ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со паргIат йаьлла-кх". Аренца бехачу нохчийн зударийн дийцарш

Нохчийчуьра мухIажарш бу Белоруссин дозанехь, архивера сурт. 2015 шо
Нохчийчуьра мухIажарш бу Белоруссин дозанехь, архивера сурт. 2015 шо

1990-чу шерашкахь Оьрсийчоьно Нохчийчохь ши тIом баккхар бахьана долуш, дуккхаъчу зударийн даймахкара дIабаха дийзира шайн доьзалашца цхьаьна. Цигахь, цхьана хенахь карти тIехь бен гина а йоцчу пачхьалкхашкахь керла дахар долон дийзира церан. Иттаннаш шераш дIадахна хIинца-м, Европех царна денцIа а хилла. Ткъа хIун хилла оцу зударех шайх оцу хеначохь? ХIун меттиг дIалаьцна цара даймахкана генахь? ХIун Iалашдан аьтто хилла, хIун хийцаделла? ЦIа баха дагахь а буй Нохчийчуьра бахархой? Оцу доллчух а лаьцна цара дийцира тхан редакцига.

"Цхьаммо а ца хьоьху суна, муха йаха йеза".

Iайшат, 60 шо. Франци

– Сан цIийнда дукха хьалхе кхелхира, тIом а балале, суо йисира шина бераца а, берийн дехошца а. ЦIийнда вацара аьлла, со суо йацара, ма-дарра аьлча, даим а суна тIехь бIаьрг латтабора сан марзхоша, цаьрца цхьана кертахь йехаш а йара со.

Иза кхелхинчул тIаьхьа, суо царна хийра хетара суна. Сайга мел бохург, сайна тIе мел дуьллург кхочуш а деш, церан бага а хьаьжна йисинера со. Бепиган йуьхьиг а тIехйетташ цара, хала баккха безаш бар-кх ас и межарг. Сатасале гIоттий, маьркIажан бода баллалц йецара со: дIайуьйш, асарш деш, кхиош, бежнаш лелош. Йиъ маьрйиша а, кхоъ марваша а вара сан, царна массарна а йуург йан декхарийла хуьлура со, царна тIахьара а дIайаккха, бедарш йитта, царна итош хьекха а. Туьйранахь хилла Золушка йуй, иза хетара суна со а, сайн марнанас соьца а, шен йоьIаршца а латтош хиллачу йукъаметтигашка хьаьжча.

Нохчийчоь, 1996 шо
Нохчийчоь, 1996 шо

Цхьана дийнахь Европехь йехаш хилла сан доттагI цIа йеара шен берашца хьажа-хIотта. Сайн бала цуьнга балхийра аса, тIаккха сох дог лезначу цо накъосталла дира суна цIера къайлах дIайаха.

Кхуза схьайеанчул тIаьхьа сан дахар хийцаделлий, хоьтту ахьа? ХIаъ, дикачу агIор хийцаделла. Дуьхьара суна суо адам хийтира кхузахь. Айса дан дезарг а деш, сайн доьзалан дола а деш, сайн берийн дахар дIанисдан аьтто хилира сан, царна луъучу агIор. Доьзал кхиъна, цаьрга дешийтина аса, меттанаш Iамадайтина, кога-ира а хIиттийна, адамаш дина аса царах. Францхойн мотт Iамийна аса айса а, болх беш йу, сайн гIуллакхна а, доьзалан хьашташна а тоаме хуьлу доккхург, цхьаннах а йоьзна йац. Цхьаммо а хIетахь дуьйна аьлла дац соьга: "хIара нийса дац", "и ма де", "важа ма де". Цуьнан дуьхьа а йан йезаш хиллера со кхуза схьа, аса мел дукха халонаш кхузахь лайнехь а.

Дера хIета атта ма дацара цIера а йаьлла йаха. Хьалхара шераш къаьсттина хала даьхкира: керла мотт, хийра мохк, ца девза низамаш, даим а кехатийн гIуллакхш листар. Мотт хууш ца хилча, къаьсттина хала дара болх карон. Хала лайра аса гергарчех къастар а. Къаьсттина нанна са гатдора аса, сайн цIенна, шерашкахь сайн ган аьтто боцчу адамашна а са хьийзара. Оцу доллучо а муонаш дитина сан дагчохь.

Кхузарчу диаспорица башха гIуллакх а дац сан. ХIора баттахь ахча йукъа дуьллу аса, дуккхаъчу кхечу наха а санна. И стенна гулдеш ду аьлча, нагахь йалар кхузахь нислахь, суо дIайолла даймахка дIайахьийта, сайн доьзална сайх бала ца бан.

Французашлахь сан дуккха а доттагIий бу, кхечу къаьмнашлахь а бу. Аса хецна буьйцу францхойн мотт, адамашца самукъадолу сан, цаьрца атта бийца мотт а карабо суна. Цундела суо кхузахь хийра ца хеташ хир йу-кх суна. Франци суна сайн бакъ долу цIа хета.

Бакъдерг аьлча, эмиграцехь зуда а хилла йаха чIогIа хала ду, цхьана шина дуьненна йукъахь суо йолуш санна хетара суна. Суо стенгара йу а хууш, сайн мотт а, гIиллакх, ламасташ а лардеш, цуьнца цхьаьна керлачу, хийрачу нахана йукъахь а дIатарйала йезаш хуьлу-кх.

Амма бакъдерг ала деза, кест-кеста цIайахарх лаьцна ойланаш хьийза сан коьрте. Цигахь ма ду сан орамаш, сан бералла, сан мотт, сан дагалецамаш, сан гергара нах. Амма бакъду, хIокху шерашкахь со суо а хийцайелла, гуш йу суна. Цкъа мацца а сайн даймахка йаха дIайахар нислахь, тахана сайн йолу маршо тIетоьар йац суна. Цкъа мацах кхера а кхоьруш, цIера дIайахана хилла жима зуда ма йац со хIинца.

"Эмиграцехь уггар а халаниг-цхьалла йу"

Малика, 59 шо. Австри

– Цкъацкъа хета суна, сайн дахар шина декъе декаъеделла. Хьалхара дакъа- Нохчийчоь, ткъа шолгIаниг- цIера йаьллачул тIаьхьа мел дерг. Цхьа а доза дац царна йукъахь, хIунда аьлча, дIадахнарг даим а хьоьца дуьсуш ма дуй.

Тхо схьадогIучу заманчохь, сайн ойла ца йора аса, сайн берийн ойла йора. Царех цхьа дика дамаш хилийта лаьара суна, кханенах кхера а ца кхоьруш. Цаьрга дешийта, уьш маьрша синош долуш адамаш хуьлийла лаьара сунпа. ХIетахь айса уьш цхьана вочу хIуманах кIелхьарабохуш санна хетара суна. Цул тIаьхьа дуккха а хан-зама дIайахча со кхийтира, айса суо а цхьаьна кIелхьара йоккхуш хиллера аса.

Брестера нохчийн мухIажарш
Брестера нохчийн мухIажарш

Эмиграцино чIогIа хийцина со, суна ца моьттучу агIор. Даймахкахь массо а хIума цхьа ишта хила дезарг санна тIеоьцура, ткъа кхузахь айса сайх йуха кхета йуьйлира со: со мила йу, со стенна гунахь йу бохуш. Болх бан а, деша а аьтто хилира сан кхузахь, тайп-тайпана адамаш а девзира. Амма цуьнца цхьаьна цхьа тамашийна сингаттам а лаьттара соьца. Даймахках хаьда ваьхнарг бен кхетар волуш хIума дац и.

Суна хетарехь, уггар а халаниг дара суна эмиграцехь- цхьалла. Хьуна гонах дуккха а дамаш делахь а, цкъацкъа хьайх кхетар верг ца караво-кх хьуна. Цундела диаспора суна чIогIа коьрта йу. Цигахь девзина суна дуккха а адамаш, суна диканна а, вонна мичча хенахь а тIехIуьттур долу. Амма цкъацкъа царна гена йала лууш мIаьрго а нислора, хIунда аьлча, жимачу диаспорехь хIораммо а доIу са а цхьана хууш ма-хуьлий.

Тахана Европехь зуда а хилла йахар суна- ламасташ лардар дац, иза сий лардар а, мотт дIа ца тасар а, хIетте а тIаьхьа а ца хьоьжуш, хьалха дIайахар а ду. Хенан йохалла со-м цIа гIур йу, амма бакъду, сан бераш цIадахар хьахийча мага-м ца мега.

"Сайн бакъонаш Iалашйан а, ца кхера а Iемина со"

Лайлаъ, 57 шо. Польша

– Хьо стенна дIайахара Нохчийчуьра аьлла, сайга цхьаммо хаьттича, суна чIогIа хала ду цунна доцца жоп дала. Суна хIун ала деза цахаар дац иза, оцу сан сацамна тIехьа дуккха а хIуманаш хилар ду. ТIом бара, берашна цхьаъ хиларна кхоьрура, буьсанна наб йайнера, кхана хIун гур ца хууш зама йар-кх и.

Цхьа тоьлла дахар лоьхуш йацара со, сайн бераш маьршачу, синтемечу пачхьалкхехь кхион лаьара суна, дуьйлуш герзаш а доцуш, хIоразза неI мел туху кхера а ца кхоьруш. Карахь-куьйгахь кхин хIума а доцуш дIадахара тхо. Гуттарена а ца доьлху, жимма хан а йаьккхина цIа гIур ду аьлла, ойла йара сан. Амма дахар кхечу аIгор нисделира.

Хьалхара шераш чIогIа хала дара. Мотт ца хаьара суна, гонахара адам а, дахар а муха ду а ца кхетара. Суо цхьа жима бер хетар-кх суна, доллу хIума а йуха довза дезаш. Цкъацкъа-м чу а йоьлла, нахах къаьхкина хан йаккха лаьара. Амма суна уллохь бераш дара, цара бакъо ца лора суна, къарйала.

Нохчийн бераш ду Варшавина гена йоццучу Дебак эвлахь, 2008 шо
Нохчийн бераш ду Варшавина гена йоццучу Дебак эвлахь, 2008 шо

Эмиграцино дукха хIума Iамийра суна. Айса сайн гIуллакх дора аса, сайн бакъонаш Iалашйора, гIо деха ийза ца лора. Амма оцу хIуманца цхьаьна кхетам а беара соьга, маршо-иза аьтто хилла ца Iа, иза доккха жоьпалла а ду аьлла. Кхаа кIантах жоп дала дезаш йара со, церан гергарчарна а, кхана-лама, "оха бехирий хьоьга" бохуш, сайгара бехкаш ца дахийта.

ХIаъ, бакъдерг аьлча, даим а уллохь хилла бу суна кхузахь вайн нах. Эрна къамелаш а ца деш, суна гIо дина нах а бу, Дела реза хуьлийла царна. Амма цхьацца меттигашкахь ницкъ хуьлура суна. Хьайн цIенна эзара километарш гена хьо йелахь а, хьо кхеташ хуьлу-кх, хьалха а санна хьуна гонах дуьйцуш хабарш хуьлий, хьан терго йеш, хьо муха йехаш йу, тIехь хIун лелайо, хIун йуу, хIун до хьуьйсуш… Цундела тхана жимма хиэра йаьлла со диаспорина.

Доханал арахьа йаха а йехаш, нохчийн зуда а хилла, йиса, суна оьшуш ду сайн дай биц ца бар, мотт Iалашбар, ламасташ лардар, амма сайна хетарг а деш, уьш лардеш ду аса.

Тоххара кест-кеста берашца цIа йоьдура со. Суна чIогIа коьрта дара, царна шайн дай а, шаьш схьабвелла латта а довзар. Тхан йиша-ваша, церан доьзалш йа ваша волчахь, йа йишин хIусамехь гуллой, цигахь хан йоккхура оха. Гергара нах вовшахкхетча, дуккха а забарш, дагалецамаш, бийларш хуьлу-кх муьлхха а доьзалехь. Амма оха дуьйцург хIуъа делахь а, эххар а политики тIе доьрзура тхан къамел. Тахана Нохчийчохь долу хьал а хьахалора. ХIоразза а баалдаш тIе пIелг а тухуш, цхьаммо олура меллаша: "Ма дийца хьашт доцург, цхьа кхин хIума дийций вай" олий.

Йуьхьанца цецйолура со, йуха суо а ларйала йолайелира. Ойла йора аса: сайн чохь, сайн нахана йукъахь, сайна луъург дийца йиш йац-те сан олий.

Цкъа мацца а Европера сайн цIа йерза дезахь, со-м йоккхайуьйр йу сайн нахана йукъахь Iаш, сайн лаьтта тIехь йаха. Амма суна оьшур йу Европехь сайна карийна маршо. Маьршша сайна хетарг дIа ала а, суо йерг хила а. Эмиграцихь соьца хиллачу хийцамах и бу-кх уггар а боккханиг: сайн даймохк безар а, маршо йезар а.

"Маршонан чам чIогIа дика бевзина суна"

Луиза, 50 шо, Германи

– Ткъа шо хьалха цхьамма сан дахар ишта-вуьшта хир ду аьлла, сайга аьллехь, со къежар йара. Ишта хила тарлуш хиларх цатешар дацара иза. Ишта сайн дахар хир ду аьлла, гIенах а суна дагадеана цахиларна дара.

Алапа схьаэцча, йуха карадаллалц хене йуьйлура со. Наггахь хьедора алапа, тIаккха кхоон дезара сан, бутт дIабаллалц ца тоахь а бохуш. Чохь бераш дара, йеххачу заманчохь хIусамда болх боцуш лийлира, доллу жоьпалла сан белшаш тIехь дара. Латкъамаш бане а ца бора аса, Iуьйранна хьала а гIоттий, сайн дан мел дезарг кхочушдора аса. Массо а зуда иштта йехаш йу аьлла, йара сан ойла. Сайна оьшучун, луучун ойла йан хан ца хуьлура.

Нохчийчоь, паркехь хиъна Iен йоI
Нохчийчоь, паркехь хиъна Iен йоI

Нохчийн хIусамнана тийна-таьIна, хIусамдеца девне а ца йуьйлуш, дукха а ца луьйш, долчух тоам а беш, шена луург тIаьхьа а дуьтуш хила йеза аьлла, ойла йара сан, жимчохь дуьйна сан нанас коьрта чу йиллина. И дерриг а нийса дацара олийла дац сан, амма цхьана дийнахь со кхийтира, и дерриг лардеш схьайогIучу суна, сайн аз хезаш а дацара.

Европе со схьайеанчул тIаьхьа, сан дахар аттачу ца делира. Дерриг цIахь а дитина, сан дахар цIенчу тептарца долон дийзира сан. Дуккха а болх бан дезара, мотт Iамо, массо а халонца суо ларор йу аьлла, сайх тешна берш тешон а оьшура, уггар хьалха цунах суо а тешаш. Амма аса мел дечух суна пайда хуьлура.

Тахана гIалин уггар а тоьллачу меттигехь схьайиллина аса лелош йу хазаллин салон. ЧIогIа самукъа долу сан Iуьйранна цуьнан неIарш схьа а йоьллий, ванах хIара дериг а аса айса дина ду-кх бохуш, цецйуьйлуш.

Йоккхайоь со, айса кепекаш йагар цайарна, кханенах суо кхоьруш цахиларна, сайн берашна а, гергарчу нахана а гIо дан ницкъ тоарна, сайна хазахеттарг тIейоха а, сайн са лаьттачу йаха а аьтто хиларна. Наха цхьаъ эр дара бохуш, кхера а ца кхоьру со хIинца, сайна товш доцург-ца дан а, луург дан а йиш йу сан. Зудчо шен лаамаш хьалхабаьхнера аьлла, цуьнан мах охьаболу, иза нохчийн зуда хуьлчура йолу аьлла ца хета суна.

Цкъацкъа соьга хоьтту, цIа йан ца лаьа хьуна олий. Аса даим а жоп ло: сан дог гIерта Нохчийчу, са а хьийза, даймахкана гена ваьллера аьлла, цуьнга болу безам дIа ма ца болу. Амма со йуха йодахь, сан хийцайала дезар ду, хьалха санна хила йезар йу, наха олучух а кхоьруш. Суна ишта йаха ца лаьа. Маршонан чам дика бевзина суна, цIа йахар хьехочохь а дац.

  • 1990-2000 шерашкахь Нохчийчохь хиллачу тӀемаша бахьана дуккха а нах Европе а кхечу махкашка дIабахара. Европехь нохчи мухIажаршна маьрша ду, амма цаьрна хьалхьа кхин - социалан а, културан а халонаш лаьтта. Тахана тIекхуьаш долу чкъор къасто дезаш хуьла: йа шайн дай ламасташ, йа шаьш хьалакхиина дола юкъаралан дахаран аматаш тIеэца. Муха хир йу техьа арахьарчу нохчийн кхане? Шайн къоман Iадаташ а культура ларлур йуй техьа цаьрга. Уьш а, кхин долу а хаттарш дийцаре дира тхан редакцино диаспорин векалшца.
  • Евробертан пачхьалкхашкахь политикан тховкIело лоьхучу Къилбаседа Кавказера бахархошна аттачух дацара 2024-гIа шо. Дуьненайукъарчу а, меттигерчу а бакъонашларйархойн йукъараллаша царна экстрдици ма йе бохуш, векалаллашна хьалха митингаш, пикеташ латтош йоллушехь, Оьрсийчоьно Интерполехула лоьзучу нахана экстрдици йо. Цхьацца йолчу меттигашкахь адвокатийн ницкъ кхочу и стаг дIалуш бина сацам йухабаккхийта. Нохчий террорхой бу бохуш, Кремло йукъайаьккхина тезис, тахана а йиц йа йелла, бохуш чIагIдо диаспоран векалша.
  • Бакъонашларйархошна хааделлачу суьртаца, Оьрсийчохь доьзалехь ницкъбар кхаьсттина дукха нисло кху тIаьххьарчу ворхI шарахь Къилбаседа Кавказехь. Иштта хьесап дина Ad Rem тобано шайн рапортехь. Цу шерашкахь махкахь гIело латточу нахана гIо дар чолхе даьлла: церан гергарчара а, меттигерчу бакъонашларйаран органаша а кхерамш тийсарна. Шаьш цIера бевддачу нахана кхерам лаьттина ца Iаш, хьовзам болу цунах кризисан тобанийн белхахошна а цхьаьна. Тхан редакцино йаздира доьзалехь ницкъ латторах лаьцна шен материалехь.
XS
SM
MD
LG