хила. Амма Биболата куьйгалла а деш, 1807-чу шарахь нохчаша вуно чIогIа дуьхьало йо инарла Булгаков коьртехь волчу эскаршна.

Оьрсийн буьйранчалло дог дуьллу шайга Нохчийчоь тIамца схьаяккхалур ю бохучух. Оццу шарахь Гезгмашин-баттахь инарло Гудовича Тифлисе кхойкху Биболат. Дийцарш дахло кхаа баттахь.

Уьш дIадоьрзу цхьа а жамI доцуш. Оьрсашна гIуллакх дечу меттана, эпсаро Таймиевс тIелатарш деш хуьлу паччахьан эскаршна.

1811-чу шарахь оьрсийн Кавказерчу Администрацино юха а дийцарш дIахьо Таймиев Биболатаца.

Наполеонаца тIом беш йолчу Оьрсийн империно 1816-гIа шо тIекхаччалц сацадо Кавказехь тIемаш бар.

Хьал хийцало Кавказерчу оьрсийн корпусан куьйгалхо инарла Ермолов хIоттийча.

Иза ларам боцуш хьоьжуш хуьлу Таймин Биболате.

Оьрсийн политико тешам бойъу нохчийн Таймин Биболатах. Цуьнан метта адам тIедоьрзу Дагестанерчу имамашна.

1824-чу шарахь аьхка Таймин Биболата дийцарш дIахьо Дагестанехь ЯрагIин Мохьаммадца. Дош лелаш волчу цо дечу тIелатарша вуно доккха зе деш хуьлу оьрсийн эскаршна.

1829-чу шарахь дийцарш дIадахьа юха а шен лаам хилар гойту Таймин Биболата. Оцу хенахь яздина оьрсийн гоьваллачу поэто Пушкин Александара «Сий долу Биболат, Кавказан къонах» аьлла дешнаш.

Амма оьрсийн эскаран буьйранчалло жоп доцуш дуьту цо кхийдориг. Цу хенахь тIаме арабевлла хуьлу мюридаш. Ткъа Таймиев юьстах вуьсу цу гIуллакхана.

1832-чу шарахь, Товбеца-беттан 14-чу дийнахь гIумкийн элано Салат-Гирейс 1822 шарахь шен ден МехIти-Гирейн чIир оьцуш Ташкичу олучу меттехь, тешнабехкаца воь Таймин Биболат.

Цуьнан хуьлу 53 шо.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG