ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьно рогIера скандал эккхийтина


Евробертца йолу юкъаметтигаш бахьанехь рогIера скандал гIаттийна туркойн Iедало. Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран Чавушоглу Мевлютан кема шайн пачхьалкхехь охьадоса елла бакъо шоьтан Iуьйранна юхаэцна Нидерландаша.

И хилла, шайна пачхьалкхехь бехачу туркоша хIоттийначу агитацин митингехь вистхила Роттердаман мэрино дихкинчул тIаьхьа, дуьйцу Маршо Радионо. Туркойн президентан бакъонаш щоръяр доьхучу референдуман гIо лоцуш хIоттош яра митинг. Референдум дIакхайкхийна карабогIучу беттан 16-чу дийнахь.

"ХIолландхой фашисташ а, нацистийн тIаьхьало а ю" аьлла туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа.

"Тилла къамел ду и. Со кхета, уьш оьгIазбахана хиларх, амма ЭрдогIан дешнашкахь дукха тIехваьлла" аьлла, Нидерландийн премьер-министро Рютте Марка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG