ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь дрифт-шоу йоьдуш машенах цIейаьлла. Хетарехь, Кадыровн 17 шо долу кIант хилла цу чохь


Соьлжа-ГIалара дрифт-шоу. 2024-чу шеран стигалкъекъа-беттан 19-гIа. Кадыров Рамзанан инстаграм-аккаунтера видеон скриншот
Соьлжа-ГIалара дрифт-шоу. 2024-чу шеран стигалкъекъа-беттан 19-гIа. Кадыров Рамзанан инстаграм-аккаунтера видеон скриншот

Нохчийчуьра "Крепость Грозная" автодромехь автомобилан шоу йоьдучу хенахь цхьахйолу машен йаьгна. Хетарехь, цу чохь хилла 17 шо долу мехкан урхалхочун кIант Эли Кадыров (ишта олу цунах Iела а, Зеламха а)

Дахначу мукъаденошкахь хIоттийнера шоу, цунах лаьцна шен инстаграмехь дийцира Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхира, дерриг а кхерамзаллин барамаш ларбеш вовшахтоьхна дара, цхьанна а хилла зен дац аьлла. ШолгIа йаржийначу видео тIехь гуш йу йеза машен, цуьнан чкъургаш йогу – йаьллачу цIаро дIалецира машенан тIехье, цул тIаьхьа цIе дIайов. Оцу мIаьргонехь Кадыровс олу, "Элин машен йу йогуш". Иштта цо билгалйаьккхина оцу публикацихь кIентан аккаунт.

Йогучу машенан сурт хIоттийна зорбанехь Кадыров Элис ша а. Цу бухахь цо билгалваьккхина махкара туризман министр Байтазиев Муслим, хаьттина цуьнга, ралли вовшахтоха маца дагахь ву иза аьлла. Байтазиевс жоп делла, цу тIехь болх беш ву ша, "гIо лоьхуш" ву аьлла.

Эли воцург а, Кадыровн постехь иштта билгалйаьккхина Patron ник йолу аккаунт. Зорбанехь йаздарехь, дрифт Iамон автопарк йу цуьнан долахочун, цо кест-кеста тематикан цхьанакхетарш дIахьо – оцу йукъанна шен сурт ца хIоттадо цо. Хетарехь, цуьнан йолчух тера ду йогуш хилла машен – цуьнан суьрташ тоххара а дара цуьнан аккаунтехь, ткъа машен йогуш гойтучу видеона бухахь йаздина цо "Сан ахча схьада". Оцу машенан урхалла дийриг хиллий Кадыров Эли, йа кхин стаг хилла, йа Кадыровн кIант пассажир санна хилла цу чохь билггал хууш дац- шоухь дакъалоцучара шайн йаххьаш лечкъийна цара туьтмIаьжгашна бухахь.

Йуьйцу машен йу BMW M3 G80 – керлачу машенан мах 8 миллион соьма тIера бу, цуьнан комплектацига хьаьжжина. Билгала ду, Соьлжа-ГIалара BMW-на тIехь европахойн "A SENNA" номер хилар – бразилхойн машенаш хохкуш хила, Формула -1 чемпионатехь кхузза чемпион ваьллачу Сенна Айртонан безамна. Машенан бампер тIехь биссинчу кIурза тIехь билгалдаьккхина дара 209 терахь – инстаграмера Кадыров Элин никан дакъа ду и.

  • Стохка чиллан-баттахь Дубайхь 16 шо долчу шейх Мансуран цIарахчу батальонан кураторца, Нохчийчоьнан урхалхочун кхерамзаллин сервисан куьйгалхочуьнца, жимахволчу вешица Кадыров Адамца хаавелира Дубайхь машен хаьхкина воьдуш. Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн Iедалхойн сайтера хамца а догIуш, машен лелон бакъо йу вахархочун 18 шо кхаьчначул тIаьхьа.
  • Республикера боксан федерацин президент а, "Ахмат" спортан клубан" коьрта директор а хIоттийна Кадыров Iела кху шеран зазадокху-баттахь. Хетарехь, вуьйцург ву Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан 17 шо долу кIант. Куьйгаллехь оцу тайпа хийцамаш хилла зазадокху-баттахь, аьлла ду "Спарк" системехь.
  • 2022-чу шарахь Кадыров Iелас контрактана куьгйаздира ийначу кепехь латарийн Absolute Championship Akhmat (АСА) лигаца, нохчийн Iедалхошца йоьзна йу и. Оцу йоллу хеначохь дозанал арахьа Iаморашкахь хан йоккхуш ву иза, шен ден гонашкарчу нохчийн UFC-н латархочуьнца Чимаев Хьамзатаца. Цуьнан тренер лоруш ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG