1996-чу шеран марсхьокху-баттахь Ичкерин тIемалой Соьлжа-ГIала чубахара, "ДжихIад" цIе йолу операци а йолош, гIала федералан эскаршкара йуха схьайоккхуш. Хьалхара тIом боьрзуш, тIаьххьара латар дара и. Масех де даьлча Оьрсийчоьнан дакъош гоне дерзийра. Марсхьокху-бутт чекхбаллалц лаьттира тIемаш, тIаккха декхаре хилира Хасав-Йуьртахь бертан дийцаршна куьйгаш йаздан. Оцу бертаца цхьана Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх йу аьлла, дIакхайкхийра, ткъа Москвана а, Соьлжа-ГIалина а йукъара мел доллу хеттарш листа дезара дуьненайукъарчу бакъоне хьаьжжина. Тхан сайто вовшахтоьхна оцу денойн теш хиллачийн дагалецамаш, церан иэсехь бисина ма-хиллара.
"Сан йисинарг итт минот бен хан йац"
Зайнапан ватсапехь лаьтташ цхьана къоначу стеган сурт ду, цу тIехь йаздина ду цо – 1996-чу шеран марсхьокху-беттан 6-гIа де аьлла, ткъа суьрта бухахь йаздина цо: "30 шо" йоза. Дуккхаъболчарна оцу дено дагатосу цу заманара хиламаш, ткъа цунна – и де декъаделла шина декъе. Оцу дийнахь Соьлжа-ГIалахь тIепаза вайна цуьнан хIусамда. 30 шо даьллачул тIаьхьа и Iуьйре дагахь йисина цунна ма-йарра.
- Оьрсийчоьнан эскарш чу а даьхкина, Нохчийчохь тIом болабелла хьалхарчу беттанашкахь сан берийн да тIемалойх дIакхеттера. Цо олура, ша декхаре ву тхо а, тхан латта а, тхан къам а Iалашдан. Цуьнан 36 шо дара хIетахь, сан – 29. Кхо бер дара тхан: йоккхахйолчуьн 11 шо дара, шолгIачун ворхI шо, жимахволчу кIентан- диъ шо.
Соьга массара а цхьабоса олура: "Иза йийсарехь ву. ЦIа вогIур ву".
1996-чу шеран товбеца- бутт чекхболуш цӀа веара иза. Шайн тоба Веданан кӀоштарчу ДаьргӀа эвла дӀайоьдуш йара, цундела тхоьца Ӏодика йан чу хьоьвзина ша аьлла. Йерриг а суьйре берашца ловзуш, церан самукъа доккхуш дIайаьхьира цо, цхьаьний охьахоьвжина суьйренан пхьор а диира оха.
ТӀаккха ас бераш дӀадийшийра, иза соьца къамеле велира. Цо дехар дира соьга, берийн дола делахь, цхьана а хьелашкахь уьш цкъа а дӀа ма тасалахь аьлла. Уьш чӀогӀа безаш а, царна чIогIа тIера вара иза. ТӀаккха цо шен шина кIанте охьахиъна, кехат йаздира, уьш баккхий хиллалц ларде, цул тIаьхьа цаьрга шен цIарах дIалолахь аьлла. Цу тӀехь цо йаздинера, шена уьш безаш хиларх а, даима вовшашца дика, мерза, ларам болуш хилалаш бохуш, весеташ а деш.
Сокол цIе тиллина, цхьа говр йара цо чIогIа дукха йезаш лелош. Нагахь санна, шегара кост доцуш хан йалахь, и говр дIайохка пурба ло ша суна элира цо. И ахча жимма берашна лол тоха тоаме хир ду хьуна аьлла. Баттахь цIа войла хир дац шен бохура цо, амма цуьнан леларца, сан даго хьоьхура: иза кхин цIа вогIур вац.
Тхойшиннан дахар даим а дацара мерза, цхьана эшарехь, цундела цо соьга дехар дира, шена къинтIера йала аьлла, шегара мел хиллачу цатомана аьлла. Цуьнга ла а доьгIуш, тийна Iара со, лаьтта бIаьра а хьоьжуш, къайлах къурдаш деш. Сан багара дош доллушехь, са тоха а ца делла, сайн йелхар эккхарна кхоьруш Iара со. ТIаккха пенах кхозучу сахьте бIаьрг а тоьхна, цо элира соьга: "Ахь суна гечдахь а, ца гечдахь а, сан йисинарг итт минот бен хан-м йац".
Ша дIавахале, хIора берана тIе а хIуттуш, церан коьртах куьйг а хьокхуш, царна тIера йургIа нисдеш чекхвелира иза. Цуьнга хьоьжуш лаьттара со, ванах боккъал а кхин гур вац-кх суна иза, тIаьххьара суьйре хила тарло-кх хIара бохуш. Накъостий тIаьхьабаьхкира цунна. Иза новкъавоккхуш кетIа, цунна тIаьхьа со а йелира. Лаьттира со, иза дIавуьгуш йоьду машен некъан голатухучуьра къайлайаллалц. Ишта тIаьххьара гира суна иза…
Веданахь хIетахь синтеме дацара. Цхьана дийнахь Соьлжа-ГIалахь Iаш хилла сан марнана цIа йеара, цо элира гIалахь маьрша а, тийна а ду, доккхаха долу ши бер ша охьадуьгур ду, хьуна а жимма атта хир ду аьлла. Жимахволчу кIантаца цIахь йисира со. Ков-керт дIатесна, дерриш а цIера довлийла йацара тхан, бежана, котам йара лелош, сан хIусамдас йезаш лелийна говр а ма йара дола дан дезаш.
1996-чу шеран Iуьйре йара и. Сатасале чохь-арахь мел доллу гIуллакх а дина, жимахволчу кIантаца лулахошка йахара со, жимма хан йайъа. Церан жимо телевизор йара, уьш берриш а цунна гонах гулбелла, керлачу хаамашка ладоьгIуш Iара. ТIаккха цара кар-кара оьцуш, йуха дуьйцура соьга, тIемалой Соьлжа-ГIала чу бахна, цигахь баккхий тIемаш бу боьлхуш аьлла. Сан са кархазделира, гIалахь долчу берашна а, цигахь бисинчу нахана а, уггар чIогIа цIахь воцчу берийн ден а ойла йора аса. Со тешна йара, иза цигахь хир ву аьлла.
Масех де даьлча берийн денана Соьлжа-ГIалара цIа йеара йуьрта, бераш а далош. ЧIогIа хала арабевлла а хиллера уьш гIаличуьра. Iалхан-Йуьртахула даьхкина шаьш олура цо, цхьана нахехь буьйса а йоккхуш, ах некъ гIаш а беш.
Дукха хан йалале тхан эвлара тIемалой цIа эха буьйлира. ТIом бирзина бохуш, дуьйцуш хабарш а дара. Со сатуьйсуш Iара. Тхешан ков цхьаммо тоьхча, йа кетIахь машен сецча, берашца цхьаьна ураме уьдура со а, хIоразза а иза ву моьттуш.
Тахана а иза дийна вац аьлла йац сан ойла
Денош дIаоьхура, цуьнгара кхочуш хабар а дацара. ТIаккха оцу тIемалойн цIа йоьдура со тхан эвлахь, берийн да хоьттуш цаьрга. Царах хIораммо а соьга тайп-тайпана дуьйцура. Цхьаммо цхьаъ дуьйцура, вукхара-кхин, тIаккха кхийтира со, цара сох цхьаъ лечкъош дуй.
Цхьана дийнахь кост кхечира тхоьга: цунах хилларг хууш дац, иза доьза вайна аьлла. Амма суна иза жоп ца хийтира. Оха лоьхура иза: йоллу йарташкахула чекхдуьйлуш, иза хоьттуш, беллачийн тептарш луьстура, йийсархошлахь лоьхура, телехьожийлехь кхайкхийра. Цунах хилларг хаа гIертара тхо. Ур-атталла пал тосучу нахана тIе а лестара со, цара иза дийна ву аларе сатуьйсуш. Цара-м ала а олура соьга: "Иза йийсарехь ву. ЦIа вогIур ву".
Оцу дешнех дегайовхо а йина, ла доьгIуш Iара со а. Шераш дIаоьхура, амма дог ца дуьллура аса. ХIинца 30 шо дуьзи, хIетте а дог ца Iа-кх хьалха а санна, са ца туьйсуш.
Дуккхаъчу нахана мархьокху-беттан 6-гIа де – тIеман историн терахь ду, толаман де а ду, амма суна, сан берийн да вайна, тхан доьзале дан ца догIу вуон деана де ду хIара. ХIора шарахь сан кIенташа шайн дена тIера а, цу деношкахь кхелхинчарна а тIера сагIа доккху. Амма соьга тахана а ала ца ло, иза дийна вац, хIунда аьлча, цуьнан кошан барз ца хиларна.
Дагара ца долу суна, тIаьххьара цо берийн йургIанаш нисдар а, церан коьртах цо хьекхна куьг а, сахьте бIаьрг а тоьхна, шен итт минот бен хан йац йисина цо алар а. Цундела хирг хир ду-кх, 30 шо даьлча а сан деган цхьана декъо цуьнга сатуьйсуш хилар.
"И дерриг а кино йолуш санна хетара"
1996-чу шеран аьхка Лариса йуьртара Соьлжа-ГIала йахара хьехархойн институте деша хIуттуш, экзаменаш дIайала. Эвлара дIасалелара иза, даим а карахь ахча а ца хуьлура, цундела цо сацам бира Соьлжа-ГIаларчу шен гаргара нах болчахь саца. Цунна аьттехьа а ца моьттура, масех де даьлча гIаличуьра аравала ишта хила хир дуйла.
- "Грозненский рабочий" газети тIехь дийшира аса, хьехархойн институте деша дIаоьцуш бу аьлла, тIаккха ойла хилира сан а, деша йаха хьажа. Йуьртара охьайеара со гIала, экзаменаш дIайала. ТIаьххьара экзамен, со гал ца йаьллехь, марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь хилира тхан. Комиссин декъашхоша элира, цхьана кIиранчохь жамIаш хуар ду шуна. Ша и зама хала йара, аьттонаш бацара, цундела оцу кIирана, эрна хьала-охьа ца хехкайала, со Соьлжа-ГIалахь сецира сайн дейиша йолчахь. Марсхьокху-беттан Iуьйранна дейишас меттахйаьккхира со. ХIусама чухула дIасауьдура иза бераш шен сама дохуш, кара эцалург тIоьрмига чу а йуьллуш. Тхо Соьлжа-ГIалин йуккъехь Iаш дара. Со кхеташ йацара хуьлучух, дейишас элира цIенна бухарчу вай ларми чу охьадиса деза аьлла.
Ларми чохь гулделла дуккха а адам дара. Цхьаберш доIанаш деш бара, бераш доьлхура, арахь тIетаьIIина тIейетташ хезара. Тхо ца кхетара, хилларг хIун ду а, и меллалц лаьттар долуш ду а.
Цигаьрка оза араваьллачу минотехь кхеттачу даьндарго вийнера иза
Цхьа хан йаьлча луларчу цIа чуьра цхьа стаг кхечира тхан ларми чу. Цо элира, тIемалой чубаьхкина гIала, цара болийна тIом бу. ХIара дIадахлур долчух тера ду, тийналла хIоьттинчу заманчохь, шайна кхалла-мала оьшург схьаэца, хьаладовла мегар ду.
Ишта кхо де даьккхира оха ларми чохь. Цкъацкъа жимма тийна хуьлура, амма кест-кеста йуха а герзаш деттара. Цхьана хенахь сан дейишин аьтто белира петар чуйахна, кхалла хIума кечйина, тхуна чуэца. Амма хи а, йуург а тоаме йацара, амма бакъду тхоьца мел хиллачара вовшашца дакъа дора шайгахь йолчуьнца. ЧIогIа тов лаьттара чохь, садоIийла йацара. Нах шайн ма-хуьллу собаре Iара, амма чIогIа ирча хьал дара и.
Нийса кхо де даьлча, тхоьга элира коридор схьайиллина, гIаличуьра арадовла мегар ду. Тхан уьйтIа йаккхий машенаш йаькхкира, цкъа хьалха бераш, баккхий нах, цул тIаьхьа тхо а цу тIе хьала а девлла, цкъа хьалха Iалхан-Йуьрта, цигара йуьрта дIакхачийра тхо.
Амма хIетахь суна гинарг цкъа а дицлур дац суна. Тхо ларми чуьра арадевлча, тхан уьйтIахь дуккха а Iохкуш декъий дара. И сурт гина со, саццанза йоьлхура, моьттур дара и дерриг а кино чуьра хIуманаш ду, амма иза боккъала а дерг дара. Сан дахарехь сил лазаме киртиг кхин тIехIоьттина йац суна. Тхана и дагалоьцуш а, кийрахь вота йу сан йетташ.
Со цIа йеанчул тIаьхьа, цхьа кIира даьлча хир ду и, Соьлжа-ГIалахь беллачу нехан декъий цIа кхоьхьура. Де-дийне дуккхаъчу нехан цIераш йохура. Байъинчарлахь суна бевза нах а бара, масех вара тхан эвлара а.
Цхьа хан йаьлча, сан дагах кхеташ, кхин цхьа адам а даларх лаьцна дийцира соьга. Луларчу эвлара, сан чIогIа безам болу цхьа жимстаг а велла хиллера Соьлжа-ГIалахь. Ларамза йеана даьндарг кхеттера цунах, лармичуьра цигаьрка оза дагахь, иза уьйтIа ваьллачу минотехь.
Аса ларми чохь а, гIаличуьра арадовлучу заманчохь а лайначу кхерамца доьзна ца Iаш, сан оцу денца болу дагалецамаш хир бу-кх оцу дийнахь байъинчу нахаца боьзна а.
"Тхо тоьлур ду аьлла, тешна дара тхо"
Нохчийчохь дуьххьарлера тӀом болабеллачу хенахь Якъубан 22 шо дара, амма тӀеман мах хӀинцале а хаьара цунна: Советан Эскарехь гӀуллакх дина вара иза, чевнаш а хилла, Соьлжа-ГIала йухавирзинера иза цу хенахь. Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь хиллачу хиламашна дуьхьал воьдуш, зеделларг долуш тIемало вара иза.
ХӀетахь иза тешна вара, оцу операцино тӀом дӀаберзор бу, марша а, маьрша а дахар хир ду кхин дIа аьлла. 30 шо даьлча а, цу толаман синхаам а, и маьрша дахар ган ца баьхначу нехан йаххьаш а къеггина дуьхьал лаьтта цунна.
- Со Соьлж-ГӀалахь вина а, кхиъна а ву. Тхан талламан-диверсин тоба дукхахдерг гӀаларчу берех лаьтташ йара, цундела тхо массо а хенахь бохург санна гӀалахь дара.
1995-чу шеран бIаьста дуьйна хаьара тхуна, йоккха операци кечъеш йуйла. Заздоккху-бутт тӀекхачале муха-хIун хир ду хьовсуш, цхьа шатайпа разведка йина дара тхо.
Цундела и операци хир йуйла хаьара тхуна хьалхе дуьйна, амма билггал маца хир йу, ца хаьара. Марсхьокху-беттан 5-чохь оха дIалецира тхайн позицеш, ткъа буьйсанна чудахара. Iуьйранна 6 сахьт даьлча операци йолийра оха. Тхо кхетара, операци шуьйра хир йуйла, амма тхуна цхьанна а ца хаьара, ишта маса иза йоьрзур йуйла, бертан дийцаршна куьйгаш йаздийр дуй.
Амма шеконаш йанне а йацара тхан, оьшур ду аьлла. Тхо тхешан цIахь, тхешан лаьтта тIехь дара, цундела тхешан толамах а ишта тешна дара тхо.
Тхо къона дара: цхьаберш хIинц-хIинцца зударий балийна бара, цхьаберш нускал далон дагахь бара. Амма тхуна массарна а луург цхьаъ дара: тIом чекхбаьлла, маьрша тхешан пачхьалкх йилла, болх бан, доьзалш кхолла, бераш кхион. Тхуна моьттура, цул тIаьхьа дахар дика дIанислур ду, маьрша мохк а хир бу.
Со тешна ву, цхьана дийнахь сан даймохк маьрша хир бу аьлла
ХIетахь соьца тIом бина хилла дуккхаъ а хилла сан доттагIий, тахана боцуш бу. Уьш тIамехь эгна.
30 шо даьллачул тIаьхьа и денош дагалоьцуш, со кхета, мел кхечу кепара бара тхан хиндолчух лаамаш. Тхо тешна дара, Соьлжа-ГIала йуха меттахIоттор а йу, дахар а дIанислур ду аьлла. Амма гIенах а дагахь дацара тхуна, шераш девлча Iедалан коьртехь и нах хир бу, Нохчийчоь йуха а Оьрсийчоьнна буха гIур йу аьлла.
Суна мархьокху-беттан 6-чу дийнахь дIайаьхьна операци боккха толам бу. Кхиаме операци йара и, Оьрсийчоьнна дина дика тохар а дара. Со тешна ву, мел дукха зама йаларх, Кавказан тIом боьдучу хенахь Воронцов Михаила ДаьргIана дина тIелатар а санна, кху операцих лаьцна а дуьйцур ду аьлла. Ишта болу хиламаш исторехь буьсуш бу.
ХIора дийнахь Iожалла лерга тIехьа хуьлура тхуна. ТIера бедарш дIа а ца йохуш, дуьйшура тхо, хIунда аьлча, мичча хенахь а тIамна кийча хила дезарна, мичча хенахь а тхуна гуо бан кхерам латтарна. Къаьсттина Iожалла хаалора хьуна операци дахначу хенахь, хьуна хьалхха хьан тIеман накъостий леш, чевнаш йеш гуш.
Сан иэсехь даимна а дисинчех цхьа хIума ду. Соьлжа-ГIалара арадевллачул тIаьхьа со йинчу чевнех дикка меттаванза вара. ХIетахь тхан позицеш Шелана а, Йоккхачу АтагIна а йуккъехь йара. Цхьана дийнахь тхан накъосташна-тIемалошан йуург хьочу берашца цхьаьна тIеман декъе вахара со, сайн доттагIий ган хьаьгна.
Позицешна хьалхха цхьа хаза аре йара. Цхьана хенахь шера, голф ловзу майда санна цIена йара и. Ткъа хIинца даьндаргаша, хIоьънаша даьхна оьрнаш гора цу тIехь. Суна дуьхьал вогIуш ву сан тIеман накъост, ши метар гергга дегI долуш вара иза. Салам дала бен ца ларий тхойша, оцу мIаьргонехь тIейетта йолий. Катоьхна со, кIорни санна хьарчийна, лаьтта охьа а вьуллуш, шен дегIаца дуьхьало йи цо суна. Цо динарг цкъа а дагара ца долу суна. Тхана а доттагIалла ду охашиммо лелош, кест-кеста телефонаш йетта, гар наггахь бен ца хилахь а. Суна хаьа, и де велла дIаваллалц сайн дагахь латтор ду аса.
Суна марсхьокху-беттан 6-гIа де- сирла де ду, тхешан толаман де а хета. Со тешна ву, цхьана хазачу дийнахь сан даймохк маьрша хир бу, тIаккха хIокху терахьо йоккха меттиг дIалоцур йу тхан рузмехь- Толаман де аьлла. И де билгал а доккхуш, даздеш дIахьур ду тIаьхьарчу тIаьхьено а.
"ТIамах дIа ца вулу хьо, тIамца ваха Iема хьо"
Университете деша ваха дагахь хиллера 1996-чу шарахь Руслан, цуьнан 17 шо дара. Амма экзаменаш лучу меттана, цуьнан дийзира чевнаш йина тIемало тIейеттачу заманчохь кIелхьараваккха. Иштта дуьйцу цо Соьлжа-ГIала схьайаккха Iалашонца тIом болийначу хьалхарчу сахьтех лаьцна.
- ТIамах дIа ца вулу хьо, тIамца ваха Iема хьо. Оцу аьхка 1996-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь мел а тийналла лаьттара, амма блокпостехь лаьтташ хиллачу салташа къаьркъа а молий, йуха а карладоккхура боьдуш тIом хилар. Къаьсттина буьйсанна тIейеттара. Лаьмнашкарчу меттигашкахь дукха хьолахь жигара хезара уьш.
Суна а гуш, цхьана тIемалочун ког баьккхира
Университете деша ваха кечлуш вара со, нийса дагадогӀуш делахь, стигалкъекъа-беттан 7-чу дийнахь хьалхара экзамен дӀайала дезаш вара со. Буьйсанна сахьт даллац экзаменна кечамаш беш хан йайъина, тIаьххьа дӀавижира со. Самавелира со лелхийтарш а, чӀогӀа герз детташ а хезна, тхан кертахь уьш кхуьйсуш санна хетара суна.
Тхо дехаш дара "Луч" туьканна уллехь, цигахь 15-гӀа тӀеман гӀала йара, цигахь куп тоьхна дара тайп-тайпана эскарийн дакъош. Хала дара къасто, муьлхачу агӀор [оьрсийн эскархошна] тӀелатар до, амма цара дуьхьал гонаха долчу массо а урамашка къастам боцуш герзаш деттара.
Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь ах де лоьчкъийлехь даьккхира оха, тхан цӀенна минометан снаряд а кхетта, тхов дӀабаьхьнера, тIаккха сацам бира оха, цигара арадовла. Амма муха?
Луларчу керташкахула дIа маьршачу ураме девлира тхо, цигахь цхьаболчу нохчийн тIемалошна тIеIиттаделира. Цара дуьйцура тхуна, муьлхачу меттигехь маьрша ду. Уьш иттех гергга вара, со кхетарехь, тӀеман гIалара арайала гӀерташ йолу бронеколоннаш совцо дезаш бара уьш. Массо а бахархоша гӀо-накъосталла дора царна: цара хи чу йоьхкина помидораш, наьрсаш кхоьхьура, шишанаш чохь хиш тIекхоьхьура царна. Шайн хIусамаш чохь кIело йе бохурш а бара.
Аса чIогIа дозалла дора оцу майра, доьналла долчу кIентех, оцу йуккъехула эхь а хетара суна, уьш кхузахь буьсуш бу, тхо Iалашдан, ткъа тхо кхин дIа довдуш ду, тхешан синош кIелхьардаьхна.
Стаг цкъа а кхочур вац шен лааме, цхьана хIумана иэшам бан Iаммалц: цкъацкъа хьолаца доьзна, цкъацкъа, нагахь йуьйцург маршо йелахь,- шен дахарца.
"Суна шуьца виса лаьа", - элира аса шовзткъа шо хила тарлучу, лекхачу дегIехь, векъна волчу цхьаьнга, суна хетарехь, церан командир вара иза. Сан нанас куьйган голана тIера схьалецира со: "Ахь хIун йуьйцу?" аьлла. – "Со царах дIакхеташ ву, нана, паника ма йаккха", - жоп делира аса.
Оцу командиро со йуьстах ваьккхира, соьца къамелдан дагахь. Цхьа философин къамел дацара и, доцца элира цо: бохура, хьайн хьалхарчу тIамехь хьо хIинцале а тоьлла, ткъа хIинца шега ладогIа деза ахьа, зударшна а, берашна а, къаношна а кхераме йоцчу меттигашка дехьабохуш гIо дан деза ахь аьлла.
Тхо дӀасакъаьстачу заманчохь, минометаш йетта йолийра. Командиро мохь беттара, хIоранна а дан дезарг хьоьхуш: "Охьадийша! Лоьчкъийле довла! Коьртеш ларде" бохуш. Суна а гуш, цхьана тIемалочун ког баьккхира, жимма лазийра со а, цунна итт метар генахь хилла волу. Оха лазийнарг цхьана цӀийнан керта дӀатакхийра, цигахь тхуна йукъахь Ӏилма долчу наха цуьнан чов йина меттиг жгутца дIайихкира. Ирча сурт дара и, лергаш чохь потт хIоьтттина, масех минотехь хӀумма а ца хезаш лаьттира со.
Суна марсхьокху-беттан 6-гIа де- бекхам баран а, толаман а де ду
Буха бисина салтий тIеман гӀали агӀор дIахьаьвдира. Тхуна хезаш дара командира рацичухула цхьаьнга колонна йоьдуш йу бохуш, дуьйцуш. ТӀаккха ведда тхуна тӀе а веана (тхо хӀинца а цхьана нехан цӀийнан кертахь дара), салти кхечу тобане дIакхачо гӀо дан деза элира цо. Маса и лазийнарг тIевилла носилкаш кечйира оха, болчу ницкъашца, тIаккха хаддаза детташ герз доллушехь, оцу йуккъехула билгалъяьккхинчу метте, вовшашца хийца а луш, дӀавигира оха лазийнарг. Кхетамчохь вацара иза...
1997-чу шеран марсхьокху- бутт бу, со йуха а Соьлж-ГӀаларчу университете деша ваха кечлуш ву. ГIала маьрша йаьккхина шо кхачарна лерина цигахь кечбеш барамаш а бара. Иштачу гIуллакхашна йуьстах ца Iийна со цкъа а, тоххара а, хIинца а хета суна- и хIора а маьршачу нохчочун декхар ду аьлла.
Майданна йуккъехь, оцу дуккхаъчу нахалахь, сан бIаьрг кхийтира оццу командирах. Цунна тIевахна, аса салам-маршалла хаьттира цуьнга. Цуьнан хазахетаран доза ца дацара!
Со къевллина мара а воьллина, куьйг лаьцна дIатакхийна, чIогIа гоьбевллачу командирашна тIевигира со. Цаьрга салам а далийтира соьга. ТIаккха гIалина арахьарчу, шаьш куп тоьхначу меттиге дIавигира цо со, суна совгIат дан. Эскархойн трофейн урс делира цо суна.
Уьш хьаха бара ша бакъболу турпалхой, ткъа марсхьокху-беттан 6-гIа де суна – бекхаман а, торламан а де хилла дIахIоьттина!
- Соьлжа-ГӀала схьайоккхуш тӀом лаьттира 1996 шеран марсхьокху-беттан 6-чу дийнера 22-чу дийне гергга. Масхадов Асланан, Яндарбиев Зеламхана, Исмаилов Асланбека, Закаев Ахьмада, Гелаев Руслана, Умаров Докус, Басаев Шемала а, кхинболчу Ичкерин хьалханчаша а буьйралла деш хиллачу дакъоша Соьлжа-ГIалахь йукъайерзийнера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан эскаран тоба. Цара йухатоьхнера церан дакъош. 1996 –чу шеран марсхьокху-беттан 31-чохь куьйгаш йаздира Хасав-Йуьртан бертана. Цул тӀаьхьа чекхбелира Нохчийчохь хьалхара тӀом. Марсхьокху-беттан 6-чу дийнера 22-чу дийне кхаччалц Соьлжа-ГӀалахь хиллачу тӀеман тийсадаларшкахь, Оьрсийчоьнан хьостанаша дийцарехь, 494 тӀеман а, полицин а белхахо вийна, 1407-нна чевнаш йина, кхин а 182 тӀепаза вайна.
- Марсхьокху-беттан 5-чу дийнахь Австрехь а, Германехь а, Полшехь а, Францехь а нохчийн диаспорин векалша митингаш дӀайаьхьира "ДжихӀад" операци йолийна шо кхачар дагалоцуш. Ичкерин байракхаш а, федералан ницкъашна дуьхьало латтийначу нохчийн турпалхойн суьрташ а дара гулбеллачийн карахь. Цаьрца цхьаьна Украинера жигархой а бара, шайн мехкан а, Аьтто Секторан а байракхаш а йохьуш баьхкина.