Оьрсийчохь "арахьара агенташ" бу аьлла дIакхайкхийначу нахана четарца чулелхар Сочихь дихкина. Оцу кепарчу омрана куьйгйаздина гIалин мэро Прошунин Андрейс.
Кубанхойн журналисто Кошик Андрейс бинчу тидамца, "арахьарчу агенташна" ишта магор дац доларчу кеманашца дIасалела а, дронаш лелон а. Цунах лаьцна йаздина ду номер 3691 йолчу сацамехь, цунна Прошунина куьг йаздина лахьан-беттан 23-чохь.
ХIинца дуьйна Госуслуги порталехула дехар чу лучу узаманчохь, и стаг "арахьарчу агентийн" тептарехь вуй хьовсур бу. Нагахь санна, иза цу тIехь нислахь, тIаккха доьхкур ду цунна лакхахь хьахийна мел дерг, йаздо «Федерал Пресс» интернет-гIирсо. Ишта билгалдоккху цо, "профилан структуращца цхьана цу кепара сацамаш тIеоьцуш" хилар аьлла.
"Медуза" гIирсо йаздо, "халкъан мостагIий" аьллчу тептарехь болчу бахархойх а цхьана и дехкар хьакхалуш хилар, тептар хIоттийна, лелош ду юридикан министралло. Буьйцурш бу, "ханна дозанаш" диттина бахархой, уьш бу шайна дина таIзар "кхочуш ца дайта", дозанал арахьа бехарш.
- Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а иттаннашкахь нах бу "арахьара агенташ" аьлла, дIакхайкхйина. Бу царлахь йукъаралхой, журналисташ, политикаш, организацеш.
- Стигалкъекъа-баттахь юридикан министралло "арахьара агентт" йу аьлла, дIакхайкхийра информацин-аналитикан "Башня" цIе йолу центр. Iедалхойн сацамна жоп луш цигахь дIахьедира, "Кавказах, репрессех, Кремлан цензура а йоцуш бакъдерг мел дуьйцу муьлхха а майда оккупацин системина "кхераме" хета аьлла.
- ГIадужу-баттахь юридикан министралло ца оьшучу организацийн могIаре йаьккхира "Тбилисин гIалгIайн культурин центр".