ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитето толлуш ду Нохчийчохь Росгвардина дина тIелатар


Талламхоша бехктакхаман гIуллакх схьадиллина Нохчийчохь Росгвардин тIеман дакъа дIатарделлачу меттигана тIелатар дар бахьана долуш, хаам бо Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, Новрахь хиллачу цу тIематасадаларехь вийна 6 эскархо а, ткаъ иштта вийна тIелатар дина 6 тIемало а.

Талламан комитето бинчу хаамца, бехктакхаман гIуллакх толлур ду «эскархошна тIелатар дарна а, федералан низмо билгалъяьккхина йоцучу тIеман тобанехь дакъалацарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, герз лачкъорна а».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG